Дагестанехь вице-премьер а, инвестицийн, экономикан арахьарчу зIенийн министран гIовс а лаьттинчо Щепакин Максима Краснодарерчу кешнашка дIалачкъийна карийна 50 миллион сом. Цул сов, цуьнан цIийнах хьовсуш а, белхан чоьнашкахь а карийна кхин а 20 миллион сом а, 100 000 доллар а, яздо "Дагестанан кегийрхой" газето.
Балха тIехь хьарамлонаш лелорна таллам болорца а, масех меттехь дIалачкъийна ахча карийначул тIаьхьа а лаьцна Iедало Щепакин.