Дагестанехь терроран статьяшкаху хьийзош ю пенсионерка, 63 шо долу Нохчийчохь йина Рамазанова ПетIамат. Талламан комитето бехке еш ю иза "Исламан пачхьалкх" экстремистийн тобанна болх барна. Оцу зудчуьн адвокаташа а, гергарчара а тоьшаллаш до, иза Шема яханера, шен йоI а, цуьнан бераш а йийсарера кIелхьардаха, бохуш. Кавказ.Реалиин корреспонденто дуьйцу Рамазанован гIуллакхах а, кхиболу Оьрсийчуьра зударий даймахка цIаберза кхоьруш тахана а Шемахь буьсуш хиларх а лаьцна а.
Иза хенара зуда ю, халла буьйцу цо оьрсийн мотт
Дагестанан Кизил-юьртан кIоштехула МВД-н декъехь Рамазанаова ПетIамат бехке еш кечдинчу бехкбилларехь аьлла ду "гIортор еш хилла Оьрсийчохь терроран лоручу "Исламан пачхьалкхн" организацин идейшна". Талламхойн версица, оцу хенахь 59 шо долуш хилла Комсомольское эвлара яхархо харцхьа кхетта хилла динех йолчу идейх, ткъа цо дакъалаца сацам бина дерригдуьненан халифат кхуллуш, радикалан исламан некъ юьхьар алаьцна.
"2015-чу шарахь Охан-беттан 11-хь ХIинжа-ГIалара кеманца Туркойн-махка яхна иза, ткъа цул тIаьхьа, билгалъяккха аьтто ца баьллачу маршрутаца дехьаяьлла Шемарчу Ракка гIала. 2015-чу шеран Охан-баттахь дуьйна цо дакъалаьцна Раккахь йолчу тIеман тобанан дахарехь, Оьрсийчоьнан Федерацин хьаштошна дуьхьало яр Iалашоца", - аьлла ду бехкбилларан сацамехь.
Талламхойн версица, Рамазановас кхача кечбеш хилла, бедарш тоьгуш хилла "Исламан пачхьалкхан" тIемалошна, цара 2015-чу шарахь ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнна тIом кхайкхийначул тIаьхьа а.
Зудчунна иштта бехке дуьллуш ду, ша тIеман тобанашна юкъахь леларх лаьцна цо Оьрсийчуьрчу низамашлардон органашка цахаийтар, цу тайпа аьтто шен хиллашехь.
Рамазанован адвокат Крунбаналиев Муса, кхоьруш ву ша ларйечунна талламхоша Iаткъам бан мегаш хиларх.
"Иза хенара зуда ю, халла буьйцу цо оьрсийн мотт. Иза бехке хиларан талламан цхьа а тоьшаллаш дац, цундела, Iаткъам бан мега цара. Ас хаийтина цуьнга, уллехь адвокат а воцуш, цхьа а тоьшаллаш маде аьлла. Амма, суна хетарехь, талламан изоляторе иза дайта баьхкина хилла цунна",- боху Крунбаналиевс.
Юристо билгалдоккху, тIаьхь-тIаьха алсам долош хилар, Шемара цIабаьхкинчу зударшна дуьхьал терроризмца доьзна бехктакхаман гIуллакхаш. Рамазанован йиша, Гаджиева Аминат, карарчу хенахь 3 шо хан тоьхна чуйоьллина ю, террорхо хилла аьлла бехке а йина.
"Оцу кепара бехктакхаман гIуллакхаш алссам ду схьадоьллуш, -кхин дIа а дуьйцу Крунбаналиевс. – Ас ларйечуьнан йишас, адвокат дакъалоцуш а воцуш, тоьшаллаш дина, дийцина ша Шемахь марехь хилла хиларх а, зайт-диттийн плантацехь болх барх а. Суьдхо зуда яра, цо мелла лахдира таIзар - уггара мелачул а мела".
Рамазанова ПетIаматан кхин цхьана йишас, Хадижата, йийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте шайн доьзалан тIаьхаьрчу 7 шеран истори:
"Гаджиева Аминат тхан йоккхаха йолу йиша ю. Цуьнан йоI, сан йишин йоI, майрчо Шема дIайигинера. Ша иза кхелхира. Йишин йоIа дехарш дора, шен шина кIантаца цIа ян гIодахьара шена, бохуш. Аминат цунна тIаьхьаяхара, амма йоI къелхаьряккха аьтто ца белира цуьнан – иза, мина а иккхина, йийнера. Аль-Холь олучу мухIажирийн лагере дIавигнера байлахь висина ши кIант. Аминат юхаяхара шен йоIан бераш цIа даладойтур ду аьлла сатесна, амма иза галяьллера.
Жима йолуш дуьйна хIусамда велла йисинчу ПетIаматан йоI Шема яханера ислам Iамо. Дашар мехаза дара, ткъа дахаран хьелаш оцу хенахь цигахь вон цахилера. ТIом иккхича ПетIамата сацам бира йоI а, бераш а цIадало яха. Кхин хIунда цIера ер ю йоккха хилла зуда. ХIинжа-ГIалара дIа кхин гена яьлла а яцара иза шен дахарехь. Цо соьга дехар дира шен хIусаме бIаьргтухуш хилахьара аьлла. Ша юхайогIур ю, элира цо соьга. ПетIамат 4 класс бен яьккхина яц. Цул сов, яккхийн халонаш ловш ю иза могашалла вон хиларна.
Хадижата билгалдаккхарехь, цуьнан йиша цIераяьлча лерринчу сервисийн белхахой а, полисхой а оьхуш хилла цаьрга лееш а, талламан беш а.
Оцу хенахь, йоI а карийна, цIайогIуш хилла уьш, тIеман куьрехь йолчу Шемара. Туркойн-махка дозанна гергахь уьш лецна, дIабигна Джераблус лагере.
"Иза чIогIа цIа ян лууш яра, чIогIа сагатдеш яра. Цуьнга олуш хиллера: "Хьо хенара зуда ю, хьо хьен йийр яц, набахте хьажор яц". Иза зуламда яц. Нохчийчохь цIа баьхкина зударий чу ца бухку, ткъа вайчаьрца (Дагестанехь) фашисташцачул а вон хуьлу.
Ца лаьа цхьа набахте кхечу набахтах хийца
Дагестанехь йина Тамара Джераблус лагерехь ю. Цуьнан жима кхо бер ду. Кавказ.Реалиин корреспонденте кехаташ яздеш цо дийцира, ша Оьрсийчоьнан набахте чуйолларна кхоьруш ю, мел чIогIа шена цIа ян лаахь а аьлла.
"Майрчуьнца Шема дIаяха харжам бацара, сан декхар дара, со цуьнан хIусамнана хиларна. 2016 шарахь Шемара цIадахка некъаш лоьхуш дара тхо. Эххаре а майра лар йоцуш вайра, ткъа со берашца дуьххьара Аль-Холь, ткъа цул тIаьхьа Айн-Иса лагерехь Iийра. Туркой Шема чубаьхкича, курдаша дIасахийцира лагерь. Ткъа тхо, йийсаре лецна зударий, арабаха буьйлабелира уьш. Тхо кхетара тхайн дагIа меттиг боций, цундела цигахь севцира тхо. ТIаккха лагерна ха дечара цIетесира цуьнах. Тхайн хIуманаш схьаэца ца ларийра тхо чертаршна чуьра.
Луларчу Шемарчу лагерерчу мухIажираш буьйсаяккха шаьш долчу кхайкхира тхо, амма тхо ца даьхьира иза дан. Арахь хевшина Iийра сахиллалц. Шийла еанера ГIадужу-беттан юьхье. ДIадийшира тхо ха дан рагI а хIоттийна.
Iуьйранна нах дIаэха буьйлабелира, шайн баха меттиг болу болче. КIезиг дуьcуш дара тхо. Туркойн зударашна герга гIертара тхо, туркой чубагIахь, цара шайниш кIелхьара бохур бу-кх бохуш. Амма цул тIаьхьа туркойн зударий а дIабахара, тIаккха маьхьарий девлира, Асад ву чувогIуш, аьлла. (дуьйцурш ду Шеман президентан эскарш).
Тхо, тхайна хетарехь, туркой болчу агIор дIахьевдра. Керланашкахь оцу хенахь дуьйцура "террорхой зударий лагерера бевдда" бохуш. Амма тхо хевшина Iийра оцу яьгначу лагерехь тIаьххьалц, ткъа цул тIаьхьа дийна дийнахь гIаш дIадахара тхо. Сан 4 шо долчу кIанта мача а, куртка а яйира, иштта "террорхой" дара-кх тхо.
Некъа боьлхуш я лагершкахь беллачу Оьрсийчуьрчу зударийн бераш ду кхузахь
Масийтта сахьтехь дIаихира тхо. Некъах довла кхоьрура тхо. Буьйса яьккхира эрна арахь, бераш тхайн догIмашца дохдан гIерташ. Эххаре а туркойн байракх а, салти а гира тхуна. Кхалла хIума йийхира оха, цаьргахь хIумма а яцара, амма туькана хьовсийра тхо цара. Ерриг кепек схьагулйина, гарзнаш а эцна, царна тIе кхехкаш долу хи а доьттина уьш елира оха берашна. Тхьашша хи малар а бен кхин кхача ца биира.
Оха сатийсинера Туркойн-махка машаран дахаре а, машаран меттиге а кхача. Амма цхьана ханна аьлла кхоьллинчу лагершкахула го тийсинчул тIаьхьа салташа юханехьа Шема Джераблусе дIадигира тхо. Юха а четаршка. ХIинцца, дукха хан йоццуш елла тхуна "вагончикаш". Уьш эчигах йина ю, аьхка уьш чIогIа йохло, ткъа Iай ша санна шийла хуьлу. Шелонаш тIейахкале пешаш йохьур ю аьлла тхуна.
Гергарчарца зIе ю тхан. Иза ирс ду, кхузехь байна лелачу дуккха а нехан иза а яц. Некъа боьлхуш я лагершкахь беллачу Оьрсийчуьрчу зударийн бераш ду кхузахь. Сатесна ду тхо бобераш мукъане а дIадуьгар хиларх кхузара. Ткъа оха хIун дийр ду, со хууш яц. Дуьйцуш ду къона зуларшна, хан тоьхча а, бераш кхиина довллалц иза такхар тIаьхьатотту, бохуш. Тхуна ца лаьа цхьа набахте кхечунах хийца.
Тхох дукхачеран герагарчерах цхьа а ца висна, цхьаболчу йоIаршка дас-нанас а ца яздо хIуммаъ. Нагахь тхо цIадахкахь, тхо пайде хила мегара махкана. Кхузахь оццул луьрачу хьелашкахь дийна диса тхан доьналла кхаьччехь, тхайн бераш оха лардинехь, тхоьга болх а балур бу, налогаш а ялалур ю. Зен тхох билггала хир дац",- боху Тамарас.
Оксана, Джараблусехь латточу 28 шо долчу Хьаван нана, шен йоI маьршаяккха сатесна Гезгмашин баттахь хилира Туркойн-махкахь:
"Со хилира дозанца йолчу зонехь. Оьрсийчоьнан консульство тIечIагIдан деза хьан йоI Оьрсийчоьнан махкахо хилар а, даймок иза тIелаца реза хилар а элира соьга. Со сихха зIене елира консультвоца. Цигахь, и дерриг а тIечIагIдеш, кехат делира суна туркой маттахь. И кехат туркойн депортацин лагере дIадала дезаш яра со, ткъа цуьнан хьаьким шен агIор схьаеха декхарелахь вара сан йоI Джараблусера, ткъа цул тIаьхьа хьаькам дехьаяккха дезаш вара иза дозанехула.
Туркойн пачхьалкхехь сан йоIан Шеман территори тIехь динчу берашна бер даран тоьшалла лур долуш дара, ДНК анализ а йина. Цул тIаьхьа цIа дало мегаш дара уьш. Амма лагеран хьаькамо элира, документаш схьаоьцур дац ша, консультво шега электронан почтехула даийта дезаш ду уьш, аьлла. Сан дехарца, дипломаташ дира цо бохург, амма кхин дIа хуьлуш хIумма а дац, ткъа со хьалха санна ладоьгIуш ю".