ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Кадыровн гонера нах хила тарло Нохчийчохь хирург вийнарш


Нохчийчуьрчу дарбан цIийнехь операци йина пациентка яларца доьзна, хируг Дагаев Салахь вада а вина, йиттина вийра. Лор гIорасиз а вуьсуш, елларг яра Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонерчу цхьаьннан гергара зуда, яздо махкарчу бахархойн тоьшаллашна тIе а тевжаш, "Кавказский узел" газето.

Дуьххьара Дагаев верах лаьцна кхо кIира хьалха хаам баржийра 1ADAT телеграм-канало. Паблико дийцарехь, лоьро операци еш елларг Гуьмсан кIоштара йоккха стаг ю, иза хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу цхьана хьаькаман йиша. Оццу дийнахь туьтмIаьжигашкахь болчу наха вадийна Дагаев. Иза дIавоьллина байначу беттан 24-чу дийнахь ГIойтIахь. "Кавказский узело" довзуьйту хируг валар туьдуш цуьнан коллегаша а, юьртахоша а дина къамел.

"Салахь Соьлжа-ГIалахь вехаш вара. Цигахь бу цуьнан берриг доьзал а. ГIойтIахь церан гергарчийн кешнаш ду. Иза кхуза, ваша волчу валийра, хила ма-дезза лийча а вина, дIавоьллира. Иза лийчош, дIавуллуш хьийзинчара боху Салахьан дегIа тIехь дийна меттиг а яцара. Юьхь а хилла цуьнан цхьа доккха цIийн томагI", – дийцина ГIойтIарчу Зоврбек цIе йолчу вахархочо.

Дагаевн валарх лаьцна Нохчийчуьрчу прокуратуро я чоьхьарчу гIуллакхийн министралло йина комментари яц Кавказ.Реалиин редакцина цкъачунна. "Кавказский узел" газетехь йолчу информацица, гергарчара лов валарх лаьцна "официалехь" йовзуьйту верси ю инфаркт.

Дагаев Салахь валарх лаьцна ца яздина Нохчийчуьрчу цхьана а хаамийн гIирсо.

  • Дагаев Салахь куьйгахо хилла Республикан дарбан хIусаман хирургин декъан, цул тIаьхьа болх бина цо Хьалха-Мартанарчу клиникан дарбан цIийнахь. «Адамийн бакъонаш Iалашъярна» ("За защиту прав человека") мидал елла а хилла цунна.
  • 1ADAT телеграм-каналан авторша шайн пабликах оппозицин болам олу, цара чIагIдарехь, Кадыров Рамзанан Iедална дуьхьал бу уьш, паблико Iорадоху цо махкахь ден зуламаш.

XS
SM
MD
LG