Крутов Марк, Маршо Радио, Оьрсийн сервис
Вуьйцург ву Украинан парламентехь депутат лаьттина а, лаамехь тIом бан вовшахкхеттачу "Азов" батальонан буьйранчин гIовс хилла а волу Мосийчук Игорь. 2017 шарахь иза вен гIоьртира: ГIадужу-беттан 25-чу дийнахь Украинерчу "Эспрессо TV" телеканалан цIенна хьалха молханах юьйлина мопед а оьккхуьйтуш, лазийра иза, велира уллехь нисвелла ши стаг. Украинан лерринчу ницкъаша билгалваьккхира зулам дина кхо стаг.
Венехь вийначу Умаров Анзора (бакъйолу цIе – Мамихан) чIагIдора, шега байъа аьлла къастийначу Кадыровн критикашлахь Мосийчук а вара, бохуш. Шега хIаллакдайта билгалдаьккхина кхин ши адам а ду, бохура Умаровс: Украинерчу Донбассехь сепаратисташна дуьхьал тIом бинчу Дудаев ЖовхIаран цIарх йолчу батальонан буьйранча Осмаев Адам а, цуьнан зуда Окуева Амина а. Осмаев Оьрсийчуьрчу Iедало официалехь бехкевира Кадыров Рамзан а, Путин Владимир а вен гIоьртина аьлла. Осмаевна а, Окуевана а шозза йира ден кIело. Юьхьанца, 2017-чу шеран аьхка, нохчочун Денисултанов Артуран аьтто ца белира шен "декхар" кхочушдан, иза лецира, тIаьхьо, Украинан бIаьхой Оьрсийчоьнан эскархой хуьйцуш, дIавелира Москвага. Ткъа шолгIа йинчу кIелонехь, оццу шеран ГIадужу-баттахь йийра Окуева Амина, йина чевнаш а йолуш, дарбан цIийне кхачийра Осмаев Адам. Иза нисделира "Эспрессо TV" телеканална хьалха Мосийчук лазийна пхи де даьлча. Умаров Анзора чIагIдора, Окуева а, Осмаев а юьхьанца ден нах арабаьхнарг вара, Кадыровн ханехь а Iийна, ша Европе дехьаваьлча, Кадыровс адамашна тIехь гIело йо, дуккха а зуламаш дина, бохуш, официалехь леткъаш лелла Исраилов Iумар 2009-чу шарахь Венехь вейтина воллу стаг.
2020-чу шеран бIаьста Украинехь лецира оцу пачхьалкхан Кхерамзаллин урхаллера инарла Шайтанов Валерий. Iедало бечу хаамца, 2013-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан шпион хилла цунах, дакъалаьцна цо Осмаев а, Окуева а хIаллакдан бечу кечамашкахь.
Осмаев а, Мосийчук а вейта, рогIехь нах арабаьхна Кадыровн го хьийзийла Умаров Мамихана ша хаийтира кхерамна кIел болучаьрга. Цо дийцарехь, зуламаш дайта киллерш арабаьхна хьийзарг вара Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам – Кадыров Рамзанан шича, цуьнан "аьтто куьг". (Делимханов Адаман шича ву Делимханов Iеламбекан, полицин эскарерчу "Север" батальонан буьйранча – оцу батальонехь гIуллакх дина бара гоьваьлла оппозиционер Немцов Борис вийнарш).
Умаровс Кадыровн гонца шен хилла "барт" вен везачу Осмаевна а, Мосийчукна а дIабовзийтича, ша Умаровс а, Мосийчука а бахарехь, Украинан Кхерамзаллин урхаллерчу хьаькамаша сацам бина киллерийн бенна хьалха шайн "ловзарш" доло, "декхар" кхочушдина, вен оьшучунна тIелетта, "болх бина баьлла" моттийта. Иштта гучубаккха гIерташ хилла Украинера къайлаха сервис Кадыровн гонера киллерийн маза. Амма цхьана муьрехь сецца Умаровца зIене юьйлучуьра Украинан къайлаха сервис, цундела Делимхановн векалшца юкъарло ша цхьамма лелон дезна Умаровн. Ткъа важа агIо хилла "киллерна" лундолчу ахчанах аванс (20 эзар доллар) дIа а делла Iаш. Шена "тешнабехк" барна цо кхерамаш тийса болийна Умаровн цIерачу гергарчарна. ТIаккха волавелла иза, шенна видеоблог а схьа а йиллина, киллершца йоьзна къайленаш нахала яха а, Кадыров Рамзанна лен а.
Мосийчукна хетарехь, "киллерша", шайна тIедиллинарг кхочушдеш санна, кепаш "кадыровхошна" хьалха хIитто йиллина Iалашо йоьхна Зеленский Владимир президент хIоьттича, Украинан къайлахчу сервисехь белхахой даржашкара дехьа-сехьа хийшо болийча.
Австрин къайлахчу сервисца а юкъарло лелийна Умаровс, цо ша деш хиллачу тоьшаллица. Амма иза сов бала кхаьчна а ца хьаьвзина Кадыровн оппоненташ Европехь хIаллакбан гIерташ хилар Умаровс дIахайитича. Ткъа Украинехь Умаров коьрта теш вара Окуева Амина ер толлучу гIуллакхехь. Цо Осмаев Адамехула а, Мосийчукехала а хаийтира Киеверчу ницкъашна шеца барт беш хиллачу Нохчийчуьрчу наха Осмаев а, Мосийчук а вен йолу Iалашо охьа ца йиллинийла. Вене иза волчу баьхкира Украинерчу полицин а, къайлахчу сервисан а векалш. Иза волчохь хилира ша Мосийчук а.
Умаров Анзор вер – иза Европера Кадыров Рамзанан критикаш "дIабахарехь" рогIера, йоьалгIа гIулч ю тIаьххьарчу шарахь. Берлинехь стохка аьхка вийна Нохчийчохь тIаьххьара тIом боьдуш баьчча хилла волу Хангошвили Зеламха. Кхушеран Iай вийра Францерчу Лиллехь Алиев Iимран, Кадыровн критик. Оццу баттахь Швецехь вен гIоьртира кхин а цхьа критик-блогер – Абдурахманов Тумсо.
Умаров Мамихан верца доьзна Австрехь лаьцна цунна герз тоьхнарг а, цуьнца цхьаьна зуламан декъахь хиларна шеконехь волу цуьнан цхьа накъост а. Хаамийн гIирсаша бахарехь, зуламхо ву Линц гIалахь ваьхна нохчо, 47 шо долу Ахтаев Сар-Iела. Маршо Радиона карийна цуьнан социалан машанашкара 5 сов агIо, цара гайтарехь, 2010-2013-чу шерашкахь иза ваьллина Харковрчу набахти чохь, герз лелорна. Мехкаршца гергарло тосучу сайтехь а ю цуьнан агIо, цигахь цо боху ша Харьковхь вехаш ву. Набахтера араваьлча, Киевехь ваьхначух тера ду иза, цигара дIавахана Австре. Ткъа кхечу версица, 2002-чу шарахь елла нисло Ахтаевна тховкIело Австрино.
Умаровс дIаяздина хилла ша, цо бахарехь, Делимханов Адамца дина къамелаш. Кадыровна критика еш болу нах байъарх лаьцна ду уьш. Царех цхьадерш даржийна Мосийчука оршоьтан дийнахь, цхьадерш - Оьрсийчуьрчу The Insider портало.
Маршо Радиона ехха интервью елира Мосийчук Игора. Цо дийцарехь, Кадыров Рамзанан нахаца бертахь ю Оьрсийчоьнан къайлаха сервис, цара юкъахь кечйо Кадыровна дуьхьал болу нохчий хIаллакбан кIелонаш. Экс-депутата дийцарехь, 2017-чу шарахь Украинера Кадыровн критикаш байъа кечлуш, оьккху коьчалш ГIирмера Киеве кхачийнарг ву ФСБ-н полковник Егоров Игорь ("Эльбрус"). Донбассан стигалахь 2014-чу шеран аьхка ракетица Малайзе доьду пассажирийн кема эккхийтинчу Оьрсийчоьнан эскархошлахь оцу эпсаран цIе ю йохуш.
Мосийчука бечу хаамца, Кадыров Рамзана ахча кхайкхийнера Умаров вуьйриг.
"Анзор вуно чIогIа оьшуш теш вара"
– Анзорера хьайга хьалхо кхаьчна аудиош йовзийтина ахь. Хьо иза вийна аьлла хазаро вахьийна ву а боху ахь, ткъа хууш дацара иштаниг нисдала тарлойла, цо дечу дIахьедаршка ладоьгIча?
– Суна хетарехь, Анзор верна гонах лела къамелаш цхьа кхечу, оьшуш доцчу хорша доьрзуш ду. Ас бохург хIун ду? Сан кхетамехь, Анзор вуно чIогIа оьшуш теш вара, цо йовзуьйтура Европехь а, Украинехь а Кадыровн гоно нах баъйа кхоьллина зIенаш. Соьгахь ю аудиош, Анзора елира уьш соьга, ю уьш Австречу а, Украинерчу а низамхошкахь а. Шайн къамелашкахь Кадыров Рамзанан го бу мехах нах байъарх лаьцна барт беш, со вер а, Осмаев Адам вер а, Окуева Амина ер а, Абдурахманов Тумсо вер а, кхиберш байъар а ду дуьйцуш.
Стенна елира Анзоран интервью "Свободный" телеканалехь ара? [Анзор а олура Умаровх – ред.] Дера елира, со а, кхиберш а байъа гIерта Кадыровн го, аьлла, Анзора шайга дийцциншехь, Австрерчу ницкъаша Украинерчу шайн коллегашка хIумма а хаийтина дацарна. Цундела догдаьллера цуьнан Австрерчу низамхойх.
Цу тIе, Украинерчу къайлахчу сервисо а Iораяьккхира шозлагIа а со вен Нохчийчоьнан куьйгалхочун гоно хIоттийна Iалашо, цо цуьнга ша къастийначу "киллере" дIадалийтира ахча – со вийча лундолчу ахчан дакъа. Оцо тешам байъира Анзоран Украинерчу ницкъех. Цундела цо дийхира соьга, шена журналисташца къамел дан лаьа, уьш лахахьара, аьлла. Со Европерчу журналисташца барт бан вуьйлира, амма суна бевзачара сов тIех дахдира и гIуллакх. ТIаккха Анзора элира соьга: "Украинерчу журналисташца къамел дича хIун дара-те? " Ас боху: "Гой хьуна, Анзор, Украинехь массо а телегойтийлаш олигархийн долахь ю. Хьуна лаахь, сан накъостий бу YouTube-канал лелош, хьалха журналисташ хилла а болуш, цара дика дIасабаржабо хаамаш, цаьргахула а мегар дара дерг довзийта". Цо боху: "Ишта а мега". ТIаккха ас вовзийтира иза сайн накъосташна. Иза цаьрца цхьаьнакхийтира Словакехь, со вацара цаьрца. Цара интервью ийцира Анзорера – цуьнан ши дакъа шуна гина, кхозлагIниг гайта кечдина а дац цкъачунна. Ца кечйина, Анзора ша Америкерчу дипломаташца, цигарчу журналисташца вовшахтохар дехна хиларна. И дерриг а кечдеш дохкура тхо – Американ векалшна хаийтича, Европера, Украинера нах байъар соцур ду моьттура цунна. Цундела ца гойтуш сацийнера оха интервьюн кхоалгIа дакъа. Оха иза кечдийр ду, Анзоран сий деш, хоуьйтур ду Европехь нах муха бойъу. Иза уггаре хьалха, Украинерчу наханчул а сов, ган оьшу европахошна.
Цунна хаьара ша кхерамна кIел воьдийла
Шеко а йоцуш, кхетара иза ша кхерамна бухавоьдуш вуйла. Ша еллачу интервьюн я хьалхарчу а, я шолгIачу а декъан Украинерчу бахархойн сов бала кхаьчна а ца хиларо ваьккхира Анзор шен блог кхуьллучу некъа тIе.
Нохчийчохь хьийзо болийра Умаровн гергарнаш – йиша а, нана а. ТIаккха элира Анзора: "Ас дуьйцур ду сайна мел хуург, сайна тIеберзор бу тидам, тIаккха, хетарехь, Iадбуьтур бу цара сан гергарнаш".
Цул тIаьхьа а дира ас цуьнца къамелаш, Европерчу цхьана мехкан шахьарахь вовшахкхийтира тхойша, цо даима а тухура соьга телефон. Ша веле иттех де хьалха цо дийцира, Iедалерчу гонашца юкъарлонехь болчу наха телефон тоьхна шен зудчуьнга, аьлла: "Хьайна хьуо а, хьайн бераш а дийна дуьсийла лаахь, хадо деза ахь Анзорца долу гергарло, дийца деза иза халкъанна хьалха, тIаккха бен шу паргIат дуьтур дац". Оцу хьокъехь шен озаца дIаяздина къамел даийтира цо соьга, доьхура иза Украинерчу низаман урхаллашна дIадовзийтар. Иштта хезна суна цуьнан аз тIаьххьара.
"Со тешна ву, ФСБ-ца цхьана бу киллерш"
– Хьо вен гIортар дийцаре до вайшимма хIинца. Хьо стенна вен оьшура хаьий хьуна, "Эспрессо TV" телеканална хьалха вен гIортар Iорадаьллачул тIаьхьа, шозлагIа а вен нах арабахар хIун ду? Ахь Кадыровн суьрта тIе герз деттарна ду иза? Я ахь Донбассехь тIом барна ду иза? Осмаев Адаман а, Окуева Аминин а могIара хьо стенна хIоттийна?
– Ши бахьана ду. Цхьаъ – 2014-чу шарахь язйина йолу и видео. Ас и видео яьккхира Украинан эскархошна Донбассехь шайна дуьхьал тIом беш болу Кадыровн ницкъаш сов кхераме боцийла гайта – пропагандин Iалашонца. Царех баккъал а кхоьрура хIетахь, цара шаьш къиза гайтарна. ШолгIаниг – сан сайн политикан хьажам, сан кхетамехь, Украина Нохчийчуьрчу гIаттаман боламехьа хила еза, Нохчийчоь Оьрсийчоьнах паргIатъялар – иза Донбассехь Оьрсийчоь эшон оьшу мукъ бу, Оьрсийчоьне балур бац дуьненан шина агIор тIом. Ас цунах лаьцна официалехь дуьйцура, оцо оьгIазъоьхуьйтура Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо а, ша Рамзан Ахматович а.
– Муха хета хьуна, Анзора дуьйцу зуламаш а, хьуна еш хилла кIелонаш а юй Кадыров Рамзанера, я цуьнан гонера гIуьттуш?
– Ас иштта эр ду хьоьга. Со 100% тешна ву Кадыровн гонан а, Оьрсийчоьнан къайлахчу ницкъийн а юкъаралла хилла а, йолуш а хиларх. Ас ишта стенна боху аьлча, "Эспрессо TV" телеканална гергахь со эккхийта гIиртинчех урхалла ду деш Соьлжа-ГIалара. Сан ала бух бац, иза Кадыров ву, амма аудиошкахь луьйшверг Оьрсийчоьнан турпалхо, Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам ву. Цуьнан хьукматехь со верах болу барт кечбеш дакъалаьцна ФСБ-н белхахоша. Иза суна билггал хууш ду. Иштта хууш ду суна кIелонаш кечъеш Оьрсийчуьрчу инарлаша дакъалаьцнийла а, царех ву, масала, Егоров. "Аимбиндер" цIе лелош волу Оьрсийчоьнан ТIеман талламийн (ГРУ) урхаллера стаг веана Киеве со вен оьккху коьчал йохьуш. Киеве ван 500 гривнах кехат кечдеш дакъалаьцна цхьана меттигерчу вахархочо. "Аимбиндеро" шена тIерачу кетарх а йихкина еана оьккху коьчал Киеве. Мопед эккха кечйинарг лаьцна латтош ву Украинехь.
"Анзора даима а олура: ма теша нохчех"
– Анзор верца доьзна йолчу шеконца лаьцна стаг Ахтаев Сар-Iела - 2014-15 -чу шерашкахь дуккхаза а хилла Украинехь. Цуьнан социалан машанех тешча, Украинехь Ал-Раид олучу синбахамаллин центрехь болх а бина цо. Гиний хьуна цуьнан сурт? Цкъа вайний хьуна иза ша?
– Я хуьлура оцу центрехь, муфтий гар а нисделла. Оцу центре лелара Адам а, Амина а. Суна цкъачунна цхьа сурт бен ца гина, и стаг сайна цхьаьнхьа гича санна хета суна.
– Зуламхой Украинехь лехар хIун ду?
– Анзора даима а олура: ма теша нохчех. Иззза боухра ша веле ши де хьалха соьца къамел деш а. "Ма тешалахь нохчех. Ичкерехьа болучех а ма тешалахь. Уьш оьцуш, Кадыровс дала тарло 10 миллион а, 20 миллион а". Ма-хуьллу кIезиг контакташ лелае, олура цо соьга. Даима а олура соьга: "Цхьана Осмаев Адамца бен ма леладе гергарло. Цуьнца а, цуьнан деца а лелон мегар ду хьуна юкъарло. Хьуна тIаьхьабевлла лелаш бу хьуна".
–Денисултанов Артур, "Динго", Окуева Амина а, Осмаев Адам а ден гIоьртина киллер, Оьрсийчоьно лецна хиллачу эскархойх хийцар муха хета хьуна?
– Нийса ца хета. Соьга хаьттича, кхел ян езара цунна, тIаккха мегар дара хийца. Делахь а иштта бу хилла политикан сацам. Ала дашна, "кадыровхой" ФСБ-ца цхьана буйла гойтуш ю Дингон истори а. Хийцина нах массо а карантине ховшийра Оьрсийчу дIабигича, лоьраш хьовсийта, къамелаш цаьрца дан совцийра ФСБ-но, цхьа Динго воцург. Иза машена а хаийна, ма-виггара, кхачийра аэропорте, ткъа ши де даьлча, шен сурт хIоттийра цо машанашкахь Соьлжа-ГIалара. Хаийта: карантинна совцийначу нахах хьалхарниг арахийцира 5 де даьлча, цхьаберш – бутт баьлча.
–Кадыровн нахе вуно атта кхочушъяло нах бойъу Iалашонаш, Европехь а тIехь аьтто болу. Стенна ца хадаяло и зIе? Европехь, шайн цIахь санна ма лела и нах, зулам динчул тIаьхьа полицино лоьцуш-м бу уьш, бакъдерг аьлча…
– Соьга Анзора ши бутт хьалха элира, ша вийначунна 5 миллион доллар ду луш. Соьгахь йолчу информацица, и терахь кхуьуш дара хан хене мел йолу. Ас "торпедаш" шайх олу нах бу Анзор вийнарш. Царна хууш хуьлу шаьш леца тарлой а, Исраилов вийнарг санна, оьмар чекхъяллалц набахтехь кхаба тарлой а. Амма царна хаьа, шаьш бинчу "белхан" мах шайн гергарчаьрга дIалур буйла, цо белла дIабовллалц шен гергарнаш кхобур буйла. И тайпа "торпедаш" дуккха а хуьлийла ду. Нохчийн боцчу нахалахь а карабойла ду. Оцу пирамидин бохь бу – цо латтош ду киллерийн кочар. Европерчу мехкашкахь, Украинехь, дуккха а нах, нохчий а оцу декъахь, байъар, масала, Британехь СкрипальгIарна дIовш далар – и доллу зуламаш дийриг цхьа бен бу. Германино санна, векалш Оьрсийчу дIахьежоро цхьа а пайда ца бохьу, шогга хIитто деза хьелаш. Интерполо а, Европоло а, Австрин кхерамзаллин сервисаша а Умаров Анзор вер, оьшшучу тIегIане а кхачийна, таллахь, церан аьтто бу Нохчийчуьра хьаькамаш дуьненаюкъарчу кхеле ийзон а, Оьрсийчоьнера дуьззина жоп деха а. Бакъду, Кремлера бехктакхаман жоп деха тоьшаллийн база яц соьгахь.