Нохчийчохь гӀарайолуш ю IADAT цIе йолу телеграм-канал – беа баттахь цо гулвина 5 эзар сов язвалархо. Авторша олу шайн пабликах болам. Ткъа шаьш а, шайн ешархой а "Кадыров Рамзанан режимца къийсам дIахьош ду боху цара. Меттигерчу Iедалшна реза боцчу церан агIончийн доккхаха долу дакъа ду Нохчийчохь.
Цара хаамаш бо республикан территорина тIехь адамаш лечкъорах а, къайлаха дIалецарх а, ца дийцарехь, ницкъаллин структурашкарчу а, Iедалерчу а хьстанашна тIе а тевжаш.
Канал яьржаш ю респпубликехь информацица йоьзна йолитика чIагIйеш а йолуш, интернетехь шайна хетарг дуьйцучу нахаца къийсам дIахьош а болуш. Республикан куьйгалхочо дIахьедар дина, Нохчийчохь бюджетера алапа оьцурш дIаязбала беза ЧГТРК "Грозный" телевизионан социалан машанашкахь йолчу аккаунташка аьлла, ткъа цул хьалха цо тIедожийра Iедалхошна "экстремизмца а, Малхбузенехь мехала хетачуьнца а" къийсам чIагIбар.
Официалан курсаца йогIуш доцург дуьйцу Нохчийчуьра схьабевлла нах дахарх бовла мегаш кхерамехь бу цIахь а, махкал арахьа а. Товбецан-беттан 4-чу дийнахь Австрехь тапча йиттина вийра блогер Умаров Мамихан. Иза гIараваьллера дуккха а нах хьожучу YouTube-хь цо арахоьцучу роликашца. Кхушара Чиллан-баттахь Францерчу Лилль гIаллахь вийна карийра цу кеппара шен видеошкахь нохчийн Iедалшна критика еш хилла кхин цхьа нохчо Алиев Iимран.
ТIелатар дира иштта вевзаш волчу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона. 2020-чу шарахь Чиллан-беттан 26-хь Швецехь Евле гIалахь иза вехачу петарехь, жIов а карахь, цунна тIелеттера цхьа стаг. Иза ву Оьрсийчуьра Мамаев Руслан. Цо чIагIдарехь, блогер вер цунна тIедожийнера Соьлж-ГIаларчу Iабдурахьман цIе йолчу цхьана стага. Оцу зуламна декъа хила мега аьлла, Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Швецехь лецира Оьрсийчуьра кхин а ши стаг.
Шайн цIераш хьулйинчу IАДАТ каналан авторша дийцина Кавказ.Реалиига Нохчийчуьрчу Iедалша хьийзочу нахана шаьш гIо дарх лаьцна а, шаьш муха жоп ло а, кегийрхой тIехьоьхуш ду бохуш шаьш бехке дарна.
"Кадыровс Нохчийчоьнах Сталинан хенашкара СССР йина"
– IАДАТ боламан хIун Iалашонаш ю дийцийша? Маца болабелла иза?
– Тхан болам гучубаьлла 4 бутт хьалха, ткъа ша идей гучуелира кхин а хьалха. Дерриг доладелира тхо кхеташ хиларна: цхьа шаьш лела блогерш, "Тумсо санна берш" тоьаш бац. Цу юкъа дерриг а халкъ озо дезаш дара, цунна гайта иза вайн массера а къийсам хилар, хIора доьналла долуш хилар шен дакъа цу юкъадилла.
Нохчийчуьра араяьхна ерриг а аьлча санна адамийн бакъонашларъяран вовшахтохараллаш, ткъа адамийн бакъонашца доьзна хьал кхин а дакъаза долуш ду. Цхьа а бекхам а боцуш, лечкъош ду адамаш, уьш къиза хьийзош ду, ткъа Кадыровн пропаганда цхьа а дуьхьало яр ловш яц. Цу дерриго а ойла кхоллаялийтира тхан, цхьаьна а кхетта, дерриш гIорта деза вай цу зуламан режимца къийсам дIабахьа аьлла.
– Анониман телеграм-каналал а йоцуш, юьхьдуьххьала диалог яр эвсаралла йолуш хир дара аьлла ца хета шуна?
– Юхьдуьххьалла йоцу, массарна а гуш-хезаш диалог! Амма цу тайпаниг далур долуш ду кадыровхойн Нохчийчохь? Шен сардалалла долалуш дуьйна волавелира Кадыров кхин ойла хиларца къийсам дIабахьа. Цунна критика еш болу нах я нуьцкъала дIалакъийра, я шайн агIор бехира ахчанаш кхийдош, изза Саратова Хеда ма-яккхара (Саратова Хеда Нохчийчоьнан куьйгалхочо кхоьллинчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхо ю, хьалха болх беш яра "Мемориалерчу" бакъонашларъярхошца – ред.), я байъара. ХIун дуьйцур ду, нагахь кадыровхойн Нохчийчохь цхьа а таIзар а ца деш бакъонашларъярхой а байъина хилча?
- Хаийтар: 2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-хь "Мемориал" центран бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья лачкъийра Соьлж-ГIалахь. Герзан чевнаш дегIах а, коьртах а йолуш, цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь. Иза ейтинарш а, йийнарш а хIинца а карийна бац. Талламан комитето бечу талламах лаьцна тIаьххьара хаам бира 2013-чу шарахь.
Кадыровс хIаллакйина ур-аттал оппозицин тералла а, амма цо йина Нохчийчоьнах Сталинан хенарчу СССР пачхьалкхан аналог. Кхузахь, метта аьлча, самукъане бIостаналла ю: цо гуш-хезаш сардамаш духку Сталинна, амма цуьнца цхьаьна цуьнах къаьсташ вац иза ша. Баьчча ву, массара а массо а агIор хестош волу, цкъа критика еш яц цунна, официалан идеологи а ю Iедалан – "Ахмат-хьаьжин некъ". Схьаэцна дерриг а, шайна цабезачу нехан доьзалш хьийзабарна тIекхаччалц.
Кадыровн шен пиаран тоба ца хиллехь, иза нахана гуш хир вацара хIинца санна: "ши класс" бен чекхъяьккхина воцу стаг, ши дош вовшахтаса а ца хууш волу. Репетицеш а йинчу ЧГТРК "Грозный" телевизионан сюжеташкахь а хьуьнар долуш вац Кадыров дозуш а, чулацаме а къамел дан. Амма и пропаганда ю цунах академик ван гIерташ (Кадыров ву экономикан Iилманан кандидат - ред.).
– Шайн коьрта Iалашо Нохчийчохь йолчу пропагандица къийсам латтор а, адамийн бакъонаш Iалашъяр а ю боху аш. Цхьа а аьтто баьллий шун цу хьокъехь?
– Кадыровн кхеташонашкахь тхо дуьйцуш хилча, ахча хьажош хилча тхоьца къийсам латто, боташ а, Iедалан белхахой а жигаралла гайта метахбохаш хилча, иза ду, цхьа а бохьуш пайда а боцуш, тхо клавиатурина тIе пIелгаш детташ дац бохург.
Кадыровн режимана тхоьгара кхерам хаало, хIунда аьлча, иза (режим) кхеташ ю тхан Iалашонех, гуш ю цунна тхан кепаш (методаш). Массо а хIуманал а алсам иза кхоьру адамийн дукхараллах. Тумсо, масала, цаьрга велур ву, Анзор шаьш вийна ма хиллара.
- Хаийтар: Умаров Мамихан, вийра коьртах тапча тоьхна Вена гIалин гергахь Мангал-беттан 4-хь. Шен ютуб-каналехь цо критика йора Кадыров Рамзанна а, цуьнан ганна а. Умаровна тIелатар дарна шеко йолуш лаьцна ву Нохчийчуьра схьаваьлла Ахтаев СарIела а, Магамадов Салман а.
Амма цара муха къуьйсур ду тхоьца, нагахь тхан боламан лард (костяк, бух) нохчийн халкъ хилча? Мехала ду, Нохчийчуьрчу бахархошна юкъахь верриг а церан режимана гIортор еш ву бохучу кадыровхойн пропагандан пуьташ оха гучубаьхна хилар.
– Нохчийчоьнан куьйгалхочо интернетехь шена хетарг дуьйцучу нахаца къийсам латторе кхайкхина хиларх лаьцна хаьа шуна. ХIун дуьхьал даккхалур ду шоьга инзаре йоккхачу административан ресурсана?
– Тхо къийсам латтош ду цаьрца бакъдолчуьнца а, халкъо гIортор еш хиларна а. Билггала, адамашка герзаца къийсам дIахьо аьлла, адамашка кхайкхам бан дагахь дац тхо, кадыровхошна иза лууш ма хиллара. Тхуна кхоам хета тхайн халкъах, цунна кхерам боккхуш дац тхо. Тхан иштта цхьа а юкъаметтигаш яц цхьана а тайпанчу радикалан вовшахтохараллашца а, кадыровхошна, хила там болуш, тхо цаьрца доза гIоьртар белахь а. Тхо тIом безаш дац, тхо маршоне а, нийсоне а гIерташ бен дац. Иза (маршо а, нийсо а хилар), гуш ма хиллара, юьхьанцара дуьна адамана оьшург ду, амма цунах а даьхна тхо.
Тхан боламан цхьа мехала башхалла ю: тхо Нохчийчоьнна арахьа дац, дехаш а, болх беш а ду тхо республикехь. Цо бон тхан халкъана герга хила аьтто, оццу хенахь боьхна хилар тIетуху, тхо шайх оццул озалуш ца хиларна вуно оьгIазбаханчу кадаровхошна. Уьш боьлла шайна критика ечу нахе цхьатерра кху кепара фразаш кхиссарх: "Нагахь шу боьрша делахь, схьадуьйла республике". Ткъа тхо иштта а ду кхузахь, и аргумент цхьа а ницкъ болуш яц.
– Шайн кхайкхамашкахь, тексташкахь таме йоцу эмоцеш хIунда хуьлуйту аш?
– Оцу хаттарна жоп луш, тидаме эца деза цхьа хIума. Тхан боламан администрацин декъашхойх хIора а, мухха хилла а, эшам хилла ву кадыровхойн режимера. Цо, дера, мел йитина а шен лар ма юьту. Тхо тхаьш зорбан гIирс хеташ дац, цхьа а эмоци а йоцуш, могIарера керла кадыровхоша динчу рогIерчу зуламах хаам беш болу. Тхо хIокху халкъан дакъа ду, цунах чIогIа дог лозуш а ду тхо.
Хила ма доггIу, наггахь цуьнан жамI хуьлу оцу кепара посташ хIиттор, амма халкъан аз ца хуьлу керланаш дешарх тера, цо даиман а бохьу шеца цхьана лазам, дохьу сагатдар. Тхо – халкъан болам бу, ткъа эмоцеш гайтар, наггахь оьшуш хуьлу.
"Дистцахиларо гIо до барам боцуш адамаш хьийзорна"
– Телеграм-каналехь аш хаамаш баржабо Нохчийчохь адамаш лечкъорах, къизаллаш лелорах, Iазап латторах. Ткъа мел теша мегар ду шун хьастех?
– Тхан шуьйра маша бу хаамаш бечу нахах лаьтташ болу. И нах тайп-тайпанчу белхашкахь бу, шайна юкъахь ницкъаллин структурийн белхахой а, Кадыровн юххерчу гонера нах а болуш. Амма уьш берш а цхьаьнатухург ду нохчийн халкъаца низамехь доцург лелийча а, зуламаш дича а башхалла а доцуш 1ан цабалар.
Уьш кхерамечу гӀуллакхе гӀoьpтa, адамана гIо дан аьтто бийр болу тхоьга информаци ялархьама. Хьасташ литтина ду замано, цундела царах дукхаха болчаьргахь тешам бу тхан. Тхоьца зIене бовла керла нах а, амма ишттаниг нисделча цара бина хаамаш вуно лерина толлу оха.
– Бакъонашларъярхошца юкъаметтигаш дӀакхоьхьий аш?
– ХIаъ, вуно евзаш йолчу вовшахтохараллашца а, IАДАТ кхоллале дуккха а хьалха дуьйна тхан халкъана гIо динчарца. ЦIераш яха таро яц тхан, амма нагахь нохчийн Iедалш лелийначух зе хилла стаг велахь, тхоьца зIене довла мегар ду, оха сихонца зIене воккхур ву иза бакъонашларъярхошца.
Оха гIо до информацица: масала, артиклаш зорбане йоху, лачкъийча муха лела веза хьоьхуш. Нохчийн юкъараллехь, халахеташ делахь а, стереотип ю, гергара стаг лар йоцуш вайча иза къайладахьа деза, цхьанге а орца ца доккхуш дита деза аьлла. Дукхахаболчарна дага а ца догIу цхьаьнга дехар дан деза аьлла. Цу тайпана шаблон эшо лууш ду тхо, нохчийн доьзалшна гайта лууш ду тхо уьш шаьш бисна ца хилар, дистцахиларо гIо деш хилар барам боцуш адамаш хьийзорна"
– Шу кхеташ ду, шун паблико нохчийн кегийрхой цхьана декъана карзахбохуш хиларх? КIенташа комментареш йо шун публикацешна, цундела кхерам бу Нохчийчохь уьш каро мегаш хиларан.
– ХIа-хIа, оха цхьа а вац карзахвоккхуш. Цул сов, оха юха-юха а дуьйцу кхерамазаллин гIулчех лаьцна, кхайкхамаш бо, Нохчийчохь шаьш делахь комментареш йита оьшуш цахилар хьоьхуш. Оха меттахбохур бара кегийрхой, нагахь оха цаьрга урамашка арадовла, я режимца къийсам болабе ницкъах пайда оьцучу кепара, бохуш, кхайкхамаш беш хилча. Амма оха иза деш дац.
– Шун инстаграм дукха хан йоццуш дIакъевлина. Ткъа нагахь цIеххьана телеграмера аккаунт а дIачIагIахь, стенца дуьсу шу?
– Инстаграмера агIо, цхьа а бахьана а доцуш, дIакъевлира кадыровхоша латкъамаш бича. Иза хила тарлуш ду, уьш тоьлаш бу тхолла а аьттонаш хиларца. Делахь а карарчу хенахь тхо болх беш ду, блок дIаяккхийта гIерташ.
Амма нагахь тхан телеграм-каналана блок хIоттаяхь а, тхо юхадевр дац. Оха, сих а ца луш, гулбийр бу тхайн агIончаш, нахалахь тхайн дика цIе йоккхуьйтуш. Керла канал кхолла хала дац, цига дехьабевр бу тхан агIончаш. Цундела уггар коьртаниг ду халкъо гIортор яр.