ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров а, цуьнан хIусамнана а, церан доьзал а "Iаьржачу тептаре" баьхна Америкас


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхиндолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттазза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.

Билгаладоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Медних а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат) хьакхалуш хилар.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

Телеграм-каналехь бегашца комментари йитина Кадыровс: "Помпео, оха тIом тIелоцу! Кхин дIа кхин а интересе хир ду" аьлла.

2017-чу шарахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхинера. Иза бехкевира кхел а йоцуш нах байъарна а, къизаллаш лелорна а, дуьненаюкъахь лелаш йолу адамийн бакъонаш йохорна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG