ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дала дитина бераш". Оьрсийчоьно муха цIа балабо (ца балабо) Шемара шайн бахархой


Шема дIаяхана хилла Нохчийчуьра Иман а, цуьнан ши бер а
Шема дIаяхана хилла Нохчийчуьра Иман а, цуьнан ши бер а

Эзарнашкахь Оьрсийчоьнан бахархой Шемахь а, Иракъехь а буьсуш бу. Доккхачу декъанна, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхойх бисина зударий а, церан баккхий доьзалаш а бу уьш. Дукхахболу зударий Къилбаседа Кавказан мехкашкара схьабевлла бу – 2013-2015-чу а шерашкахь шайн цIийндайшна тIаьхьа Шема бахначохь бисина уьш. Ткъа цхьа дакъа, бакъонан халифатехь токхе дахар хир ду аьлла, Iехийна бигина бу. Кавказ.Реалиино дуьйцу, хIинца а мухIажирийн каппашкахь шаьш даймахка дIабигаре сатуьйсучийн кхолламех.

ГIоьнчаш бац, Iехийнарш бу

"ДаIишхойн хIусамнанойн" гIуллакхаш ледара ду тахана. Йийсарехь бала хьоьгуш бу уьш, йа ха дечу яккхийчу каппашкахь декъаза хан йоккхуш бу, адаман дахарехь оьшу таронаш а йоцуш. Гата тоьхначу четаршкахь хьаштагIаш а йоцуш, шайна тIехь цIано ян аьтто а боцуш, хене буьйлу уьш. КIиранашкахь хи ца кхочу царна, йа тIекхачош лоьраш а бац.

Къилбаседа Кавказера зударий цIа кхуьйлуш, хIинццалц болх беш хиллачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах адамийн бакъонаш Iалашъечу кхеташонан декъахочо Саратова Хедас юха а гIаттийна церан хаттар.

Кавказ.Реалиин корреспонденте цо дийцарехь, тIаьххьарчу шерашкахь и проблема шайна тIелаьцна Оьрсийчуьрчу берийн омбудсменан Кузнецова Аннин аппарато. Делахь а, тIаьххьара Оьрсийчу Шемара кема деана, нохчийн бераш а цхьана далош, Марсхьокху-баттахь.

Саратовас чIагIдарехь, ян ма-еззара терго ца йо, уьш Оьрсийчоьнан бахархой а боллушехь, церан гIо деха бакъо а йоллушехь.

Цкъачунна юкъаралхошна а, бакъоларъярхошна а дуьсург ду, Шемахь болчу зударийн гергарчеран дехарш дIа а яздеш, зIене буьйлучеран кхоллам тергонехь латтор.

"Со масаьрца а зIенехь ю – цаьрца къамелаш до, гIо до, сайн ницкъ боллучу барамехь. Ткъа хIинца Кузнецова Аннин аппарато шайн караэцна и гIуллакх.Шемара цIа бахка луучийн цIераш оха дIаелла цаьрга. Бераш хилла а ца Iа даймахка берза луучаьрца. Шайн доьзалш а, церан бераш а цIа дерзо луучу гергарчаьрца къамелаш до ас. Цхьадолу бераш шайн наношкара схьа а даьхна, даймахка далийна. Царех хIун хир ду? ХIун дог-ойла ю церан гергарчийн? Суна хетарехь, берашца доьзначул а актуале ду тахана зударшца доьзна хеттарш. Царех цхьа йист яккха еза. Уьш тилина, цига бигина нах хIинца цаьргара ахчанаш даха гIерта, уьш цIа буьгург. Оцу зударша бала Iоьвшина. Гал ца волуш мила ву шен дахарехь? Дера хIета, кхолламаш а тайп-тайпана ма бу, кеп-кепара некъаш а. Делахь а, уьш цигара даймахка берзон беза", - дIахьедо Саратовас.

Цо бахарехь, цIа бахка луучу Оьрсийчуьрчу зударша дийцина, Родже а, Аль-Холле а, Шеман Къилбаседанерчу каппашка а цхьа зуда а, цхьаъ-шиъ бер а дIакхеториг шайгара 20 эзар долларшкахь ахча доьху аьлла.

