Историкца-дагестанхочуьнца Тахнаева ПетIаматца къамел. Юхь - https://www.radiomarsho.com/a/30994089.html
– Ахь ялийна тезис течIагIъеш аьр вай, хууш ду Имам Шемална гонахарчу цхьаболучара оьрсийн инарлашца бертан къамелашна некъаш лехнийла, дагадогIу хир ду хьуна прессехь оцу заманахь яздеш хилларг, Шемала дихкина оьрсашца юкъарло лоьхучу, цаьргахьа бовла гIертачу нохчашна шена тIе дехарш кхехьийта, бохуш.
Шена тIе нохчех цхьаъ оцу хьокъехь ван воллийла а хиина, Шемала аьлла хилла, бах, иштта веъначунна I00 гIаж тоха. Иштаниг ца нисдалийта, нохчийн векалша Шемалан нана кечйина и тайпа дехар тIедахьа, цо нанна таIзар дийр дац аьлла хеташ. Хезна хир ду-кх хьуна иштаниг а? Шега дехар дарна Шемала нанна 100 гIаж тооха кхачийна, амма цунна 7-за а тохийтина, йисина гIожмаш тIеэцна шена, бохуш дуьйцу-кх. Кхеташ ду, документ дац и хабар тIечIагIдеш, делахь а имаман амал йовзуьйту дийцаро.
– Цхьаъ делахь, даьлла лела, аьттехьа а бакъ доцу туьйра ду иза. Дуккха а кхин варианташ а ю цуьнан. Дагестанан поэтна Гамзатов Расулна а ца дисина иза хазанза. Гоьяьллачу "Сан Дагестан" книги тIехь Гимрахь гойтуш бу и "хилам". Сюжет йовзуьйту "Шемалан ненан узам" дийцарехь. Ахьулго лома тIехь, тIамехь, чов хилла, шен цIа Гимра кхочу имам. Оцу хенахь дихкина хилла эшарш лекха. Имамна ша юьрта чувоьлча хеза веллачух узам беш. I42 могIа хуьлу оцу тийжаман, автор схьа лахий, цунна оццул гIожмаш етта, буьйр до Шемала. Дешнийн да, мукъам балийна автор хуьлу цуьнан шен нана. ТIаккха йоккху цо шена тIера гIовтал охьа, букъ берзина боккхуш, гIожмаш еттийта.
Ткъа ахь юйцу вариант, нохчаша Шемалан нене дехна шен воIе алар, шайна оьрсашца барт байта магаде – иза юьхьаръэцна гуьржийн яздархочо-эмигранта Робакидзе Григола шен "Имам Шемал" новеллехь. 1932 шарахь язйина иза. Цигахь Шемала шен нанна къастийна 100 гIаж юьйцу, царех воIа шена тIеоьцу 95. КхидIа Робакиздес яздийриг ду хаза! Экзекуци диканца йирзира, цхьаьнненан а корта ца боккхуш, "тIома бевлира Кавказан цIена мукъамаш", тIаккха хелхарш, дуьйцу автора.
– Дийцаро гойту, иза туьйранах тера делахь а, хIетахьлера хьал, хилла Шемала къобалдарца Имаматера арабовла луург.
– Массарчул яккхий халонаш Имаматан тIаьххьарчу 10 шера чохь нохчаша лайна. 1850-чу шерашкахь, Аргутинскийс бахарехь – дуккха а къайлах нах хилла цунна хьал довзуьйтуш – вуно ирча де лаьттина Имаматехь, тIом сов бахбаларца, дукха нах хIаллакьхиларца, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а бахархойн бахамаш дакъазбовларца доьзна.
1850-чу, 1851-чу шеран юьххьехь чIогIа эшна де лаьттина нохчашкахь. Йоккха Нохчийчоь йоккхуш хьийза оьрсий, хьаннаш хьокхуш мехкан кIаргене дIа а оьхуш. 1851-чу шарахь Аргутинскийс яздина, имама "тешам бац нохчашка, амма церан а бац цуьнга тешам".
Эрца ца нисделла 1851-чу шарахь нохчашка а, дагестанхошка а Шемала шена шозза байIат дайтар, тIаьххьара иза нисделла оцу шеран Лахьан-баттахь Нохчийчуьрчу Эвтарахь. Цигарчу кхеташонехь цо нохчийн а, дагестанхойн а набибашна тIедожийна, шаьш оьрсашкахьа девр дац аьлла КIурана тIехь дуй баа.
Оццу шеран Зазадоккху-баттахь оьрсашна къайлах гIуллакхдечу наха хаамаш беш хилла, халчохь бу нохчий, дан хIума дацарна уьш дагахь бу я оьрсашкахьа берза, я туркойн паччахье гIо деха. Иштта ду оьрсийн докуметашлара хIара: "Нохчий кхоьру шайгара шаьш оруш-охуш леладен тIаьххьара латтанаш а дIадахарна, ца теша Шемала шаьш Iалашдийр ду бохучух, вайн агIор сехьабовла лаьа царна, я, цхьаболучара дийцарехь, туркойн паччахье дехар дан бохку уьш, шаьш Туркойчохь тIеэцахьара аьлла".
Оьрсашкахьа верза луучунна гIожмаш етташ хилла бохучунна тIедоьгIна дагалаца деза кхин а цхьа хIума. 1856-чу шарахь оьрсашца машаран къамелаш дIахьош хилларг ву Шемалан воI Жамалуддин, 1839-чу шарахь амалтна, я закъалтна, оьрсашка дIавелларг. Ца хилла да цунна гIожмаш етта дагахь а. Амма хадийна бертан къамелаш, ГIирмехь тIом бирзина, туркойн султана оьрсашца машар бина, ша а мегар ду изза машар бан, аьлла хеташ. Амма ша йоккхур ю и гIулч, нагахь санна шена иза массо а бусалбанийн паччахь, шен дош бусалбанашна деза долчу туркойн султана хьехахь, боху шен дас, аьлла хаам битина дагахьбалламца Жамалуддина.
Имаматера аравалар, вадар – иза даима а хилла хала, тешнабехк бар лоруш хилла, луьра таIзар а кхачош, ткъа бехк гергарчу нахана а хилла дIасабоькъуш. Имаматера веддачун доьзал муртадийн (динах бевллачийн) могIара буьллуш хилла. Низамера ваьккхинчу бусалбан зудар майрачух мукъаяьлла лоруш хилла.
Оцу юкъанна эла Воронцов "маьршачу" Нохчийчу бевддачарна ша массо тайпа диканиг латтадо, олий, даржош лелла. Шайгарчу хьоло, тIом боцуш а, эшамашка бигинчу нахах цхьана декъо лере оьцуш а хилла и тайпа прокламацеш.
– Харжам хилла-кх, ца ваьлла бан йиш йолу харжам, мацалло дийнна тайпанаш кхин некъ боцуш битинчу муьрехь. Аала деза, цхьана Дагестанна латтийна ца Iаш, ерриг а Кхилбаседа-Малхбале Кавказна кхача латтийна хIетахь Нохчийчоьно. Цундела хилла оьрсийн эскарийн нах охьатаIо аьтто…
– Манипуляци лело.
– ХIаъ-хIаъ.
– Ведана, тIаккха Нохчийчоь шегара евллачул тIаьхьа Дагестане юхаваьлла Шемал, хаттар хIоьттина адамашна хьалха - хIун хир ду кхидIа? Гумбетехь, Килирдерил меэр лома тIехь, КилатIл юьртана гергахь ша дIатарвелча, дуккха а нах тIаьхьахIуьттур бу шена, аьлла хеташ хилла Шемална. 1839-чу шарахь Ахульгохь санна. Ца баьхкина нах ур-атталла тIемашкахь яхчаелла йолчу Iаьндара а, я Гумбетера а. Амма дагалаца деза, Ведана йожжалц а, цул тIаьхьа а массарел даккхий дараш ловш, оьрсий тIеоьхучу некъашкахь оьгурш доккхачу декъанна Iаьндийн, гумбетхойн бIонаш хилла хилар.
1859-чу шеран Товбеца-беттан 14-чу дийнахь инарла Евдокимовн эскар, шайца коьрта буьйранча эла Барятинский а волуш, Веданара арадаьлла, 22-чохь кхаьчна Iаьндийн лаьмнашка. Ткъа Гумбетера новкъадаьлла хилла шолгIа эскар. Цара 18-чу дийнахь цхьа а хало йоцуш дIалецна Шемал лаьттина меттигаш, схьабиллина шайна Суьйлийчу, ерриг а Дагестане боьлху некъаш. Деккъа цхьана-шина дийнахь оьрсашна мутIахьалла кхайкхийна гонахарчу юкъараллаша. Царна дукха тIаьхьа ца дуьсуш муьтахь хилла кхидолу къаьмнаш аьхке ерзале. Ца лиина даманхошна кхидIа тIемаш бан. Олийла дац цунах кIиллолла я кхерабалар, 1851-чу шарахь Имаматехь йолаеллачу кризасан тIаьхьало ю иза.
– Бахархойн Имаматах тешамбар ду-кх гушдерг…
– Иза кризис ю.
…Барятинскийс Имам Шамалца иза каравахарх лаьцна долийна дийцарш лаьттина Марсхьокху-беттан 9-чу - 22 деношкахь. ХIун хуьлу оьрсаша луьрчу тIемашца гонеэцначу Гунибехь тIаьххьарчу сахьташкахь? Шемал реза вац юьртара аравала, караваха веза бохург аьттехьа а тIе ца дуьту цо. Гонехь бисина мурдаш кхоьру йийсаре бахарх. Царна Ахулгара дуьйна схьа (1839-гIа шо) евза цуьнан къаьхьалла. ХIетахь йисаре эцна нах гIалгIазакхийн могIара бахна, 500 зуда керста дине а яьккхина, гIалгIазакхашка маре елла.
Имам резаво гоно Барятинскийца дийцаршка ваха. Шена тешаме волу Виркейра Юнус хьажаво Шемала "сардарна тIе", шена шен уллерчу нахаца, доьзалца Макка дIаваха некъ битийта хьажа. Милютина яздарехь, "хьелаш дийцаредан".
Барятинскийс деллачу жоьпах лаьцна яздо цуьнан гоно. Милютина бахарехь: "Цхьана хьелех лаьцна къамел дойла а дац, Шемал сихонца коьртачу буьйранчина тIеваха веза, цуьнан къинхетамах ша а, щен доьзал а тешийна". Волконскийс бахарехь: "Цхьа а хьелаш дуьйцур дац. Каравахар. Нагахь санна иза сих ца лахь – тIамца йоккхур ю эвл". Зиссермана дагалецарехь, Барятинскийс делла жоп иштта ду:
"Ас цунна беккъа цхьа некъ кхайкхабо: цунна шена а, цуьнан доьзална а кхерамзалла".
Амма шатайпа болчу сайн оппоненташна, уьш оьрсийн хьостанехь тешаш бацаре терра, коьрта буьйранча волчуьра Гунибе юхадоьрзу вай, Чиркейра Юнусца цхьаьна. ХIун олу цо Имам Шемале? Iабдурахьмана (иза имаман нуц ву, Жамалуддин-шайхан воI) дийцарехь, Юнуса, ша "сардал" волчуьра юхавеъча, "хаам бо, оьрсашна имам коьрта буьйранчина тIевогIийла лаьа, цуьнца юьхьдуьххьал дийцарш дан, цуьнга шегга шегара хьал а, луучух дерг а дийцийта, цуьнга оьрсашкара хьал а дийца".
Ойла йича, мел тамаше а ду деана жоп: имаме коьрта буьйранчина тIекхойкху, "шегара хьал довзийта"? Ткъа кхидIа кхеттане а кхеташ дац: "цуьнга оьрсашкара хьал а дийца"? Оьрсийн документаша бахарехь, коьрта буьйранчина тIеваха имама сацамбина, Юнус "сардал" волчуьра схьавеана цхьа сахьт даьлча.
Ал-КъарахIи Мухьаммад-ТIахIира тоьшалла дарца, Имам Шемал гонехь латточу эвлара аравала реза хилла, "ша а, шен накъостий а герзашца инарлина тIедоьлхуш а делахь, инарлас шена а, шеца ван луучунна а маьршша Макка дIадаха некъ а лахь". КхидIа йоза: "Цул сов, цара барт бира вовшашца, нагахь санна накъостий Шемалх дIакъасто оьрсий гIортахь я цаьргара герз даккха гIортахь, тIамца кхалха болчу лаамца оьрсашна тIелата". Кхеташ ма-хиллара, "караваха араваьллачо" дуьхьало ца йо шегара герз дIаоьцуш.
Шеко йоццуш ду, Барятинскийн дешнаш Юнуса имаме ма-дарра дIакхачийна хиллехь (хууш дац, кхета а кхеташ дина цо гIалат я "иштта нисделла"), имамна ша йийсар вийр вуйла хиинехь, кхо де хьалха хедда бертан дийцарш кхин деш доцийла хиинехь, со тешна ю, вер вацара имам эвлара ара. Дагадаийта деза, коьртачу буьйранчица хилла Iаьрбийн меттан пхи гочдархо, шерра хууш хилла Iаьрбийн мотт Юнусна а (имамца цхьана дешна хилла ву иза). Суна ца хета кхузахь цхьа гIалат нисделла аьлла, амма хуьлуьйтур вай ишта а. Делахь а сурт ма-дарра ца хIоттийна имамна хьалха, иза Iехийна. Хилларг хилла – йийсар вина имам, низамо бохучу кепехь аьлча, "тIамехь дакъалаьцначуьнгара маршо дIаяккхар" нисделла.
Юнуса имаме иза йийсар веш ву аьлла хиллехь, со тешна ю, Шеммала Гунибах ара ког а боккхур бацара. КIоран тIехь дуй биина хилла цо.
Доца дина цуьнца къамел. Барятинскийс дIакхайкхийна цуьнга иза лаьцна хиларх.
– ПетIамат, кхузахь балгалдо вайшимма. Ваханий иза бертан къамел дан?
– Ваахана, иза къамел дан вахана. Коьрта буьйранчина герга кхочу имам, тIекхаьчча вукхо олу: "Шемал, ахь тIе ца ийцира ас хьайга дехнарг, ца лиира хьуна со волчу тIеван, хIинца со веъна хьуна тIе. Хьан харжам бара тIаме гIуллакх къастадайтар, ткъа тIамо тхан аьттонца листина иза. ХIетахьлерчу къамелах бух а ца бисина. Хьо Петербурге ван везар ву, цигахь паччахьа шен къинхетамца къасторе хьежа везар ву хьайна кхочу дакъа. Ас цхьа чIагIо йо хьуна – хьуна а, хьан доьзална а кхерамзалла латтор".
– ТIаккха хаттар кхоллало. Шемал герзаца ваьлла эвлара ара, стенна ца хIоьттина иза ша дийр ду баьхна гIазот кхочушдан? Дуьхьало ян гIорта а гIоьртиний иза?
– ГIазот цо тIамехь дан дош делла. Кхузахь иза бертан къамел дан араваьлла хилла. Ала деза, иза цIеххьана оцу хьоле кхаьчначу сахьтехь ца хилла цунна уьллехь цуьнан накъостий. Цунах цуьнца араяьлла жима тоба дIакъастийна оьрсийн дошлоша. Бариятинскийна тIе кхо стаг ца вуьтуш нисделла хьал: Имам Шемал, Чиркейра Юнус, наиб Инкав. Барятинскийна хьалха ца нисъелла 20-30 шаьлтанах йолу тоба – кхо стаг нисвелла. Шега ша йийсар ву аьлча, цецваьлла Имам Шемал.
ХIинца буьту вай юьстах и миноташ дагалоьцу мемарийн авторш. Суна хьахо лаьа цигахь хиллачу суртдиллархочо Горшельт Теодора аьлларг.
– Тоьллачех сурт диллина верггий?
– ХIаъ, цуьнан куьйга яздина ду имаман тоьлла сурт. Гиначара дийцарехь, Имам Шемал тешаш ца хилла ша йийсаре кхаьчна бохучух, ша варан Iалашо, Туркойн махках, цига ша дIавохуьйта дина къамел хьахийна цо. Амма жоп хезна: "Ас кхайкхира хьо сайна тIе… хьелаш кхийдийра. Хьо ца тийшира, хIинца со веана хьуна тIе, кхин цхьа хьелаш дуьйцучохь дац". Горшельта яздина, ц ома-баххара олу ас: "Иза вола ца туьгура ша цхьа а хьелаш дийца бакъо йоцу йийсархо хиларх, хIуьттура шена масех де хьалха дийцина хьелаш хьехо. Элас цуьнга хьажийна жоп кху барамехь дара: "Кхо де хьалха ас кхайкхира хьо сайна тIе, хьоьгахьа долу хьелаш кхайкхош, Кавказехь доцург, ас муьлххачу а меттехь ваха магош дара хьуна, ткъа ахь ла а ца дуьйгIира. ХIинца хьелаш дуьйцучохь данна а дац". Шемала кеп-кепара некъаш хоьттура, амма эрна дара".
Меттигерчу хьостанаша бахарехь, масала, Iабдурахьмана, Марсхьокху-беттан 25-чохь коьртачу буьйранчица бертан къамел дан эвлара араваьлла имам – оцу юкъанна тIом сацийна хилла, имам "юхавогIур волуш бина барт а болуш".
ГIезамахьмас, имаман воIа, иза цIеххьана лаьцнийла хиича, герзах катоьхна, цитата ялайо ас, "бина барт бохо ойла йолуш".
Барятинскийс Марсхьокху-беттан 26-чу дийнахь Петербурге хаам хьажийна: "Гуниб яьккхина. Шемал йисарехь ву".
– Тахана цакхетам бу Шемална гонах, ларам а болуш дина ду иза, я Чиркейрчу Юнуса къамел цунна тIе нийса ца кхачийна. Бакъдерг ду имам цхьа Iалашонаш йолуш тIевахана хилар. Барятинскийс дукха хенахь дуьйна чIагIойина хилла Шемал йийсар ван, ткъа оцу дийнахь кхоччуш сецна оцу ойланца. ЖамI деш аьлча, хIун хилла 1859 шеран Марсхьокху-беттан 25-чохь?
– 1859-чу шеран Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь дуьйладеллачу машаран дийцаршкахь Имам Шемала дехна ша а, шен агIо а гоне лаьцначу ломара арадовлийтар, ХьажцIа некъ болабайтар, аьлча а, Осмалойн импере дIаваха магор. Коьртачу буйранчас шен агIор тIедожош хилла имамна а, цуьнан кIенташна а герз охьадиллар, Оьрсийчоьнан имеперел арахьа баха чIагIо яр, и дерриг а кехатца тIечIагIдар а. Ткъа имама и хьелаш герга ца дитарал совнах, шениг доьхуш хилла – ша кхин а цхьана баттахь маьрша Гунибехь витар. Амма Марсхьокху-беттан 25-чу дийнахь, ларамца делахь а, ларамза тилвина делахь а, гонехь кхобучу Гунибера коьртачу буьйранчица бертан къамел дан араваьлла, иштта воьжна йийсаре.