ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": 7 стаг лачкъийна Нохчийчохь. Кхоъ ву къайлахчу набахтехь латтош


Бакъоларъечу "Мемориал" центро дIахьедина Нохчийчуьрчу Чечана юьртара ворхI вахархо низам латто тIебехкинчу Iедалан ницкъаша вадийна хилар.

Ши бутт гергга хьалха Соьлжа-ГIаларчу къайлахчу набахте а бигина, Iазап латтийна царна тIехь. Бакъоларъярхошкахь йолчу информацица, виъ дIахецна, ткъа кхоъ хIинца а ву набахтехь.

Чечанара Мангал-беттан 29-чу дийнахь лачкъийра Абдулвагапов Мохьмад, Дакаев Мохьмад, Амерханов Iаьрби, Хататаев Ихван. ШолгIачу дийнахь вадийра Идигов Адам а, Алиев Аслан а, Бероев Адам а. Уьш массо а латтийна Устрада-ГIаларчу полицин декъехь. Цигахь царна тIехь гIело латтийна, йиттина, сийсазбина, чIагIдо "Мемориало".

"Шаьш ницкъхоша цунах "профилактика" олу. Гергарчарна ца хаийтина лечкъийнарш болу меттиг, царех дерг хиина царна нахехула", – боху бакъоларъярхоша.

ДIабахначу беттан 18-чохь дуьйна мукъабаха болийна лецнарш: юхьанца дIахецна Алиев, Бероев, карарчу беттан 7-чу дийнахь мукъаваьккхина Амерханов, цул тIаьхьа - Хататаев. Тахана а вуьсуш ву лаьцна Абдулвагапов, Дакаев, Идигов, официалехь уьш лецна бацахь а, яздо "Мемориало".

Бакъоларъяран центро дийцарехь, кху беттан 4-чохь Ростов-гIалахь лецна цига бахана хилла СемаьIашкара кегийнах: Дотмерзаев Адам а, Ашаханов Муса а. ТIаьхьа Нохчийчу дIабигина уьш, ТIехьа-Мартанарчу полице. "Мемориалан" хьостанаша чIагIдарехь, хIинца а ву и шиъ полицехь, цара Iазап лов цигахь.

  • "Кавказский узел" газето дийцарехь, дIабахначу беккъа цхьана баттахь Нохчийчохь лачкъийна лаххара а 53 стаг. Царалахь ду зуда-майра а, кхиазхо а. Журналисташа бахарехь, Нохчийчохь нах лецарх, хьийзорах лаьцна информаци яржочу 1ADAT телеграм-каналан модераторан, шишанна тIехаийначул тIаьхьа ша волу меттиг къайленехь юьсуш волчу Тепсуркаев Салманца уьйрашкахь болу нах лохуш лецна уьш.

XS
SM
MD
LG