ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден Джо тоьлла лору Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан харжамашкахь


Хажамкъасторхоша Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дарж караэца оьшучу 270-ннал сов кхаж а тосуш, толаме кхачийна демократ Байден Джо.

Оцу хьокъехь хаамаш баржийна, кхаьжнаш багарбина бовлучу кхаьчча Америкерчу уггаре яккхийчу информацин агенталлаша а, телекомпанеша а, газеташа а, шайлахь Associated Press, CNN, NBC News а долуш.

БАЙДЕН Джозеф Робинет

Вина 1942 шарахь Пенсильвания штатехь. Политикан некъахь цуьнгахь хиллачу уггаре лакхарчу даржех ду Американ вице-президентан дарж – 2009-2017 шераш, Обама Барак президент а волуш.

Ткъа вице-президент ша харжале иза вара Делавэр штатан сенатор (1973-2009).

БАЙДЕНА ОЬРСИЙЧОЬНАХ ЛАЬЦНА ДИНЧУ КЪАМЕЛАШКАРА

  • "Кхерамзалла а, юкъарлонаш дохор а хьахош делахь, уггаре боккха кхерам Американа кху сахьтехь Оьрсийчоьнера бу, суна хетарехь. ШолгIа делахь, массарел йоккха конкурент ю Китай " (2020 шо, ГIадужу-бутт, 25, CBS телеканална елла интервью).
  • "Хуьлуш дерг – иза ду Оьрсийчоь сох Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент ца хилийта гIертар, хIунда аьлча, царна хаьа шаьш суна девзий, со царна а вевза". (2020, ГIадужу-бутт, 22. Трамп Доналдаца тIаьххьара хилла дебаташ).

Байден харжамашка велира шеца вице-президентан кандидат Калифорнера Харрис Камала а йолуш. Американ Штатийн иэсехь иза дуьххьара ю вице-президентан дарже хIутту зуда.

XS
SM
MD
LG