"Бизнес ма яра иза, хIинца а ю. Оцу нахаца Iаламат кхераме ду зударшна зIене бийлар, хIунда аьлча, уьш дIа а ца кхачош, некъан юккъехь бита тарло цара, Iехийна, ахча а даьккхина, - дуьйцу Саратовас. – Делахь а, шайн йоьIарий оцу юкъара схьабаха хьаьгначу дас-нанас шайн цIенош, бахам дIабухку. Цхьана а кепара низамаш цигахь лелаш дац, оцу зуламна дуьхьало ян ницкъ а бац".

Цкъа уьш Шема дIа а бигина, хIинца - цIа бохуьйтуш гIо дийр ду бохуш, царна "вербовка" йинчу нехан зуламе Iалашо хиларан тоьшалла ду - цига дIабахначу цхьаболчу зударшна цара харц кехаташ даьхна хилар.

"Со йолчу офисе баьхкинчу наха, шайн доьзалийн а, церан берийн а документаш дохьура. Церан дозанал араволучу хенахь пайдаоьцу паспорташ цIахь Iохкуш хиллера, ткъа уьш шаьш Шемахь болу дикка хан а ю. Дайшна-наношна бехкаш дохкура ницкъаллийн структураша, ткъа хIун дийр ду нанас: цо кхиина, маре яхийтина шен йоI, ткъа цуьнан майрчо иза дIайигина", - дуьйцу Саратовас.

Хьайн цIийндас бохург де, йа хьайн цIа йола

Димаьшкъарчу набахтехь йолчу 30 шо долчу Иманан да ву Соьлж-ГIалара Давлетмирзаев Iийса. Цо дуьйцу, шен йоI Шема дIаяхарх а, тахана иза муьлхачу хьелашкахь латтош ю а.

"Адамашна цхьана а агIор кхераме яц сан йоI. Шайн лаамехь цига дIабоьлхучара, шайн документаш хIаллакдо, зIенаш хедайо. Ткъа цунна ца хаьара ша стенга юьгуш ю а. Шен хIусамдена тIаьхьа яханера иза Туркойчу. Тхан иштта цхьа менталитет ю-кх, ас сайн зудабераш а иштта кхиина ду: маре яханий хьо- хьайн хIусамдас боххург де. Цунна муьтIахь хила ца лаьий, хьайн цIа йола", - бохуш, дуьйцу Давлетмирзаевс.

Шен йоI Шемахь маца дуьйна ю билггал хууш дац дена. 2015-чу шарахь шен йоI яханарг веллийла хаьа цунна.

"Туркойчохь бехаш бара уьш, - кхин дIа дуьйцу Iийсас. - Хьажа-хIотта цIа а еара тхан йоI, кхузахь дуьненчу велира цуьнан доьзалхо а. 2014-чу шарахь юха а Туркойчу дIаяхара иза. Шема дIабаха дагахь а бацара уьш. Царна вевзачу цхьана накъосто Iеха а бина, дозанехула дехьабаьхнера уьш. Измирехь бехачу заманчохь, буьйса юккъе яхначу хенахь и накъост кхаьрга а веана, цо аьлла хиллера, курдаш тIелетта, маса кхузара дIадовла деза аьлла. Ткъа иза хиллера нах Iеха а беш, цига дIаоьхуьйтуш. Машена а ховшийна дIабигинера уьш. Сатесча хиинера царна, шаьш Шемахь дуйла. ЙоьIан аьтто баьллера, шен документаш къайладаха. Иза кIелхьараяккха хьийзира со, 2017-чу шарахь Туркойчу а цхьана вахара со. ЙоIа дитина кехаташ а карийра суна".

Шемарчу набахте чу йоьллира бIаьста ДавлетмирзаевгIеран йоI. Амма Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн а, чоьхьарчу гIуллакхийн а министраллашкара жоп ца хуьлура цунна, билггал муьлхачу меттигехь иза ю хоуьйтуш. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дихкинера цунна гергарчаьрца зIене йийлар, чIагIдо дас. Шен йоI латточу меттигна да ша тIекхиира.

"Со кхетар вара, нагахь санна, официалехь Димаьшкъан карахь йоцучу территори тIехь иза латтош хиллехь. 2017-чу шарахь Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахоша хеттарш ма динера цуьнга. Иза евзинера, цуьнан пIелгийн таммагIаш а эцнера. Ша набахте кхаьчначу заманчохь, цуьнан ка яьллера цхьана Iарбойн зудчуьнгахула соьга хабар тоха, шен бераш дIадигахьара аьлла", - дуьйцу Давлетмирзаевс.

Яхначу аьхка аьтто белира ден шен йоьIан бераш цIа дерзон. Кузнецова Анна бахьана долуш, Марсхьокху-баттахь цIа далийра бераш.

"ХIинца шина йоьIан итт а, бархI а шераш ду, кIентан ялх шо ду. Кху шеран Марсхьокху-беттан 17-чохь Москва далийра бераш. Цигара ас схьадалийра уьш. ЧIогIа психика галъяьлла дара бераш. ЦIахь деша Iамош бу аса уьш, хьехархой цIа а кхуьйлуш. Хьалхарчу классехь ду кхуьй а бер, хIунда аьлча, Шемахь школе лелла бац уьш. Хьехархошца башха контакте а ца буьйлу уьш. Нанна са хьийзаш кест-кеста мохане хьийза. Шина шарахь цуьнца цхьана камера чохь латтийна уьш, и доллу къемат ган а гуш. Царна хьалха церан наношна етташ хиллера хадархоша, кхеран бераш юхахьара лелча. Юха, сан йоI цхьана набахтера кхечу набахте дехьаяьккхича, бераш тIеоьцучу хIусаме дIабигинера уьш, ненах а баьхна. Царна тIехь Iуналла дечара а, меттигерчу Iарбойн бераша а тIехь ницкъбеш хиллера царна. КIант чIогIа дера ву. ТIейогIучу хенахь реабилитацин центрерчу психологашка гIо деха дагахь ву со", - дуьйцу Iийсас.

Иза тешна ву, шен йоI цIа ялон тарлора, амма къайлахчу сервисашкара пурба оьшу аьлла: "Суна хууш ду, Шема дуьхьал яц, сан йоI саннарш, Оьрсийчоьно дIабигарна. Амма вайн къайлахчу сервисашна ца лаьа уьш цIа берзон. Экстремизмна дуьхьало латточу Центрехь элира соьга, иза лехамашкахь ю аьлла. Полисхойн декъе вахара со, ма-дарра дуьйцуш, яздина кехат дитира ас, иза йолу меттиг а къастош. Цкъачунна кхин цхьалха даьлла хIуммаъ а дац. Димаьшкъарчу Адра олучу набахтехь ю сан йоI. Уггар а хьалха, балехь ду бераш. Цкъацкъа цхьангахула кост кхочу соьга йоIера, кхин зIе яц сан цуьнца".

Дика доьшуш яра, фестивалашкахь дакъалоцуш а яра

Къилбаседа Кавказера бахархой хилла ца Iа, шайн доьзалш Шемара цIа балабаре сатуьйсуш. Ленинградан кIоштара ю Ершова Ольга. 2015-чу шарахь, студент йолчу хенахь ГIебарта-Балкхаройчу яхначул тIаьхьа бусулба дин тIеэцнера цуьнан йоIа Марияс. Къайлах бусулбачу стаге маре а яханера иза. Шина шарахь деца-ненаца цхьана яьхна иза, ши шо даьлча Шема дIаяханера шен цIийндеца. Аль-Холлехь ю иза хIинца, жима ши бер а ду цуьнан.

"Тхо православаш ду, йоI жIаре ерзийна а яра тхан, - дуьйцу Ольгас. – Жигархо яра иза, академехь дика доьшуш яра, йиш локхуш, фестивалашкахь дакъалоцура цо. Цхьана дийнахь Нальчике яханера иза, цул тIаьхьа дуьйна бусулба дине йирзинера, юха бусулбачу стаге маре а яхара иза. Цуьнан хIусамда оха тIе а ийцира, шина шарахь тхоьца цхьана Iийра и ших. Цхьа шо, ши буттий хан йолуш кIант а вара церан.

2015-чу шарахь, шаьш невцан ваша волчу Туркойчу доьлху элира. Диъ де даьлча байра уьш. ФСБ-га яздира ас, полицига а хаамбира. Цхьана баттахь кост дацара цаьргара, тIаьхьо цхьана бевзачу нахехула хабар кхечира, уьш Шемахь бу аьлла. Бомбанаш еттара царна.

Цигахь йоI хилира церан, кеста диъ шо кхочур ду цуьнан. Багузехь висира цуьнан майра. Ткъа иза ша Аль-Холь олучу меттиге дIайигира. Божарий ара ца бовлуьйтуш хиллера цигара, цундела цуьнан аьтто ца белира сехьавала. Iамеркахошца барт а бина, зударий а бераш а арадохуьйтура.

Чиллан-баттахь сан йоI шина бераца дехьаяьккхинера, Зазадокху-баттахь нуц зIене велира тхоьца тIаьххьара. Сан йоIе кост кхаьчнера, иза вийна аьлла. ЙоI могуш яцара сан, гай лозуш лийлира иза. Юучуьнца къоьлла хьоьгура цара, деш гIо а дацара. Буц а кхехкош, и юуш хан яьккхинера цара. Бераш меца лелара, жимахъерг якхош яра, ткъа сан йоI кхалла хIума а йоцуш Iийнера".

Масийтта шарахь шен йоI лехначу Ольгин гIад дайна, йоьлхуш бен дийца а ца лора цуьнга: "Тхайн бераш гур дуй-те тхуна, хаац суна-м. Цхьа а бух боцуш хуьлу президенто а, хьаькамаша а кхоьхьуьйту жоьпаш. Путинера жоп догIу – арахьарчу гIуллакхийн министралле довла олий. Димаьшкъан контролехь йоцу меттигаш ю уьш, и доза церан кара кхаьчначул тIаьхьа аьтто бала там бу тхан берашна депортаци ян олий, хьулу цаьргара кхочу кехташ а.

Нагахь санна, и территореш Димаьшкъан кара ца йолхахь? Политика ма ю и. Мехкадаьтта долу меттигаш Американо дIалур ма яц. Бераш цомгаш а хуьлуш, леш ду цигахь. Со муха ехар ю, сайн доьзалхо цигахь вала там бара бохучу ойланашца?!

Цхьана зудаберашкара тиша четар эцгнера сан йоIа, оцу чохь Iаш ю иза Дагестанерчу цхьана зудчуьнца а, цуьнан берашца а".

Ольгин йоIа дехар динера нене, цIа балочийн тептаре ша язъе ала, Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочуьнца Саратова Хедица зIене ялахьара аьлла.

"Оцу тептаре язйира Хедас сан йоI. Шемарчу Оьрсийчоьнан консулан декъе а дийхира ас, Туркойчуьрчу Оьрсийчоьнан векалте а елира со, ООН-е яздира, Оьрсийчоьнан омбудсмене Кузнецова Анне гIо дийхира, Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаре хаийтира, ФСБ-н директоре Бортников Александре яздира. Бобераш ду цIара цIа кхуьлуш дерш, амма, цхьа кIезиг. Журналисташ а баханера цига, шайна цIа даха лаьа бохуш, билхинера зударий. Шаьш набахте хьовсорна кхоьру цхьаберш даймахкахь. ХIуммаъ дацара иза а, хан текхна, арабевллачул тIаьхьа, керла дахар долор дара цара. Цаьргара дин доккхуш цхьа а ма вац, Делах теша, Ислам а ларде", - боху Ольгас.

Бала битина уьш

Шен ма хуьллу шен махкахой цIаберзош гIо дан хьийза Эрежебова Жанета. Цуьнан йоI а ю Шемахь.

"Шен цIийндеца дIаяхана Зиярат. Шаьш Туркойчу доьлхуш ду элира соьга, садаIа а, дарба лелон а. Цхьа а шеконаш ца хилира сан. Соьца зIене а юьйлура йоI, къамелаш хуьлура тхойшиннан, иза дIаяххалц. Уьш стенга боьлху сайна хууш хиллехь, ас айса Iедале дIахаийтина хир дара", - боху Эрежебовас.

2017-чу шарахь Саратова Хедига гIо дийхира цо, ткъа эххар а, цунна гIо дан юьйлира ша а.

"Офисе оьхучу заманчохь, суна гора, Хеда ца ларайора кехаташца. Бухгалтеран болх а, конторехь а белхаш бинчу суна хаьара кехаташ листа. Цундела гIо дан лиира суна. Дагестанера а цхьана нах оьхура Хеда йолчу. Кхин цхьа а вацара, иза йоцург, и гIуллакх лелош. Аса гIо дора цунна чулучу кехаташца, документаш кечдеш а. Хедица цхьана Москва а яхара со, массо а инстанцешкахула лийлира, журналисташна хьолах лаьцна дIа а хоуьйтуш.

2017-чу шеран ГIуран-баттахь цигара нах цIа кхийла болийра. Юха кхин цкъа а рейс йира, цул тIаьхьа процесс юкъахъяьккхира, бобераш бен цIа а ца далош.

Со кхеташ яц, хIара хIун ду – кема догIу, цу тIехь 20-30 стаг бен ца хуьлу. Эзарнашкахь бераш ма ду цигахь дуьсуш. Уьш хIунда ца балабо цIа? Йоккха пачхьалкх ма ю хIара… Пиратийн карара вешан бахархой схьа а бохуш Iаш дац вай? Цигахь барт бан ницкъ кхочу вайн, ткъа курдащца гIуллакх ца хуьлу?", - латкъамаш бо зудчо.

Цо бахарехь, Шемарчу куьпара сингаттаме хаамаш кхочу: "Тхан юьртара цхьана кIантана лоьрийн гIо оьшу, бIаьрг бистина, ноткъа йина цунна. ЦIечу жIаран аьтто ца болу орца кхачон. Оцу четар чохь леш ву ала мегар ду иза, йа дарбан хIусаме а ца вуьгуьйтуш, йа лор тIа а ца валош.

Иракъехь долчу тхайн берех тхуна хууш хIуммаъ а дац. Сан йоI Зиярат Иракъехь яйна ю. Суна-м иза дийна ю, йа яц а ца хаьа. 2016-чу шарера схьа дуьйна цуьнца зIе хаьдда сан. Иракъерчу Русафа олучу набахтеца зIе ю, цигахь а ма ду дуккха а бераш. Официалехь йоцу набахтеш а, берийн хIусамаш а ю. Цигара информаци тхоьга ца кхачайо. Билггал бакъ ду-дац ца хаьа суна, амма сан йоьIан бераш Багдадерчу берийн цIийнехь бу аьлла, хаам кхаьчна соьга. Кузнецова Анне а яздинера ас, Иракъан консуле а хаьттира, берех лаьцна хууш хIума дац шайна олий, жоп ло цара а".

Оьрсийчоьнан омбудсмено массо зуда а, бер а цIа дерзор дара, амма цуьнан цхьаннан карахь хIуммаъ а дац аьлла, тешна ю Эрежебова: "Дукха хан йоццуш бер дина Кузнецовас, амма, хIетте а, пандеми йоьдучу юкъанна ша яхара иза Шема. Шена пурба лахь, кхин дIа а оцу тIехь цо болх бийр бу аьлла, хета суна. Арахьарчу гIуллакхийн министралла ю оцу гIуллакхна коьртехь. Даймахка бало безачийн массеран а цIераш оха дIакхачийна омбудсмене Москалькова Татьяне. Амма, цхьа жигараллица деш хIума дац цара. Дала дитина бераш".

Мародераш, летарш, антисанитари

Аль-Холь олучу куьпахь ю Нохчийчуьра Айза (цIе хийцина.-редакци). Шема воьду шен 18 шо долу кIант саца а ца велла, цуьнца цхьана дIаяханера иза. Цигарчу цхьана тIамехь вийра цуьнан воI.

БIаьста аьтто хилира Айзин Кавказ.Реалиин корреспондентца зIене яла. Гучуялахь, телефон дIа а йоккхий, етташехь, хIетте а хIинца а яздо цо, набахтехь латточу хьолах лаьцна.

"Ши кIира ду сан легаш лозу, шело хьакхаелла сох. Дийнахь малх хуьлу, буса шийла лаьтта. ДогIанаш оьху, гIамаран дарц а хьийзош. Голашка кхаччалц хатт бу, санитаран хьелаш ирча ду, хьожанаш лаьтта. Латтош ха ду, меттигера мародераш бу – цхьа ирча хьал ду. ЦIеххьашха гучубовлий, машен чу а дуттий тхо, талламаш дIахьо. Йа маьхьарий детта буьйлало, четаршчуьра арадовла, депортаци йийр ю шуна бохуш. Нах арабовлу, массеран а дегIах хьовсу, карийначаьргара телефонаш схьайоху. Бепиган хьожа а йоцу, хубс олу хьокхамаш а, хьозийн кхоьшца дуга а, йа томат чохь кхоьш а ло тхуна", - дуьйцу Айзас.

Цо бахарехь, куьпахь лор ванне а вац: "Ахь дIа хаьттина молха, "дац тхоьгахь" олий, жоп ло. Нагахь, лучу далахь а, багарбой, итт буьртиг ло."

КестолгIа Шемара Оьрсийчоьнан бахархой цIа балон дагахь буй уьш аьлла, кехат дахьийтира Оьрсийчоьнан омбудсменан аппарате Кавказ.Реалиин редакцино. ХIинца а къачанза ду жоп.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG