ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ниццин мэр кхеле велла бакъонашларъярхоша, цо нохчех лаьцна динчу къамелашна тIехула


Ницца гIалин мэр Эстрози Кристиан
Ницца гIалин мэр Эстрози Кристиан

Ницца гIалин мэрана Эстрози Кристианна арз дина кхеле францхойн "Лига прав человека" органиацино, цо массарна а хезаш "динан къестамаш барца доцург кхолларна". И кхайкхам бина, байначу баттахь мэро Дижонехь хиллачунна тIехула Францехь беха нохчий наркобизнесца боьзна бу аларна, яздо France Info гIирсо.

Эстрозис дIахьедора, нохчий кхечу къаьмнийн векалшца наркотикаш юхкучу бизнесан монополи къуьйсуш бу аьлла. Францехь бакъонашларъярхоша кхеле веллера Ниццан мэр, цо дина дIахьедар бахьана долуш. "Нохчийн къоман сий дойъу" цо дехкинчу бехкаша аьлла, леринера "Лига прав человека" юкъаралло.

Хьалхо Нохчийчуьрчу бахархоша масийттазза латкъамаш бира Ниццерчу мэрана, цо нохчий наркобизнесца бозарна. ГIалин прокуроро Бон Ксавьес бинера цунах хаам журналисташка.

Мангал-беттан 16-чу дийнахь Эстрози Кристиана, ша BFM TV телеканална интервью луш элира, "нохчаша наркотикаш йохка бакъо къуьйсу кхечу диаспорашца". Иштта довзийтира цо Францерчу Дижон гIалахь Мангал-беттан 12-15-чу деношкахь, нохчийн цхьана жимачу стаганна йиттича, нохчашний, Африкера схьабевллачу бахархошний юкъадоьлла дов.

Мэро елла комментари ца тайна нохчашна. Эстрозина критика еш вуно дукха видео-къамелаш даржийна социалан машанех пайда оьцучу наха. 3500 Францин вахархочо петици хIоттийна, мэро аьлларг кхечу кепе а дерзош: "Нохчий вовшахкхетта герз карахь долчу накотикаш юхкучу наханна дуьхьал, цара хIора денна бахархошна ен гIело лан а ца елла".

Мангал-беттан 23-чу дийнахь Ницца гIалин мэрин векалша нохчийн ассоциацийн куьйгалхой кхайкхира хилларг шайца дийцаре дайта. Амма цхьаьнакхетарехь Эстрози реза ца хилира ша аьллачунна нохчий къинтIера баха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG