Шайн шеконаш эгначу нахаца нохчийн Iедалхоша лелош йолу политика цхьа бахьана ду гIаттамхойн могIарш дузаран. Бакъоларъяран "Мемориал" центро дина оцу кепара дIахьедар, Нохчийчуьрчу Серноводскан кIоштахь дIаяьхьначу леринчу операцех дуьйцуш. Цигахь байъина, тIемалой бара аьлла, Борчашвили Рустам а, Байдулаев Казбек а.
"Мемориалан" информацица, 2008-чу шеран Охан-беттан 12-чохь дуьххьара дIалецира Байдулаев, шен 20 шо долчу хенахь. ТIехьа-Мартанарчу полицин декъехь ницкъбина, ша шена тIе бехкаш дахкийтира цуьнга, гIаттамхойн тобанхошца дакъалаьцна ву ша а олуьйтуш. Набахтехь яккха ялх бутт хан туьйхира цунна.
Оццу шеран ГIадужу-беттан 10-чохь маьршаваьккхира Байдулаев, юха ах шо даьлча, 2009-чу шеран Зазадоккху-баттахь лачкъийра иза. ТIаьхьа шен нене дийцина хиллера цо, кIоштан полисхойн декъехь шена йеттарх, Iазап латторах, ша сийзазварх, юха а бехк тIе а лоцуьйтуш.
Кхелехь ма-дарра дийцира Байдулаевс, шена тIехь ницкъбарх а, боцу бехк тIелацийтарх а, иштта, ша хьийзорах а. Ши шо хан кхайкхийра цунна набахтехь яккха хIетахь. Хан яьккхина араваьллачул тIаьхьа а, полисхоша шайн тергонехь латтавора иза. ТIаьхьо бух а боцуш, бехкевира иза 2014-чу шарахь ГIуран-беттан 3-чу буса Соьлж-ГIалахь гIаттамхоша тIелатар дича. ТIаккха дагийра Янди-кIотарара цуьнан да а, нана а чохь дехаш хилла цIа, доьзалан махкахь бала дийзира.
"Цхьа а шеко яц, пачхьалкхо къийсам латтон безаш бу терроризмца а, гIаттамхойн тобанашца а, - аьлла хета "Мемориалан" Кхеташонан декъашхочунна Орлов Олегна. - Амма и къийсам шога, низамийн гурашкахь дIабахьа безаш бу. Iазапаш, нах лечкъор, къайлах латтон набахтеш, тIемалойн гергарчийн хIусамаш ягор а - къайлах лелачу тобанхошца Нохчийчохь лелочу кепаша, эххар а террорхойн база шорйо. Вайна гуш ду иза Байдулаев Казбекан кхолламан масалца".
Карарчу беттан 13-чохь Соьлж-ГIаларчу Октябрьскан кIоштахь контртерроран операцин режим кхайкхийра. Цигахь вийра виъ стаг: Iедалхоша чIагIдо, уьш тIемалой бара бохуш. Ницкъаллийн структурашкара шиъ вийра, цхьанна чевнаш йира.