ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоь: бомбанаш йиттинчеран латкъамашна жоп ца делла


Иллюстративан сурт
Иллюстративан сурт

Нохчийчуьрчу Элистанжахь 1999-чу шеран ГIадужу-беттан 7-чохь кеманашца бомбанаш йиттина, зенаш динчу 70 вахархочун аьрзнаш тIеэца йиш йоцуш ду аьлла, дIахьедина Европерчу адамийн бакъонийн кхело,яздо "Кавказ.Реалиино". Iазап лайначийн латкъамаш юха а листийта дагахь бу бакъонашларъярхой Оьрсийчоьнан кхелашкахь.


2006-чу шарахь Элистанжарчу бахархоша гIо дехна "Iазапна дуьхьало латто Комитет" ю церан гIуллакх лелош. Организацин зерашца, Оьрсийчоьнан ХIаваан-тIеман кеманашца динчу тохаршкахь 35 маьрша вахархо вийра, 60-нна чолхе чевнаш йира, дара царлахь 14 шаре довланза бераш а цхьана. Дохийра юьртахойн цIенош, иштта меттигера школа а цхьана.

Бомбанаш еттаран хьокъехь бехкзуламан гIуллакх айдира 2000-чу шеран ГIура-баттахь. Нохчийчуьрчу Ведана кIоштан прокуратурано юьхьанца гIуллакх талла а долийна, эххар а дIакъевлира.

Бакъонашларъярхойн аьтто хилира 2007-чу шарахь и гIуллакх юха талла даккха. Амма гIуллакх гена ца доьдура, юкъахдохура толлучуьра, ткъа латкъамаш бича - юха а листа доладора.

2010-чу шарахь тIеман прокуратуре делира дов эххар а. Ткъа 2014-у шарахь оцу гIуллакхан материалаш къайлаехира прокуратурано.

2011-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонийн кхеле бевлира бакъонашларъярхой. Элистанжарчу 70 вахархочун интересашкахь "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" юристаш декхаре хилира Страсбургерчу кхеле арздан, хIунда аьлча, Оьрсийчохь талламбар эвсаре ца хуьлура.

Иштта, бакъонашларъярхоша бахарехь, 28 Элистанжара вахархо Оьрсийчуьрчу кхелашка ваьллера, жим-тIама компенсацеш а елира царна. Масала, беллачийн гергарчарна цхьацца миллион сом дIадалар тIедожийра кхело. Ткъа чевнашца биссинчарна 200-400 соьмаш кхачийра.

"Тасуев а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал" аьллачу гIуллакхан хьокъехь 2020-чу шеран Мангал-беттан 16-чу дийнахь Европан кхел бинчу шен сацамехь а тIетайна Оьрсийчоьнан Iедало бохучунна. Кхеле бовла низамашкахь хилла 6 бутт хан тIехъялийтина бахархоша, цундела арз луьстийла дац.

Бакъду, Тасуева Анисатан хьокъехь ЕСПЧ-н кхело тIечIагIдина, Европан конвенцин цхьа дакъа - кхачо йоллуш, эвсара Оьрсийчоьнан Iедалхоша цуьнан гергара нах байарх долу гIуллакх теллина цахилар. 15 000 евро компенсаци хIоттийна Тасуевана. Ткъа биссинчу 75 Элистанжарчу вахархочунна дуьхьало йина Страсбурган кхело.

Суьдхоша билгалдаьккхина, Элистанжахь 1999-чу шарахь бомбанаш еттарна а, 2011-чу шарахь кхеле бовларна а юкъахь 11 сов шо зама яьлла. Оцул хан юкъайолийтарна ша-шах хеттарш хIуьтту, ларъян еза ялх беттан хан цара ца ларарна. Оцу тIехула, кхело къасторца, латкъамаш бинчу массара а, Тасуева ца лерича, талламан органашца цхьана а кепара контакташ латтош ца хилла.

"Къизаллашна дуьхьалояран Комитетан" дуьненаюкъахь лелаш йолу бакъо Iалашъяран декъан куьйгалхочо Садовская Ольгас "Кавказ.Реалии" портале дIахьедина, хIинццалц Оьрсийчоьнан кхелашкара компенсацеш даха аьтто цахиллачийн, таро хIинца а йолуш ю аьлла.

"Цара лучу ахчанан барам ледара бац, мел а адеквате бу ала тарло. Тхайн ма-хуьллу гIо латтор ду оха искаш чулуш а, кхелашкара компенсацеш яхарехь болх беш а. Амма ЕСПЧ-н кхеле оцу гIуллакхца кхин дIа довлийла яц", - аьлла, тIетоьхна Садовскаяс.

Цо бахарехь, талламчаша дIахьедина, гIуллакхан материалаш 2007-чу шарахь яьгнера, ткъа 2011-чу шарахь бен ницкъ ца кхаьчна уьш юхаметтахIиттон.

"Оха дозанаш ца дохийнера формалехь аьлча, рогIера сацам бинчул тIаьхьа ялх беттан хан ларйина яра. ГIуллакхан материалаш 2007-чу шарахь яьгначул тIаьхьа, меттигерчу кхелех тхан тешам бан безаш мIаьрго хIоьттинера аьлла, лерина суьдо. Ткъа оха ладоьгIура материалаш юха вовшахтохаре, тхан тхайн ладам боллуш аргументаш ма яра. Амма кхело цхьа кхечу агIор мах хадийна церан", - боху "Iазапна дуьхьалояран Комитетан" векало.

Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин (ООН)адамийн бакъонашкахула йолчу Комитете бовлар а хьехадо бакъонашларъярхоша.

Билгалдоккху, "Iазапна дуьхьалояран Комитете" бевллачу элистанжхоша чIагIдо, шайн юьртахь тIемалой а, я тIеман объекташ а яцара бохуш. Бомбанаш еттачу дийнахь маьлхан де а дара, Оьрсийчоьнан эскархошна гойла дара, лаьтта тIехь дерг боху цара.

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро тIечIагIдина, байинчарлахь 14 шаре довланза кегийн 10 бер хилар (7 кIант а, 3 йоI а).
15 шарера 60 шаре кхаччалц 17 стаг хилла, шайлахь 10 боьрша стаг а, 7 зуда а йолуш. 61 шерашкара ваьлла 7 вахархо а хилла (3 стаг а, 4 зуда а). Йийначу цхьана зудчун хан билгалъяккха аьтто ца хилла.

Элистанжарчу хиламех Нохчийчуьрчу Iедалхойн хIинца йолчу позицех хууш дац. Бакъду, 2009-чу шарахь Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис Талламан Комитете дехар динера, "зулам дина нах билгалбаха аьтто ца кхаьчна" аьлла, гIуллакх листар юкъахдаьккхинчу заманчохь, Элистанжахь нах хIаллакбар юха таллахьара аьлла. Маьршачу нахана бомбанаш йиттина зуламхой къайлабахьар ду аьллера Нухажиевс, талламбар юкъахдаккхар.

"Кавказ.Реалиин" корреспондентан аьтто ца баьлла Нохчийчохь адамийн бакъонаш Iалашъян векал йинчу офисера оперативан комментарий эца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG