ДIадахначу кIирандийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзало а, иштта кхайкхинчу хьешаша а доккхачу тойнехь дакъалецира - Кадыровн гергарчу кIанта - Кадыров Абубакара нускал далийначохь.
Массо а агIор бIаьрла ловзар дара иза - герзаш детташ, файтонашца, говрашца, берешца, иштта, стиглара беракеманца конфетти дIаса а яржош. Регионан урхалхочун гергарчу стеган ловзаргахь дерриг а кхачаме дара, хьешашна юкъахь ларъян езаш хилла дистанци йоцург. Яцара цаьргахь масканаш а, аьлча а, дукхахболчара къа ца хьийгира уьш лелош.
Оцу юкъанна, Нохчийчохь луьра ларйойтуш ю масканийн раж: нахана юкъа вала бакъо яц, нагахь санна, мара а, бат а дIахьулйина яцахь.
Делахь а, Кадыровс шен социалан машанерчу пена тIехь Iораяьккхинчу видеоца, мехкан куьйгалхочо а, цуьнан гоно а тесна дитира шаьш юкъадаьккхина низам
Кавказ.Реалиига дIахьедира Роспотребнадзоран урхалло, регионехь хIитточу тойнашкахь хьешийн терахьна тоьхна доза ду аьлла, делахь а, дала жоп ца хилира, маса стаг вовшахкхета магийна ду аьллачу хаттарна.
"Нах гуллучу воьдучу заманчохь, шеца хила еза COVID-19 вирус цахиларх тоьшалла ден кехат. Талламаш бан тарло цигахь. Шина баттана магош ю цкъа дIаелла анлиз, амма хьан тIуналлех тест эцнехь, кхаа денна бен магош яц", - аьлла, дIахьедина хьукмато.
Нагахь санна, ловзаран дайшна хIоккхул-оццул аьлла, нах вовшахтоха магинехь, эпидемиологин агIор, барам цхьа а проблема йоцуш дIахьош бу аьлла Роспотребнадзоро.
Оцу юкъанна, меттигерчу администрацигара хьалххе бакъо еха еза той хIотточара, ткъа кхайкхийначу хьешийн карахь коронавирус яц аьлла, тоьшаллин кехат хила деза.
Соьлж-ГIалин мэрино карладаьккхира, ловзаршкахь масканаш лелон езаш хилар: "ХIораннан а карахь кехат хила деза, уьш могуш бу аьлла. Де хьалха анализ дIаелла хила езаш ю цара, профилактикан кепаш а Iалашъян еза. Оцу барамехь шеца хила еза антисептикаш а".
КадыровгIеран той хьахийча, мэрин векало жоп хазийра "ловзарш хIиттош ду, ткъа ларвелларг Дала а ларво" аьлла.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзало санитаран барамаш цу кепара тIехтасар, шалха стандарташ лерина, хаттам бинчу махкарчу бахархоша.
"Кафеш чохь а, ресторанашкахь а хьан гIуллакхе ца хьовсу, нагахь санна, маска хьоьгахь яцахь. ХIунда аьлча, долахошна гIуда тоха тарло, - боху Соьлж-ГIаларчу Майсарата. - Дукха хьолахь, чувоьддучохь йоза хуьлу дIатоьхна, масканаш йохкахьара аш, шайна гIуда тоха кхерам бу олий. Маска йоцуш араваьллачун таро ю цу бертехь эца а, кассехь мах охьа а буьллуш. ДIасалелачу нехан коча ца оьху. Вуьшта, кеп-кепарчу наха дуьйцуш-м хезна суна, маска яц бохуш, машенашкахь шаьш болчухарана а цхьана гIуданаш детта бохуш".
Соьлж-ГIаларчу базарахь лелош туька йолчу яхархочо дийцира, базарахула лелачу ницкъахоша, туьканашка оьхучу нахехь масканаш юй хьуьйсуш, терго латтайо аьлла. Нагахь санна, маска йоцуш стаг чувеана каравахь, йа гIуда тоха тарло, йа хьоьгара ахь юхку хIума дIаяккха мега.
"Пхеа миллионна ю ас юхку хIуманаш. Ца хуьлчу далахь, цхьангара духалург ахча а даьккхина, гIуда такхар гIоле ду суна. Цундела наха ахча дIало", - боху бижутери юхкучу салонан долахочо Эммас.
Юхкург дIаяккха тарло бохучух цкъачунна информаци яц Кавказ.Реалиин махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера.
Масканаш а йоцуш, талламаш бийраш
Нохчийчуьрчу полисхоша терго латтайо, хьалха а санна, масканаш лелорна тIехь, боху Къилбаседа Кавказерчу "Iазапна дуьхьало латторан комитетан" офисан куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс. ХIора кIиранах бохург санна, хуьлу иза республикехь.
"Республике чувуллучохь хьовсу хьоьгарчу "ковидан справке". Иза хиларан билгало оьшу царна. Цкъа а цу тIе хьоьвсина бац уьш. Сан машенан хьалхарчу куьзганан бухахь иза хиларх тоам бина. Амма, бакъду, дукха хьолахь, и талламбийраш шаьш а хуьлу масканаш йоцуш", - дуьйцу Пискуновс.
Ресторанашка а, кафешка а воьдучу хенахь а хила еза масканаш, амма хьо стоьлан гонах охьахиинчул тIаьхьа, дIаяккха мегаш ду боху бакъоларъярхочо.
Пискуновс дийцарехь, изза хьал лаьтта пачхьалкхан хьукматашкахь а: "Республикерчу Лакхарчу кхелехь суьдхочун гIовса дехар дира соьга а, прокуроре а, масканаш дIаяхахьара, аудио къамел дIаяздеш аьлла. Ас йоккхур яц элира. Прокуратуран белхахойн низам дохийнарг хир ву ша аьлла, дIахьедира прокуроро а".
КарабогIучу-беттан 5-чу дийнахь Нохчийчохь Соьлж-ГIалин де даздийр ду. Ткъа иза нисло Кадыров винчу денца.
Дахначу шерашкахь дуккха а эзарнашкахь нах вовшахбетташ, барамаш хIиттабора: концерташ, базараш, фейерверкаш хуьлуш. Оццул адам вовшахтоьхначу дийнахь социалан дистанци муха ларйийр ю, кхеташ вац Пискунов.
Иштта, къаьстина дац, оцу даздарашкахь нах муха ларбан дагахь бу меттиггера Iедалхой.