ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайначу жигархочух Тепсуркаевх долу арз кхаьчна Европан кхеле


Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело листа тIеэцна нохчийн жигархо, Телеграмерчу 1АДАТ пабликан модератор Тепсуркаев Салман варах долу арз. Оцу хьокъехь хаам бо "Кавказский Узел" газето.

Бакъоларъярхоша Оьрсийчоь декхарейо Тепсуркаев лаха а, иза мукъаваккха а, цунна кхерамзалла кхачо а. Юьхьанца Европан кхело т1е ца ийцира арз, амма масех дед даьлча, шен сацам юха а баьккхина, листа магийна.

Оьрсийчоьне хеттарш хьовсийна кхело: юй пачхьалкхан урхаллаш жигархо вадийначу нахаца, хIоттийний цунна т1ехь Iазап? Оьрсийчоь декхаре ю Страсбурге тIебог1учу беттан 12 дийнале жоп хьажо.

  • Гезгамашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе.
  • Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.
  • "Кавказского узел" газето яржийначу информацица, ши бутт хьалха Нохчийчохь лачкъийра лаххара а 53 стаг, байначу а, карарчу а беттанашкахь цIера бигина иттаннаш кегийрхой. Доккхачу декъанна и нах идийна Тепсуркаев Салманан контакташ лохуш а, Европерчу нохчаша мехкан Iедална критика еш араюьйлу материалаш ешарна, цаьрга хьийсарна.

XS
SM
MD
LG