ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра хьехархой декхарийлахь бина Кадыровгахьа йолийначу флешмобехь дакъалаца


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн керлачу санкцешна бухахь нисвеллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна тIехIуьттуш социалан машанашкахь комментареш язъян декхарийлахь бина махкарчу школашкара хьехархой. "Кавказский узел" хьостано бина цунах лаьцна хаам, шайн хьосташна тIетевжина.

Ткъа Кавказ.Реалиино яздо, Нохчийчохь пачхьалкхан хьукматашкахь белхаш бечу нахе Кадыровн поста бухахь комментареш йита аьлла, бинарг кхайкхам бара, тIедожийна дацара бохуш.

Кадыров а, цуьнан хIусамнана а, ши йоI а Америко Iаьржачу тептаре яьккхинчул тIаьхьа республикерчу Iедалхоша кампани йолийра, республикан куьйгалхочуьнгахьа гIо лоьцуш.

Хьалха-МартантIерачу а, Шелан кIоштарчу а школашкарчу белхахоша дийцина "Кавказский узел" агенталле, мехкан куьйгалхочо зорбане яьккхинчу постан линк яийтина шайга, цу бухахь цуьнгахьа гIо дохуш йозанаш дита дезаш ду шаьш аьлла.

Маршо Радионо яздира оршотан сарахь, Iазапаш лелорна а, кхел йоцуш нах байъарна а, кхидолчу бакъонаш йохорца а доьзна, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал керла санкцеш яхарх лаьцна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаменто.

"Иттех шераш хьалха Кадыровс адамийн бакъонаш масийттаза шога йохийна, иштта, къизаллаш лелорах а, кхел йоцуш нах байарх а жоьпалла цунна тIехь хиларх билггал бакъйолу информаци ю департаментехь", - аьллачу Пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дешнаш далийна урхаллан пресс-гIуллакххоша оршотан дийнахь.

Билгалдоккху, санкцеш цуьнан хIусамненах Кадырова Меднех а, цуьнан йоьIарех Iайшатех а, Каринех а(Хадижат)хьакхалуш хилар.

Кхечу пачхьалкхашка а кхайкхам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цу кеппара билгалбаьхначу КадыровгIеран доьзалерчу нахана духьал санкцеш яха аьлла.

Телеграм-каналехь бегашца комментари йитина Кадыровс: "Помпео, оха тIом тIелоцу! Кхин дIа кхин а интересе хир ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG