ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шена ша-шега ирча таIзар а дойтуш, верзинаваьккхина гайтина Нохчийчуьра оппозицин жигархо


Кавказерчу массех пабликаша яржийна, шена тIе а луьйш, ша-шена маьттаза таIзар деш, Нохчийчуьрчу Iедална оппозицехь долчу IADAT телеграм-каналан администратор ву ша, бохуш, жимчу стага къамел ден видео.

Шегара даьллачу вонашна нах къинтIера а бохий, верзина, шишанна тIехуу иза. "ТаIзар до ас сайна, изза шайна дан рагI IADAT-каналан администраторшка дIа а луш", - боху ша 19 шо долу Тепсуркаев Салман ву олучо.

IADAT телеграм-каналан цхьана векала хаам бира Кавказ.Реалиига, Тепсуркаев цкъа а ца хилла оцу каналан администратор, аьлла. Цо бахарехь, иза Нохчийчуьрчу оппозицин боламан жигархо ву, цхьана хена чохь каналан чатан модератор хилла иза.

Кавказ.Реалиица къамел динчо бахарехь, IADAT-канал лелочарна шайна а ца хиина жимчу стеган цIе, цо ша яккхалц, ткъа IADAT-е видео хьажийна цо ша. Шен шоьтан дийнахь зIе хилира цуьнца, боху хьостано, цо яздира, боху, ша шегара лелардо ялийтина аьлла: "Цхьана кадыровхочунна хаийтинера ас со мила ву, цул тIаьхьа уьш со дIавига баьхкира". Оцу къамелал тIаьхьа Тепсуркаевца лаьттина зIе хаьдда Кавказ.Реалиица къамел динчун.

Нохчийчуьрца Iедалан критика Абдурахманов Тумсос, "Кадыровн Нохчийчоьнна а тамаше долуш", эхье хIума ду даржийнарг, аьлла. "ХIинццалц Iедална товш йоцу ойла яржош берш цо ша-шеггара кхоьллинчу бехкаца чубухкура, бойъура, жIаьлеш санна, буса къайлах кешнашка дIаIуьттура, уггаре доккха таIзар хуьлура наханна хьалха хеча яккхар, ткъа хIинца кадыровхоша, шаьш ден таIзар стаг наханна хьалха шишанна тIехаочу кхачош, шордина Овертонан кор", - бохура блогера машанашкахь.

Кавказ.Реалиин редакцино хиллачух лаьцна комментари ялар дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонехь адамийн бакъонаш тергалъечу хьукмате. Цигарчу пресс-векалтан консультанта Сацуева Розас хаам бира, шайн офисехь хууш ду хилларг, амма я хьийзийнарг а, я цуьнан гергарнаш а ца бевлла шайн аппаратца зIене, аьлла. "Амма бакъонаш тергалъечу векалтан белхахой шайн агIор кийча бу, видео чохь гойтург магийта йиш йоцу хIума хиларе терра, иза талла", - элира Сацуевас.

Кавказ.Реалиина цкъачунна хууш дац, муха мах хадийна яьржинчу видеон Нохчийчоьнан прокуратуро а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а.

  • Къайлах лелачу оппозиционерийн IADAT пабликан авторша Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дийцира, шаьш муха накъосталла до Нохчийчуьрчу Iедало хьийзочу наханна.
  • Телеграмерчу IADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонах гулвина 6000 сов ешархо. "Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.

XS
SM
MD
LG