Лайлаъан 53 шо ду. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш цуьнан хIусам йохийра йоккха топ тоьхна. Яьллачу цIарахь дагийра цуьнан ши куьг а, ах дегI а. 2020-чу шарахь Товбеца-беттан 23-хь юха а чуяха хIусам йоцуш йитира иза: цуьнан цIа дохийра ГIалгIайчуьрчу Троицкая эвлахь леррина операци дIахьош.
Ницкъаллин структураша дIаяьхьначу цу операцехь вийра кхо стаг. Къоман антитерроран комитето бинчу хаамца, уьш хиллера “Исламан пачхьалкх” экстремистийн тобанан агIончаш.
Гагиевас дийцарехь, и нах шайн хIусамехь баха битинера цуьнан хIусамдас, байъинчерах цхьаъ вевзаш хиларна. Шена а, шен майрачунна а ца хаара шаьш чубитинарг тIемалой хилар, дуьйцу Лайлаъа.
Цуьнан 45 шо долу майра Гандалоев Руслан лецира Федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша, иза террорхошна гIо деш хила мега аьлла. Гандалоев кхело дIалаца сацам бира шина баттана, цо даре деш тоьшаллаш динчул тIаьхьа.
Лайлаъ а, цуьнан йоI а йисира чуяха хIусам а йоцуш, карарчу хенахь лулахошкахула буьйсанаш йохуш лелаш ю и шиъ. Юьртан администрацино хьалххе хаийтинера Гагиевага бахам шаьш меттахIоттор бу бохучуьнга сатийса оьшуш цахилар, цуьнан хIусамдас ша неI схьайиллина хиларна Iедалша лоьхуш хиллачу нахана.
Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Гагиева Лайлаъа дуьйцу чуяха хIусам йоцчу шен дахарх а, бисина бахам мародерех ларба ша гIертарх а лаьцна.
- Станица Троицкая, Шефская урам – иза тхан адрес ду, - дуьйцу Гагиевас. – Тахана цигахь херцарш бен кхин хIума дац. Герз диттина тхан доьзалан машенна а. Юхалург ахча даккха дезна сан ков меттахIотош, буса ков-керт дIакъовла. Марадeраш бу лелаш. Полицин белхахой ца кхайкхина ас, буьйсанна уьш богIий а хаац.
- Оцу дийнахь, Товбецан-беттан 23-хь тхан хIусамехь тIом бара боьдуш. Бахам боцуш дисира тхо 300 эзар соьман барам хир болуш. Егира ерриг техника а, пхьегIаш а, бедарш а. Иза юха муха хIоттор ду. ТIедогIуш рицкъ дац суна заьIапхочуьнан 9 эзар сом пенси доцург.
Ткъа хIинца со а, сан йоI а буьйсаяккха меттиг а боцуш йисина, лулахошка йоьду тхойша дIайижа. Юьртан администрацино хьалххе хаийтира бахам шаьш меттахIоттор бу бохучуьнга сатийса оьшуш цахилар, сан хIусамдас тIемалой шен лаамехь чубитарна. Амма цунна хууш ма дацара уьш Iедало лоьхуш буй. Суна а, сан майрачунна а ца хаара иза. Со а, сан йоI а, ши а хIусам йоцуш йисна, шиа заьIапхо ю тхойшиъ.
- Муьлш бара аш чубитинарш?
- Тхуна вевзаш цхьаъ вара царах - Гадаброшев Аслан. 2015-чу шарахь Соьлжехь цуьнан деца гIишлош ечехь цхьаьна болх беш дара со а, сан хIусамда а. Операци хилале хьалха масех де хир долуш Гадаборшевс буьйса яккха чувитар дийхира тхоьга. Цуьнца кхин а ши стаг вара - Гадаборшевн стунваша Лолохоев а, Саралиев Мохьмад цIе йолу нохчо а. Тхуна аьттехьа а дадогIийла дацара уьш зуламхой бу аьлла. Ткъа уьш лехамехь хиллера. Тхоьгахь, гарехь, дIаловчкъа дагахь хиллера уьш. Амма церан сурташ цхьанха а дацара дIадиттина, цхьаъ лохуш хилча иза деш ма хиллара.
- ШолгIачу дийнахь шаьш дIа ца дагIар муха кхетийра цара?
- ХIора сарахь чохь Iан хIусам лоьхуш ду шаьш, олура цара, амма дIа ца боьлхура. Тхо шайх тешарх пайда эцара цара, амма, гарехь, цхьанха а дIабаха дагахь а ца хиллера уьш. Дийнахь ара ца бовлуш чохь Iара уьш, ткъа буьйсанна цхьанха боьлхий, кхачананан сурсатех буьзна тоьрмигаш а дохьуш, цIаберзара. Цара оьцурш механа уггар деза сурсаташ дара, тхан таронаш яцара уьш эца. Ахчанца халонаш хьоьгуш бацара уьш.
- ЦIанна штурм муха йолаелира?
- Товбецан-беттан 23-хь сатоссуш сан хIусамдас цаьрга дIагIо элира. ТIаккха царах цхьаммо автомат тIехьажийра Русланна. Масех минот ялале эскархой чулилхира. Со а, сан хIусамда а сихха дIададийра герзаш деттачу меттера.
Суна вон хиллера. Лоьраш кхайкхира. Сан майра машена чухаийна левеш вара. Сан йоI цIера араяьллера иза хилале масех минот хьалха. Иза стилист ю, клиенто кхайкхинера иза ловзарна кечлуш гIодахьара аьлла. Суна хезира цу чохь болчаьрга йийсаре дуьйла, бохуш, мохь бетташ. Амма карабаха дагахь бацара уьш, цара герз детта долийра. Кхуьа а кхелхира. Герз кхиссар, гIовгIа, лелхийтарш, цIе. Масех сохьтехь дахделира иза.
- Стенах лаьцна ойла йора ахь герздеттар доладелча?
- ЦIа дохор хиларх. Уггар ас сагатдийриг дара дийнатех хиндерг. Ши цициг а, Кортик цIе йолу жIаьла а ду тхан. Уьш дийна дисира. И дерриг лан хала ду суна, хIунда аьлча 25 шо хьалха тIамехь сан кхин цхьа цIа даьгна хиларна.
- Нохчийчоххьий?
- ХIаъ, Серноводскехь дехаш дара тхо, ГIалгIайчоьнан дозанна генадоццуш. Со цIера ГIалгIайчуьра ю. ТIом балале хьалха, йоI а кхиош, кIоштан дарбан цIийнехь лор-йиша болх беш яра со. Чукхеттачу йоккхачу тоьпан хIоъо хийцира тхан дахар. Кузах цIелеттера, къур балар бахьана долуш сихха ара ца довла делира тхо. Со а, сан йоI а вуно чIогIа ягийнера. Эскархоша госпитале йигира тхойшиъ. ГIо-накъосталлан организацино гIо дар бахьана долуш, Германехь дарба дира сан йоIанна.
- Компенсаци елирий шуна, хIусам йохорна?
- Цхьа а кепек, цхьа цуьрг латта ца делира тхуна. Нохчийчохь реза цахилира тхойшинна заьIапхочуьнан кехаташ дала. МухIажиран статус, нуьцкъала хIусамах яьккхина аьлла статус а яц сан.
- ГIо дещ цхьа а вуй шуна?
- Вац. Гергара нах а, тIедогIуш рицкъ а дац тхан. Троицкехь белхашца доьзна хьал ледара ду, болх боцурш дукха бу болх болчарал а. Сан йоI стилист болх беш ю, наггахь гочдархочуьнан болх а бо цо. ГIалгIайн университет чекхяьккхина цо, немцойн а, ингалсан а меттанийн факультетехь дешна цо. Тхуна гIо дан луург кхоьрур ву, аьлла хета суна, тхуна гIо дарна ша бехке варна.
***
Стигалкъекъа-баттахь дIакхайкхийра Соьлжан кIоштан территори тIехь лелаш Бютукаев Асланан тоба ю аьлла. ЦултIаьхьа вийра Росгвардин белхахо Алиев Увайс.
"Иза вер а оцу тобанна бехкедиллира, уьш лоьхуш операцеш йолийра. Амма кхеташ дац леррина сервисаш 2019-чу шарахь хIумма а ца деш хIунда Iийра", - бохуш вара Кавказ.Реалиига “Мемориалан” ГIалгIайчуьрчу декъан куьйгалхо Акиев Тимур.
Цхьана Товбецан-баттахь тIемалой хила мега боху нах лоьхуш алсам операцеш хилла дIадаханчу шарахь хиллачул а. 2019-чу шеран Товбецан-баттахь дуьйна 2020-чу шеран Марсхьокху-батте кхаччалц 4 операци хилира, ткъа кхушара Товбецан-баттахь уьш хилира – 5, хаам бина “Мемориало”. Верриг а оцу операцешкахь вийна 8 стаг.