ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа а вац оцу вирусах тешаш, и йоцу дела"


БуьритIехь Маршонан майданахь гулбелла полисхой а, протестхой а
БуьритIехь Маршонан майданахь гулбелла полисхой а, протестхой а


Коронавирусах цатешачийн БуьритIехь хилла митинг: COVID-I9 марсаер юй-те?


Ши кIира хан яра бохуш, хаамбо "Кавказ.Реалии" портало,опера локхучу артисто, блогеро, "Граждане СССР" боламан жигархочо Чельдиев Вадима мехкан бахархошка кхайкхамаш бен. Цо доьхура, Охан-беттан 20-чохь "йоцу вирус" бахьана долуш хIоттийначу изоляцин режимна дуьхьал "халкъан гуламе" довла бохуш.

ПIераскандийнахь лецира Чельдиев, амма цуьнан агIончаша оршотдийнахь хIоттийра митинг.

Шуьйра реконструкци йолийначу БуьритIерчу коьртачу Маршонан майдана кхача гIертара бахархой, амма дуьхьало ярна тIекхача аьтто бацара церан. Цундела майданна масех куп дехьа хIоттийра цара шайн митинг. Циггахь леца болийра нах а.

Дуьххьара, лаххара а, кхо стаг вара полисхоша лаьцнарг. Тахана хууш дац и акци вовшахтоьхначу Черкинов Рамисан а, Бесолов Арсенан а кхолламах дерг.

Ткъа жигархочо Габолаева Индирас социалан машанашкахь посташ язйора полицин декъера, административан протокол ду шена хIоттош бохуш.

ТIаьхь-тIаьхьа гулбевллачийн тобанаш коьртачу майдана кхача гIоьртира. ТIаккха къаьсташ шайн билламаш дIакхайкхийра цара: "Маьршаваккха Чельдиев Вадим!", "Битаров - дарж охьадилла" бохуш.

Митингхошна дуьхьал ваьллачу Къилба ХIирийчоьнан куьйгалхочуьнга ла а ца дуьйгIира гулбеллачара, шакараш йиттира цунна дуьхьал.

"Мичахь бу и цомгаш болу нах? Соьца цхьаьна дешначу йоьIан денана елира, ткъа цунна 100 эзар сом делира, иза коронавирусах елла олург", - дийцина "Кавказ.Реалиига" митинган декъашхочо, Пригородный кIоштарчу Ногир эвлан яхархочо Верас.

"Тхуна болх балар тIедожадо оха, тхайн баьпкана даца, лойша тхуна болх", - боху Ардонерчу Бокоев Олега.

"Тхо ‘гIуллакхазхой’ ("бездельники") ду боху, кхуза дахкарна, - дуьйцу Албегов Хетага.

"Дан хIума цахиларна даьхкина ма дац тхо кхуза, ишта кхин дIа тхаьш Iалуш цахиларна гулделла ду. Тхо муха дехар ду рицкъ ца хилча? Битаровс кхетаве-кх со! ШолгIа кIира ду сан бераш деккъа бепиг дууш, хене дуьйлу! Хьаькамаш бара ишта охьаховшо безаш", - мохь туху гулбеллачарлахь цхьаммо.

Оцу юкъанна Маршонан майдана гонах бIеннаш машенаш яра. Царна тIехь баьхкинера протестхой. Йовхо бахьана долуш майданарчу цхьаболчу нахана вон хиллера.
Эххар а сацам хилира, гулбеллачарлахь цхьа инициативан тоба вовшахтоха, паргIатехь мехкан урхалхочуьнца къамел дайта Iалашонца.

Бакъду, хиллачу дийцарийн жамIаш ца тайнера митингхошна:тобан векалша дехар дира адамашка, дIаса а дохий, проблема ерзорехь болх болабе аьлла. Ткъа бахархоша тIедожийра кхин керла тоба вовшахтохар.

​"Шуна гирий, Битаров маска йоьхна ма вацара, - элира протестхочо Албегов Хетага. - Цхьа а ма вац оцу вирусах тешаш, хIунда аьлча, ян ма яц иза. Нахе ю бохуш, чIагIонаш муха йийр ю, ткъа ша маска а ца лелош?".

Майданахь гулбеллачарлахь дукхахберш масканаш а йохказа, куьйгах каранаш а доцуш бара. Цул совнах, бевза-безарш вовшашна тIекхаьчча, "вежарша санна", мар-мара а кхеташ, маршалла хоттура.
Республикан санитаран коьрта лоьро Тибилов Алана бахарехь, ун даьлларш тIейогIучу заманчохь совбийла куц ду.

"Кхераме ма ду хIара. Тобанашкахь гулбелла, лаьтта уьш, масканаш а йоцуш. Хила тарло уьш ун даьлларш. Уьш цхьана а хIуманах тешаш бац. Суна хетарехь, масех де даьлча Iаламат дукха хир бу вайн махкахь коронавирусан ун кхетта нах", - дуьйцу Тибиловс.

"Пандемиян хьелашкахь эзарнашкахь нах майдана кхайкхар, суна хетарехь, зулам ду. Массарна а ун даьржаш, доьрзур долуш гIуллакх ду иза. Меллаша а йоцуш, маса эккхийта биологин бомба юьйлина цара. Халкъан бакъо ю, ара а даьлла, шайна луучух дIахьедан бохуш, маьршачу заманчохь хьалха бийлинчех ву со. Амма хIара митинг вовшахтоьхначара ХIирийчоьнан къомана хьалха дина зулам ду", - аьлла "Кавказ.Реалиига" меттигерчу "Основа" сайтан редакторо Тотров Руслана.

Регионан куьйгалхочунна Битаровна зене а ца йолуш, юьсур юй-те акци? Тотровна хетарехь, шен гIантахь виса там бу Битаров: "Оьрсийчоьнан Iедалан вертикалехь дац, халкъо дарж охьадилла аьлла, тIедожийначу губернаторна таIзар деш. ХIунда аьлча, регионашкахь бахархойн карахь цхьа хIума ду аьлла, чIогIа кхераме прецедент кхоллало тIаккха.

Делахь а, Къилба ХIирийчоьнан Iедалхошна гIайгIане тIаьхье хир яц а олийла дац. ХIумма а дийр дац аьлла, тешам алсам бу сан. Беслан дагалоцу ас: оцу гIишлочуьра Дзасохов Александр араэца нах кийча боллушехь, кхин а масех баттахь урхаллехь витира иза. Халкъаца йолчу шен юкъаметтигашкахь эгIазалла гойтур яц федералан центро".

Суьйранна ялх сахьт долучу заманчохь ОМОН-о майданара дIадохийра адам. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Скоков Михаила, мегафонах пайда а оьцуш, омра дира - лерина гIирс лелон мегар дац аьлла. ОМОН-нна дуьхьало ечарна чхьонкарш еттара. Делахь а каде бара митингхой, ницкъахошна тIулгаш лестадора цара. Эххар а аьтто белира протестхой дIасабохо. Бара лецнарш а.

Цкъачунна официалехь хаийтина дац, маса стаг ву церан каравеанарг, амма "Кавказ.Реалии" порталана церан хьосташа дийцарца, мел кIезиг а, 65 стаг ву лаьцнарг. Ишта хаамбарехь, шина ницкъахочунна чевнаш хилла.

"Коронавирусан катастрофа" хир ю митингех аьлла, тешна ву меттигерчу Роспотребнадзоран куьйгалхо Тибилов Алан. "Эзарнашкахь цхьана меттехь гулбелла нах бахьана долуш COVID 19 марса ца яла йиш яц", - элира цо "Кавказ.Реалиига".

Ткъа Битаровс дIахьедина, "республикехь таро йоцчу нахана а, пандемияна тIехула балхах бевллачу нахана а социалан гIо латтор ду" аьлла.

Талламан изоляторехь вуьтур ву шина баттана ковид-диссидент Чельдиев Вадим. Иза бехкевина, коронавирусех лаьцна фейкаш яржорна а, полисхочунна тIелатарна а.

Лаьцначун адвокато Кульчиев Батраза хаам бира, протест еш, Чельдиевс беттан 20-чохь дуьйна мацалла кхайкхийна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG