Сулейманов Юсуп
Тийналлехь ойланаш
Къийсамо ластаво атта
Халонийн мохь ца ловш кхиънарг.
КIентий зуьйш хьийзаш ду латта,
Стаг вац и хаздан ца лиънарг.
***
Дозалдеш, хьешашна шен палс ша хесточо
Нехан чохь мачашца куз хьоьшу, боху.
Хьакъ доцчохь и шен мотткомаьрша лебечо,
Стагана оьшучохь, цхьа дош ца олу.
***
Сий дIаделла, са лардинехь,
Велла ма ву хьо.
Орам хаьдда, гIад дисинехь,
Дитт а дакъало.
***
Хьоьгахьа оьгIазло латтош
Ехачу хьуьнхарчу барзал
Кхераме ю хьуна, накъост,
Кертара юьхь шалха пхьагал.
***
Терзан тIехь узуш дацстогалла, хьуьнар,
КIиллолла юстуш а аьрша яц вайн.
Амма и кIиллолла когаш кIел хьерчош,
Стогалло сийлалле туьллу шен тIай.
***
Яжийта и вир ахь, буц хьанал ю цунна.
Хьоза а дита хи мала.
Делкъенгахь гIаьттина, текх лоьхучунна
Оьшуш дац хIумма а яла.
Шаьлта ян ша хоржуш, болато аьлла:
-ТIедожий аш суна сов хала декхар.
Некъ ас дIаболабахь, къийсаме даьлла,
Ларделаш наьIалтах сан шийла декар.
***
ГIийлачийн ирс лардеш, майрачу кIанта
МостагIий эгочохь лестийла шаьлта!
Дезачохь сийлахьчу мехкан сий лардан,
Ма хуьлда цхьаннан а тур, гIама аьрта!
***
ХьастагI цкъа кешнашкахь, чурта тIехь суна
Шаьлтанан сурт гира диллина, хаздеш.
ХIун гIоли йора те цо веллачунна?
Я дара и биснарш шаьлтанах ларбеш?
***
БIаьхо-пхьар, тIамехь цкъа чов хилла, лесташ,
Шен некхах йоллучу шаьлтане хьаьжна.
Мацах ша тесначу шаьлтан мукъ бевзаш,
Вистхилла, шаьлтанаш ма елаш аьлла.
***
Хьекъалца барт боцуш ахь динарг,
Байттамал ца кховдош, доьрзур дац.
Нахера тезет гуш къегинарг
Шен ловзар лардан а кхуьур вац.
***
Дузарх, жIаьло, бIаьрг ца Iебаш, гуй лардо.
Схьахетарехь, леладо цо шехь товшдерг.
Бакъду, суна-м цул дуккха а цIармат го,
Кадеттарца, нехан текха кхийдаш верг.
***
Куьйгашца боьгIначу ножал а чIогIа ду
Иллешца ахь доьгIна зезаг.
Къанделла, тиш ца луш, и даим лаьттар ду,
Массаьрга кхийдабеш безам.
Дитто бен дегI даккхац моттлаьцна лаьттачохь,
Ма латта, хьо стаг ма ву.
Стамло и шовда а, хьалхахьа некъ бечохь,
Хиъна Iар-тишвалар ду.
***
Хьекъале лор лехна я эсал вист хилла,
Берзалур бу хьоьга муьлхха а син лазам.
Такхалур боцуш бу, кIоршаме вас йина,
Адаман бIаьргах ахь баьккхина хин тIадам.
***
Некъ шера нисбелла, хьо тоьлла вогIучохь,
Ахь, воьлуш тIеэцахь гIийлачо дина арз,
Дахаран вордано, лесташ, ха тоьхначохь,
Кога тIехь хьо чIагIван орцахо карор вац.
***
Мерза ду шекаран мутт
Я бIаьста даьккхина моз.
Царел а мерза ду хьуна
ДоттагIчун даггара дош.
***
Мохь ойбуш аренца эмкал дIаяханчохь,
Ларчанна сагатдеш, вир леха оьшуш дац.
Куьйгашца цхьа гIуллакх вай дина девллачохь
Хабарца и нисдан малонча оьшуш вац.
***
Урамехь, балхахь я баьхкинчохь хьеший,
Духаршка хьоьжуш, ас ас къестабац нах.
Цхьаволчо хьалха куй тидаме оьций,
Лахара хадабо цу коьртан мах.
***
Цхьаволчо даздо шен кхузткъа шо кхачар,
Пайденна ша динчийн жамIаш дар доцуш.
Адамийн ирсана дIаделла дахар,
Доца ша хиллехь а, ду чаккхе йоцуш.
***
Хьекъалчо, шена мел новкъарло хиларх а,
Iовдалца дош къовса хIуттур ма вац.
Дуьненчохь шена наж ца карош йисарх а,
Аьрзуно ярашлахь бен а бийр бац.
***
ТIулг огу догIано, саццаза дилхича,
Галволу стаг а, ша хаддаза хестийча,
Лоькхучо яхйинехь, зурма а кIордош ю.
Мел хазчу гIуллакхан, хаалахь, доза ду.
***
Ойланашца даге орца доьхуш,
Ма лехалахь иллехь ала дош.
Дог хилийтта кхехкаш, накха морцуш,
Даима а ойла хьалха хьош.
***
Дахаре ца догIург доьхуш, хьо ма гIитта.
ДогIуш дерг ахь эрна юха а ма титта.
И ший а декхар ахь хьакъ ма-дду лар ца дахь,
Ирсо а шен тIемаш хоьцур дац хьан кертахь.
***
Ларъелахь яхь йолчу кураллин лакхалла:
Ишттачу лакхалло сий герга узу.
Амма ахь ма делахь хьайх цкъа а дозалла:
Дозалле кхевдинарг беламе вужу.
***
ТIам бойча, олхазар есачу арахь,
Болар деш, лелар ду муха?
Безамо хьаьстина дог-ойла яцахь,
Ткъа хьо а тIам боцуш ву-кха.
***
Шайнначул пайдехь ю яраш а.
Делахь а товш яц уьш кIен арахь.
Цхьаццаверг эшна ву ярел а,
Шен меттиг мичахь ю ца хаахь.
***
Бохамо лаьцначохь,малвелла, вилхинарг.
Дикано хьаьстинчохь доттагIий бицбинарг,
Хадийна яр санна, стогаллехь азлуш ву.
Ша шен тIех везачун яхь атта юхуш ю.
***
Воккха стаг беркат ду, ахь цуьнан сий делахь.
Жиманиг вайн ницкъ бу, и Iалашвелахь.
Хьекъале воккха стаг цаларар-толам бац.
Кегийрхой ларбинарг къийсамехь эшна вац.
***
И шовда когашца даржийна, дIаводвхь,
Товш боцчу хьан некъе берд шийла хьожур бу.
Эхьах ца ларлуш, ахь осалниг дIакхехьахь,
Хьан лорах и деъна, хьан коча кхочур ду.
***
Нахана эшначохь дош шийла хилла верг,
Безамца цIе йоккхуш, хьахийна меттиг яц.
Хилийта хьайн гIоьнца стагана диканиг,
Диканца вогIург бен толаме кхаьчна вац.
***
Ша цхьалха лаьтта дитт гIайгIане хета.
Моттало, мох баьлча, и доьлхуш ду.
Хала дац, сан ваша, кху дешнех кхета:
Тобанца яьккхина хан мерза ю.
***
Совцар доцчу мархийн тIамарш санна,
Сан ойланаш шуьйра дIасаяьржи.
Уьш тIегулъян орца оьшуш дагна,
Цунна гIоьнна аса хаьржи.
***
Дависарг-яI, хIунда яц те мархаш,
Хьо йохъелча, хьуна IиндагI деш?
ХIунда бац техь даим дашо малх а,
Хьуна эшча, зIаьнарш Iенаеш?
***
Леци-техь со бекхаман кхело,
Хьан дог хIетахь ца хьастарна ас?
Шеца йолуш цхьа шатайпа шело,
ГIаьтти техьа сатийсаман дарц?
***
ТулгIеш етташ, басца гIийла догуш,
Зезагаш ду шаьш вовшашка луьйш,
Мичахь йиси и вайн бIаьстте, бохуш,
Вайга кхойкхуш санна хета уьш.