ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Рамзан велла, Мовсар вийна". Нохчийчуьрчу дас-нанас дуьйцу Iедалхой шайна тIаьхьабовларх


Нохчийчуьра полисхой
Нохчийчуьра полисхой

Оьрсийчоьнан дехарца Интерполо лоьхуш ю Туркойчохь еха Нохчийчоьнан яхархо Сулейманова Арубика. Инсульт хиллачул тIаьхьа халла бен къамел а ца далуш йиссина 60 шо кхаьчна зуда. Ах ког дIабаьккхина а ю иза, даймахкахь бехкаш дохку цунна террорхойн гIоьнча хилла ю бохуш. Нохчийчохь шолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа Ичкеригахьа тIом бан цуьнан кIентий гIевттича, Арубикина бехкаш дехкира, гIаттамхошна гIо деш ю аьлла.

Стамбулна генарчу кIоштахь ехаш ю Арубика шен хIусамдеца Хьасанца. Веданан кIоштарчу эвлара бу уьш шаьш, шинне а 60 шераш ду. Виъ кIант дуьненчу ваьккхина да а, нана а тахана гIо дан стаг а воцуш, шаьшшиъ дисна. Церан жимахверг набахтехь хан токхуш ву, шолгIа воI къайлаваьлла цхьанхьа, воккхаха волу шиъ Нохчийчохь вийна шолгIачу тIамехь.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Арубикас дийцира, террорхошна гIо латтийначийн тептаре ша яккхарх а, цул тIаьхьа туркойн набахте кхачарх а. Лазар текхначул тIаьхьа халла бен йистхилалуш йоцучу цунна гIо дора жоьпаш луш хIусамдас Хьасана.

Арубика: 80-чу шерийн юьххьехь девзира со а, Хьасан а. Цхьана хенара ду ала мегар ду тхойшиъ, цхьана доьшуш а дара, Хьасан лакхарчу классехь вара сол а. 1982-чу шарахь дуьненчу велира тхан дуьххьарлера кIант Рамзан, цул тIаьхьа шо даьлча Мовсар а. Кхин а кхо шо даьлча Ризван, цунна тIаьхьа итт шо хан яьлча вира ас Рашид. Набахтехь ву иза хIинца, Ризван уьдуш лелаш ву, воккхахверг воцуш ву.

- Нохчийчуьра маца дIадахара шу?

Арубика: 2000-чу шеран Гезгамашин-баттахь тIамах девдда Азербайджане кхечира тхо, цигахь 12 шо даьккхира оха. Цул тIаьхьа Туркойчу дехьадевлира, хIунда аьлча, тхан доьзалхошца хиллачунна тIехула тхуна тIаьхьабевлла нах бара.

Редакцин билгалдаккхар: 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь болийра Нохчийчохь шолгIа тIом. ХIетахь Басаев Шемала а, Хаттаба а буьйралла а деш, эзара гергга гIаттамхо чувеара Дагестанерчу Гигатли эвлана. Жигара тIемаш бира 1999-чу шарера 2000-чу шаре кхаччалц. Бакъду, контртерроран операцин раж лаьттира регионехь 2009-чу шеран Охан-беттан 16-чу дийне гергга.

- Федералан эскаршна дуьхьал тIом бан ваханера и шиъ?

Арубика: ХIаъ, воккхаха волу шиъ ваханера. Шо хьалха Рамзан гергарчу нахана тIехIотта вахара, хIетахь дийна дара Хьасанан къена да а, нана а. Шелахь шеца цхьана классехь хилларг а, кхин цхьа вевза кIант а дуьхьалкхетта хиллера Рамзанна. Арахь лаьтташ, къамелаш деш хиллера уьш, федералан эскархой тIеIиттабелча. Цуьнца цхьана дешнарг а, важа кIант а ведда ваьллера, ткъа Рамзан цара дIалаьцнера. Бертаза тIемалойн духар цунна тIе а доьхна, граната а кхоьссина, бехкевира иза, теракташ кечдеш вара аьлла. Нохчийчуьра тхайн петар дIайоьхкира оха, кхин тIе а декхарш хьерчийра, иза церан карара ваккха Iалашонца. Цхьа шой, ах шой хан туьйхира цунна чохь яккха. ХIетахь дуьйна Бакухь а маьрша дуьтуш дацара тхо: даим а полисхой оьхура неIаре.

Хьасан а, Арубика а
Хьасан а, Арубика а

2005-чу шарахь шолгIа дIавахара Рамзан, тIемалойх дIакхета, цунна тIаьххье Мовсар а. Тхуна хууш дацара цунах лаьцна. Интернет-кафе воьду аьлла, дIаваханера и шиъ. ШолгIачу дийнахь Нохчийчуьра схьа телефон туьйхира. Тхайн аьтто хиллехь, оха вохуьйтур вацара. Шо даьлча тIамехь кхелхира Рамзан, ткъа Мовсар вийра ворхI шо даьллачул тIаьхьа Гакаевца цхьана (Гакаев Муслим - "Кавказан Имарат" тобан хьалханча вара- редакцин билгалдаккхар). Ша валале хьалха тхоьца зIене велира иза, тхо шена къинтIера даха дагахь. Шен диссинарш тIаьххьара денош дуйла хууш хиллера цунна.

Хьасан: 2013-чу шарахь Бакухь со волчу цIа ницкъахой баьхкира. Суна ца хаьа, муьлхачу пачхьалкхан уьш бара. Суна хетарехь, меттигера а, Оьрсийчоьнан а хилла хир бара уьш. Ас чухула неI дIакъевлинера. Цара неI йиттира, лулахой меттахбовллалц. Цул тIаьхьа, ха хIоттийнера цIенна гонах. Тхуна хаьара, гIуллакх дIадахлур долуш дуй, тIаккха Туркойчу дIадахара тхо.

- Арубика Интерполо лоьхуш юйла муха тусаделира шуна?

Хьасан: 2015-чу шарахь Европе дIадаха кечлуш дара тхо. Меттиг а билгалбаьккхинера, тхайна новкъахь оьшун йоцург нахана дIаса а еллера. ТIаьххьарчу мIаьргонехь хиира, Арубика Интерполон базехь юйла. Жимахволчу кIантана карийнера цуьнан карта машанехь. Цу тIехь яздина дара "терроризмна гIо латтийна ю" аьлла. Иштта диссира тхо Туркойчохь. Тхайн хан кхин дIа а яхъяйта тхо меттигерчу администраци даьхкича, Арубика дIалецира, оха кехаташ чу ма делли. "Оьрсийчоьнца проблемаш ю цуьнан" алар доцург, кхин цхьана хIумана тIахьа а ца кхиош.

Арубика: Со кхеташ яцара, суо стенна лаьцна? Цхьа а зуламаш дина а яцара со. Исламан гIоьналлин организацино накъосталла дира суна адвокат лоцуш. Туркойчоьнан премьер-министре а цхьана даьлла бохуш, дуьйцура сан гIуллак. МухIажирийн набахтехь баттахь латтийра со, цул тIаьхьа дIахийцира. Iаламат гIад дайна хьелаш дара цигарчу камера чохь. 200 зуда ю чохь, дийнахь а, буса а уьйзу цигаьркаш цара. Эххар а диабет меттахъелира сан, цIийн таIам а совбуьйлура.

- ХIун дара цара хьуна дуьхьал даьккхинарг?

Арубика: Со нийса кхеттехь, 2010-чу шарахь ас сайн кIантана делла 300 долларшкахь ахча дара дуьйцург. Мовсара Нохчийчу кхайкхинера со. Цига дIаяхча хиира суна, молханаш оьшуш хиллера иза. Тхайн Нохчийчуьра боллу бахам боьхкина девллера тхо хIетахь. Цига яхначохь ас деллера цунна и ахча. Меттигерчу цхьаммо мотт тоьхна хиллера. Иза вийначул тIаьхьа, терроризмна гIо латтийна аьлла, дерзийра цара гIуллакх.

Хьасан: КIентий беллачул тIаьхьа боллу тхан доьзале бала беара. 2014-чу шарахь Туркойчохь ваха бакъо кхин дIа яхъян ваханчохь лецира Ризван, кхин а шо даьлча Арубика а. Тхо кхуза схьадаьхкинчул тIаьхьа Ризван цкъа а даймахка вахана вац, цунна дуьхьал цхьана а кепара тоьшаллаш дацара, амма иза набахтехь латтийра эхашарахь.
Лоцучу заманчохь полисхоша бахьана ца дуьйцу хьоьга, лоций, дIавуьгу.

Кавказ.Реалиин редакцин аьтто ца баьлла Туркойчоьнан полицига хатта, мича бахьанашца лаьцнера Ризван.

2017-чу шарахь юха а набахте кхечира Арубика. ЦIера лаьцна дIайигинера иза. "ТIе хIума а юхий, хьалхаяла"- иштта, кхин къамел дIа а ца дойтуш. Кехаташ чудала яха а ца яьхьаш леллера иза, юха а шена тIаьхьабовларна кхоьруш. 2018-чу шарахь жимахволу Рашид а цхьана вигира полицино. Ши шо а ду иза набахтехь волу, Ризван Туркойчуьра дIавахара.

- Рашид стенна бехкево?

Хьасан: Терроризм бахьана долуш муьлхха а кавказхо дIавига тарло кхузахь. Ур-атталла, зударий а, кхиазхой цхьана. Стохка со а лецира. Пхи шо кху пачхьалкхехь даьккхинчул тIаьхьа, кху мехкан вахархочун бакъо хила йиш ю сан. Кехаташ а кечдина, Iедална тIеваханера со, цигахь шогаллица лецира. Ша цхьаъ цIахь йиссинера хIетахь Арубика. Рашид а, со а набахтехь вара. Кхело бехкалара ваьккхира со, амма тхуна-м дика хаьа: нагахь санна, оцу системано цкъа лаьцний хьо, кхин цкъа а дIахоьцур вац. Юха а рогIера хан дIаяхъеш кехаташ чуделла ас, кIиранчохь цкъа мукъна а Рашиде телефон тоха бакъо хилийта. Иза ган аьтто ца боккху тхан.

- Арубика, коган ах маца яьккхина хьан?

Арубика: Масех шо хьалха пхенашкара цIий соьцура сан, гангрена йолаелира. Дарбан цIийне дахара тхо, кхаа дийнахь-бусий лоьро тергал а ца йора. Ког лозура сан, йола а ца ялалуш, йиссинера со. Берриг а цIийбеллера сан ког, хIетте а УЗИ-га кхаа кIиранах хьежа деза бохура. ХIетахь гIоьналлин организацино накъосталла дира тхуна эххар а, лоьраш тIебирзира суна тIаккха. Юха лоьро боху, ког дIабаккха беза. Хьасана мохь хьоькхура цунна тIе оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь, туркойн мотт ца хаьара цунна. ТIаккха гочдархо кхайкхина валийра, барт хилира, лоьро этIор бу ког, пхенаш цIандеш аьлла. Цхьа де даьлча ког ийгIира сан, инсульт а лайра ас. Цул совнаха, аьтто ца белира коган пIелгаш дита а, коган кIело дIаяьккхира сан. ХIинца астагIа ю со.

- ХIун хир ду аьлла хета шуна, шу Оьрсийчоьне дIалахь?

Арубика: Оьрсийчу со дIахьажочул а, йийна дIаяккхахьара со. Туркойчоьнан Iедалхоша нохчашна депортаци ца йо, иштта делла дош ду. Амма хууш дац, меллалц оцу тIехь хIорш схьабогIур болуш бу.

Хьасан: 2017-чу шарахь Туркойчохь теракт даллац кавказхошна Iаламат маьрша, синтеме дара боху кхузахь ("Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхоша шайна тIелецира хIетахьлера теракт). Оьрсийчоьно нах схьабоьхуш кхоьхьуьйту кехаташ а тергамза дуьтура боху полицино. ХIинца дерриг а хийцаделла.

***
Нохчийчуьра схьабевлла масех иттаннашкахь эзарнаш нах беха Туркойчохь. Бу царлахь Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь кхелхина баьхкинарш а, иштта, Iедало баха ца буьтуш, я экономикан хьал ледара хиларна бевдда баьхкина карарчу заманан эмигранташ а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG