ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вашас вешех жоп дала деза? Ставрополера вахархо бехкевина, Басаевн тIемалошца хилла ву аьлла


Басаев Шемал, Дагестане чубахначу заманчохь. Архивера сурт
Басаев Шемал, Дагестане чубахначу заманчохь. Архивера сурт

1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь Басаевн тIемалой Дагестане чубахарца доьзначу гIуллакхна тIехула таIзарш дина 80 сов стагана, 3 шарера 15 шерашка кхаччалц хенаш йиттина царна. Оцу кепара гIуллакх ду луьстуш Дагестанерчу Лакхарчу кхело. Ставрополан махкара вахархо Юмартов Батырбек бехкево республикана тIелатар дарна. Амма Юмартовс а, цуьнан гергарчара а, юьртахоша а чIагIонаш йо, юьйцучу аьхка иза Дагестанехь вацара, йа хила йиш а яцара бохуш. Ткъа цунна бехкаш дохкуш мукIарло динчу тешо дIахьедина, шена тIехь ницкъ бинера аьлла. Герзашца болчу нахаца бунт гIатторна а, талоралла лелорна а, эскархошна тIелетарш дарна а аьлла, билгалъяьхначу артиклашкахь велла дIаваллалц набахтехь яккха хан кхачайо Юмартовна.

  • 1999-чу шарахь Марсхьокху-беттан 2-чохь Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь Басаевн а, Хаттабан а тобанашкарчу эзар гергга тIемалочо а, буьйранчаша а тIелатар дира Гагатль (Гигатль) эвлана. Ткъа шолгIачу дийнахь изза дира цара Агвали эвлана а. Оццу беттан 6-7-чу деношкахь тIемаш марсабехира Ботлихан кIоштахь – Ансалта а, Рахата а ярташка чубахара тIемалой. Талламчийн зерашца, хIетахь вийна 33 Оьрсийчоьнан эскархо, ткъа чевнаш йира 34-нна. ХIетахь тIемалошна дуьхьалбевлла эскархой хилла ца Iаш, меттигерчу гIаттамхойн тобанаш а цхьана яра.

Стохка Стигалкъекъа-баттахь лецира Юмартов. Цо тIе ца дуьту шена дохку бехкаш, оцу шарахь ша вехачу Дагестанан дозанерчу Ставрополан мехкан Нефтекумскан кIоштарчу Кара-Тюбе эвлара дIасаваьлла вац ша боху цо. Талламчийн версица, 1999-чу шеран Мангалан а, Товбеца а беттанашкахь тIемалойн куьпахь "Исламский институт «Кавказ»" цIе йолчу дешаран центрехь Iаморашкахь хилла ву иза. Цигара ваьлча Дагестанехь а, Ставрополехь а бехаш хилла ногIий юкъахь болчу "НогIийн джамаIатах" дIакхеттера.

ГIуллакхан материалашкахь дуьйцуш ду, шариIатан пачхьалкх кхолла Iалашонца хилла Юмартов, шаьш бохучу мохк "маьршабаккхаран тIамехь" дакъалаца лаам хилла ву. Калашниковн автомат яра кхеле хIоттийначуьнгахь, талламчийн версица, цуьнан бархI гIутакх а, гранаташ а хилла иштта. Юмартовн юьртахошна хетарехь, цуьнан ваша Руфат эвлах а ваьлла, хетарехь, 1999-чу шарахь Нохчийчуьрчу тIемалойх дIакхетар бахьана долуш, цунна тIаьхьабевлла ницкъахой. 2000-чу шарахь Руфат герз тоьхна веллалц, церан доьзал шайн тергонехь латтош хиллера Iедалхоша.

Ца вевза кхо стаг

Пхеа тешо дохкучу бехкаш тIехь кхеле валийна ву Юмартов – царех кхоъ къайлаваьккхина, ткъа шиъ набахтехь хан токхуш ву. 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь "НогIийн джамаIатан" тобанехь гира шайна Юмартов бохуш, чIагIонаш йо цара.

Шайн тоьшаллашца цара массара а бохург санна цхьатерра дуьйцу тIемалойн куьпах, церан зуламечу Iалашонех, радикалан исламизмех а, Дагестане бинчу некъах а, дийцина Кавказ.Реалиига Юмартовн адвокато Айрапетян Наринес.

Къайлаваьккхинчу хьалхарчу тешо шена гира аьлла боху, оьрсийн эскархошна тIе автомат а етташ, Xlамиль гlин олучу ломатIера Юмартов охьавуссуш. ШолгIа хьулвинчу тешо Юмартовх "мужахIид" боху, тIемаш беш герз карахь шена иза гина хилар тIе а чIагIдеш.

Кхелехь видеозIенехула дуьйцура шиммо а, гуш дара, шайн тоьшаллашкахь ойланаш а туьлуш, деш хилар цара къамел. БIостане дара дуьйцург, бехкевечун аматаш дагатуьйсучу заманчохь а. Цхьана а тешана ца хаьара юьртахоша Юмартовх "Ботя" олий а.

Ницкъбина дайтина мукIарло?

Оцу гIуллакхан хьокъехь теш хIоьттина кхин а цхьа стаг – хан токхуш волу Юмартовн юьртахо Исмаилов Рустам. Дагестане тIемалой чугIоьртинчул тIаьхьа шена гира боху цо, Ботлихан кIоштарчу юьртехьа дIавоьду Юмартов. Бакъду, вовшашна дуьхь-дуьхьал хIоттийначул тIаьхьа, шен лулахочуьнга кехатан юьхьиг кховдийнера Исмаиловс, доцург дийцарна шена къинтIера валахьара хьо аьлла. Цо бахарехь, цунна тIехь ницкъ а бина, даьхна хиллера цуьнгара тоьшаллаш.

"Суна хаьа, хьо бехке воцийла, царна а хаьа. Цара латточу Iазапан цхьа грамм а лан ца лаьа суна. Дукха ницкъбира суна. Хьо сайна къинтIера вер ву аьлла. тешна ву со", - аьлла ду кехат тIехь яздина.

Къилбаседа Кавказан федералан университетан говзанчаша йозанан хатI къастош экспертиза йича, тIечIагIдира, билггал кехат Исмаиловс язйина хилар (копи редакцин долахь ю - редакцин билгалдаккхар).

Исмаиловн кехат
Исмаиловн кехат

Дагестанан Лакхарчу кхелан суьдхочо Сулейманов Сулеймана и кехат а гIуллакхан матераила юкъа диллина, прокуроро Маликов Сиражудина дуьхьало ешшехь.

Кавказ.Реалиин корреспонденто кехат дахьийтира Оьрсийчоьнан Федералан таIзар кхочушдаран урхалле (ФСИН), Исмаиловна тIехь колонехь къизаллаш лелорах лаьцна хоьттуш. Артикл зорбане йоккхучу заманчохь а жоп урхаллера кхаьчна дацара.

Юьртахь верриг а вовшашна гуш ма ву

Ставрополан махкарчу Кара-Тюбе олучу эвлахь даьхний лелош вара Юмартов. Юьртахошна дика бевза цуьнан гергара нах: да-нана а, вежарий а, хIусамнана а, доьзал а. Церан куьпарчу полисхочо а, имама а, къанойн кхеташоно а, масех бIеннашкахь бахархоша а куьйгаш таIийра, Юмартов дикачу амалх лаьцна кхеле дахьийта кечдинчу кехатна

Кху беттан 4-охь Дагестане кхелан кхеташоне кхайкхина балийначу юьртахоша тIечIагIдира, 1999-чу шарахь динехь лелаш а вацара Юмартов аьлла. Иштта цара бахарехь, къаьркъа молуш а вара иза, я маьждиге воьдуш а вацара. 2000-чу шарахь, зуда ялийначул тIаьхьа, волавелира иза маьждиге эха а.

Юмартовн хIусамнанас Юмартова Гульфирас дIахьедина, шен цIийнда шозза лаьцна хиларх. Стохка Охан-беттан 23-чохь дIавигина, хеттарш а дина, цIа ваийтинера иза. Амма бутт баьллачу хенахь юха а баьхкира полисхой. ХIетахь къаьстира, цуьнан гIуллакхан материалашна юкъара, 1999-чу шарахь иза эвлара дIасаваьлла цахиларх тоьшалла ден документаш дайна хилар, боху зудчо.

Маунталиева Фатиматан 40 шо кхачар даздечохь даьккхина сурт, 1999-гIа шо
Маунталиева Фатиматан 40 шо кхачар даздечохь даьккхина сурт, 1999-гIа шо

"Болх бина киншка а дIаяьккхинера цуьнгара, ткъа Нефтекумскан кIоштан администрацин архивера кехаташ талхийнера. Цхьаболу хаамаш пенсин фондехь карийра. Ткъа, 1999-чу шарахь иза гIо эшна вахначу амбулаторехь медицинан карта ца карийра", - дийцина кхеташонехь Юмартовас.

Гульфирин мукIарлона тIетайра Кара-Тюбехь ехаш хилла пенсхо Мансурова Ума а. Шена бехкевийриг 1997-чу шарахь дуьйна вевзаш ву бохура цо. Жа дажош цхьана дара шаьш, юьртал арахьа йолу шайн майданаш ул-уллохь яра элира цо.

"Суна дага а догIуш, цхьанхьа а вахана вац иза. Кхузахь цхьаъ цхьанхьа дIасаволий, оцу сохьта массарана а хууш хуьлу. Масала, ас цхьанга а хьахийна дацара со кхеле йоьдуш ю аьлла, ткъа и-м йоллу юьртана а хууш дара", - дийцина Мансуровас.

Цхьана хенахь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь белхаш бинчу, Юмартовн гергарчу зудчо Маунталиева Фатимата дийцира, Дагестане тIемалой чубаьхкина масех кIира даьллачул тIаьхьа, шен 40 шо кхачар даздеш яра ша, цунна кечамаш беш шена гIо деш Юмартов а вара аьлла. Цу даздарехь даьхначу суьрташ тIехь а ву боху цо Юмартов, и суьрташ шегахь хIинца а долуш хилар билгалдоккхуш.

Бух боцуш ду шена дохку бехкаш боху Юмартовс а, ткъа тешашна тIехь къизаллаш а лелийна, доцург дийцийтина цаьрга. Шен вешин кхолламца доьзна хила а тарло боху цо, Iедалхой шен кочабахкар. Хила мега, 2012-чу шарахь юьртахошца цхьана шайн зудабераш эвларчу школе хьиджабаш йоьхна лелийта ша гIертарца доьзна а боху цо.

"Шина дешархочун дай байина, суна кхел еш ю, кхин шиъ цкъачунна хьавина вац. Суна хетарехь, билггал дохку бехкаш цу тIехула ду", - аьлла, тешна ву Юмартов.

РогIера кхелахойн кхеташо вовшахкхетар ю карарчу беттан 27-чу дийнахь.

Материалан оригинал еша тарло кхузахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG