ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара тIелатар а, чIир кхайкхор а: шира Iадат политике дерзор


Соьлж-ГIала, тIелатар динчу меттигехь бу полисхой
Соьлж-ГIала, тIелатар динчу меттигехь бу полисхой

Байначу беттан 28-чохь Соьлж-ГIалахь доккха зулам хилира. Официалан версица, ППС-н белхахочунна Джабраилов Мохьмадна тIелеттера ши ваша. Цара йинчу уьрсан чевнех велира полисхо, ткъа цуьнан белхан накъост дарбан цIийне вадийра. Оцу меттигехь вийра шала вина ТимурзиевгIеран ши ваша Хьасан а, Хьусайн а. Церан карах велла полисхо схьаваьллачу Дишнийн тайпано чIир кхайкхийра СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тукхамашна.

Кавказ.Реалиица къамел динчара дийцира, кавказхойн шира Iадат хIокху гIуллакхехь политикехьа дерзарх.

"ГIалгIайчуьра дIабаханера уьш, оцу шина кIентан 8-9 шераш долчу хенахь, - дуьйцу ТимурзиевгIеран тайпапан векало Мохьмада. - Соьлж-ГIалахь хиллачух сайна хезча, суна уьш дага а ца богIура. Итт шо хьалха церан ден-ненан цхьа конфликт хиллера, цундела гуттаренна а ГIалгIайчуьра дIабахара уьш. ХIетахь дуьйна тхуна кхин гина а бацара уьш. Нохчийчохь школа а яьккхина оцу шиммо, цул тIаьхьа университете деша а хIоьттира. Иштта, бепиг дечу меттигехь болх беш а вара и шиъ".

ТIелатар хилла йоккха юкъ йолале Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, зулам дина шиъ ГIалгIайчуьра схьаваьлла, нанас дена вина ши ваша ву аьлла.

ТIелеттарш байъира, иштта йинчу чевнех кхелхира ППС-н белхахо а. Iедало йовзийтинчу версица - ницкъахошкара герз даккха гIоьртинера и ши ваша.

Цул тIаьхьа оппозицин IADAT телеграм-каналехь видео Iораяьккхира.

Цу тIерачу суьрташца, цхьахволу ваша лаьттахь Iуьллу, шолгIаниг меттаххьуьйш ву. Вийначунна улло тIоьрмиг а, цхьа пакет а юьллу тIеман барзакъ доьхначу цхьаммо. ТIелатар деш ца гойтура цу ролика тIехь, цул тIаьхьа хилларг бен. Каналан авторша дIахьедора, ТимурзиевгIеран вежарех цхьахверг дийна висина, ткъа церан да Тимурзиев Ахьмадхан а, нана Дарсигова Лидия а, церан 20 шо долу йоI Зарета а нохчийн полицин карахь бу бохуш.

Иштта, IАДАТО хаамбора, кадыровхошна а, тимурзиевгIеран вежаршна а юкъахь дар-дацарш хиллера аьлла. Полицин белхахоша шаьш сийсаздар ца лайна ши ваша царех лата чухьаьддера, тIаккха цара вийна и шиъ, яздора канало.

Оцу версино йоккха гIовгIа эккхийтира луларчу ГIалгIайчохь. Мехкан бахархоша тIелатарх йолу видео зорбане яккха аьлла, тIедожийра, гIалгIайн Iедалхоша цхьана а кепара реакци цаярна эргIад а оьхуш.

Шайн бераш террорхой хиларх тоьшаллаш дийхира иштта ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а тайпанинй векалша а. Цара тIедожийра, байъинчийн гергара нах маьршабахар а, вийначу шиннан дакъа дIадолла схьадалар а.

Оцу сохьта "Фортанга" ресурсо тIечIагIдира, вийначу шина вешин ненайишас Дарсигова Тамарас бахарехь, цуьнан йиша Дарсигова Дидия а, нуц Тимурзиев Ахьмадхан а, церан йоккхахйолу йоI Зарета а, жимахволу кIант а полици дIабигина аьлла. Жимахволу кIант тIаьхьо дIахецнера, тIаккха Тамарин аьтто белира ГIалгIайчу ша йолчу иза а, ши йиша а дIадига. Новкъахь уьш дIабоьлхучу заманчохь Тамаре телефон тоьхна хиллера оперативан белхахочо, кIант юхавалаве аьлла, амма ша цуьнга ла ца дуьйгIира аьлла Тамарас.

ЧIир кIайкхор

Оцу юкъанна, ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а тайпано видеоца бинчу кхайкхаман терго йинера мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.
Цо тайпане чIир кхайкхийра, иштта Соьлж-ГIала а кхайкхира цо уьш, билггал ТимурзиевгIеран ши ваша полисхошна тIелатарх тоьшалла деш, видео гойтур ю ша аьлла.

ЧIир кхайкхае аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийнера спикерна.

Оцу суьйранна юха шолгIа видеокхайкхам арахийцира СултыговгIара. Цу тIехь дийцира, шаьш ГIалгIайчуьрчу экстремизмна дуьхьало латточу Центре кхайкхарх.

Цара бахарехь, ТимурзиевгIеран шина кIанта ППС-на тIелатар деш, йоллу видео гайтинера царна. СултыговгIара кадам бира шайн тайпанах волчу шина кIентан карах веллачух. Юха а тIедожийра цара, ТимурзиевгIеран гергара нах маьршабахар а, декъий схьадалар а.

ШолгIачу дийнахь вийначу Джабраилов Мохьмадан цIийнах болчу наха чIир кхайкхийра ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а тайпанашна.

Иштта цара билгалдаьккхира, ТимурзиевгIара гIиллакх ца лецира шайца, гечдар ца дийхира шайн стаг верна аьлла.

Ткъа суьйранна "Грозный" телеканалан директоро Ахмадов Чингиза кадраш гайтира полисхошна тIелатар деш гойту. Новкъахь ехкинчу видеокамераша дIаяздинера хIоьттина сурт. Юьхь гуш йоцучу цхьаммо постехь лаьттачу полисхочунна масийттазза урс туху, тIаккха шолгIачунна тIевоьрзу иза.

Видео зорбане яларца экстремистийн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано Соьлж-ГIалахь полисхошна динчу тIелатарх жоьпалла шена тIелецира.

"Монтаж ю, фотошоп ю бохуш, версеш ю лелаш. Факташка хьовса деза вай, ткъа уьш йолуш ю. Бехк-гунахь доцучу стагана тIе а вахана, иза вуьйш яьккхина видео ю. Со а ца теша там бара, оцу кепарниг хила магарх, амма стохка Магасехь кхуьнах тера хилларг дайна ву со", - боху Тимурзиев Мохьмада, 2019-чу шарахь ГIалгIайчуьрчу Магасан ДПС-н белхахошна муьлш бу цахуучу наха арсашца дина тIелатар дага а лоьцуш. ХIетахь йинчу чевнех хьалха ца велира лакхара лейтенант Кокорхоев Зеламха. Кхузахь а санна, даIишхоша шайна тIелецира зулам.

Сулыгов Сараждис видео тIехь динчу дIахьедарна иштта жоп делира нохчийн парламентан "Единая Россия" партин цIарах депутат волчу, яхначу хенахь Ичкерин тIеман министр лаьттинчу Ханбиев Мохьмада.

"Тхо беной ду, лаххара а 10 эзар тIом бан а хууш, карахь герз а долуш нах бу тхан Iедалан белахашкахь. Ахь тхан паччахье къамел дина, ткъа иза тхан бено ву, оха ахь цуьнга динчу къамелах хьоьга жоп доьхур ду. …Хьо бIаьрса доцуш ву, хьуна хьайна тIехьа масса стаг ву а ца хаьа. …Хьоьца тахана дуьйна бенойн чIир ю хьуна, нагахь санна ахь къинтIера довлар дехахь, хьовсур ду вай», - бохуш, кхерамаш тийсира шен къамелехь Хамбиевс.

Хьем ца беш цунна дуьхьал жоп дитира цуьнан оппоненто, "дудаевхо" а лаьттина, "кадыровхошкахьа" вирзина "ямартхо" ву элира цо депутат Ханбиев.

Иштта, дагадаийтина цо, 2004-чу шарахь ГIалгIайчохь Нохчийчуьрчу тIемалоша цхьана буса 100 стаг охьавиллича, цхьаммо а чIир ца кхайкхийра шуьга аьлла. (Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу хенахь, Наьсарахь динчу тIелатарехь вийра 98 стаг, 104 чевнаш йира. Доккхачу декъанна бара уьш чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан а, къайлахчу сервисийн а белхахой.-Редакцин билгалдаккхар.)

Керлчу шеран Дечкен-беттан 1-чу дийнахь СултыговгIеран а, ТимурзиевгIеран а тайпано керла видео яржийра. Цу тIехь цара доьхура вийначу Джабраилов Мохьмадан гергарчаьрга, шаьш тIедитахьара, маслаIат дан аьлла.

ЧIиран мостагIалла а, шариIат а

"Йа Iадатехь а, йа шариIатехь а хIара хилла гIуллакх чIире доккхийла яц, - дуьйцу Петр Великийн цIарахчу Кавказан антропологин а, этнографин а Музейн лакхарчу Iилманан белхахочо, "ГIалгIайчохь чIирца къийсам латторах" бинчу талламан авторо Албогачиева Маккас. - Iадато чIир кхайкхор хIунда дерзош хилла ишта? ХIунда аьлча, юкъараллана шегара пайда бохьу стаг церан вийна хиларна. Кхузахь оцу агIор цхьа стаг вийна (полисхо), кху агIора - шиъ. Ткъа шариIатехь и стаг вийначунна бен чIир кхайкхон йиш яц. Цундела шариIато кхузахь магош дац чIир екхар".

Албогачиевас дийцарехь, вовшащца маслаIат ден процедураш йолайо и стаг вийначу дийнахь дуьйна. Тайпанан векалша оцу сохьта лоху шайн карах веллачун гергара, я бевза-беза нах. ГIалгIайн Iадаташца, дов дерзо юкъаралла лелочарлахь дехойн агIор болу нах хила йиш яц, хIунда аьлча, чIир царех а хьакхалуш ю.

"Кхузахь оцу доьзало шайн тайпанца дIоггара уьйраш латтош ца хилла. Соьлж-ГIалахь уьш беха дуккха а хан ю. ТимурзиевгIеран а, СултыговгIеран а тайпанан векалш цига ца бахана а хила тарло, цаьргара цхьа инициатива ца хилча. ТIехула тIе, СултыговгIарех шиъ ма ву вийна. Цул совнах, лаьцна ду ТимурзиевгIеран да-нана а, йиша а. Оцу гIуллакхан цхьа йист яккха декхаре верг лаьцна ву, тIаккха мила вара цигахь хьалха вала везарг? Ца баьхкинера шайна тIе аьлла, и нах бехке бар нийса дац", - аьлла хета Албогачиевана.

"Хьал дерш - лета, доцучарна - кхета

"Тхуна тIе цхьа стаг веара, Нохчийчуьра кост дохьуш. "Шу тIеоьцур ду, амма цкъа хьалха лакхахь болчара листа деза и хаттар. Политика дIаяккха, тIаккха шу тIедуьтур ду", - элира. Ткъа политикаша боху тхоьга, ролик дIаязъе, шаьш терроризм бакъ ца йо а олуш, веллачух кадам а беш", - дуьйцу ТимурзиевгIеран векало.

Шайн шина кIанта билггал тIелатар дарх видео гайтинчул тIаьхьа дIаязйина видео ца магийна нохчийн агIоно, боху Тимурзиевс. Шайга телефон а тоьхна, кхиниг дIаязъе аьлла, тIедиллира боху цо.

"Оха боху: "Тоийта, роликаш кхин хир яц, - дуьйцу Тимурзиевс. - Аш тхо тIедитахь, тхо дIадогIу, бехк тIе а лоцу, вовшашна цIий хьанал а дийр ду. Цкъачунна цу тIехь сецна лаьтташ ду тхан гIуллакх".

Цо бахарехь, Соьлж-ГIалахь тIелатар хилчхьана цхьана буса чомахь наб йина бац уьш. Денна вовшахбеттало уьш, амма вийначун нахана тIевахийта стаг кара ца во царна.

"ТимурзиевгIар а, СултыговгIар а цига гIойла дац, юкъа лела нах бен цига бохуьйтийла дац. Тайпанийн кхеташонца а дагадийлина тхо, муфтиятан векалшца а къамелаш хилла. Дийцарш ду дIахьош Iедалхоша тхан къаношца, цхьа кIира гергга хан ю Iедалхойн ницкъ ца кхочу Нохчийчу бахийта нах вовшахтоха. Суна хетарехь, Iедалехь болчу наха гIуллакх дерзош гIо дича дика дара. Юкъалеларш схьабаьхкича, дерриг а ларамца, гIиллакхца чекхадаккха хьовса деза. Амма цига ваха лууш стаг а вац, мухха а гIуллакх дерза там бу, массо а хIуманна кийча хила дезаш ду-кх тхо", - дуьйцу къамел дечо.

Оцу кепара конфликташ ерзош нах болуш бу республикехь, тIетуху Тимурзиевс, амма кхул а хьалха махкахь хилла политикан хиламаш бахьана долуш, эвсара доьрзур дац хIара. (Дуьйцург ду 2018-2019-чу а шерашкахь Нохчийчоьнца латтанаш хийцинчул тIаьхьа Магасехь хIиттийна митингаш. - Редакцин билгалдаккхар.).

"Хьал дерш - лета, доцучарна - кхета" бохучу аларехь санна ду тхан.

Коьртехь берш IадIахьара, мискачу оха тхаьш дерзор дара тхайн гIуллакх", - боху шен къамелехь ТимурзиевгIеран цIийнах волчо.

ГIалгIайчоьнан муфтийн гIовсо, маслаIатан комиссин декъахочо Хаштыров Мохьмад-Алима дийцина Кавказ.Реалиига, Iеламчаша вовшашлахь барт бина, шина регионна юкъара телхина хьал кхин тIе а ца эгIийтархьама, комментареш кхунах лаьцна йийр яц аьлла.

Амма СултыговгIар а, ТимурзиевгIар а муфтияте бахана бац.

Тайпашна юкъара конфликт ерзош хилла Iадат политикан гурашка а дерзош, цунах акци еш ю, нохчийн агIорара пачхьалкхо юкъахь дакъа а лоцуш боху Free Russia Foundation юкъараллан эксперто Соколов Дениса.

"ХIара дов дерзош муфтийн Хамхоевн а, тайпанинй Кхеташонан а кхачам боллуш ницкъ ца кхачар интересе дац кхузахь, суна коьрта хетарг, ассиметри гучуялар ду. Цхьана агIор, чIир кхайкхоран Iадатах лаьцна къамел ду дIахьош, тIаккха дан ма доггIучу тIегIанехь листа деза, шина а агIор болу динан дай а, тайпанаш а юкъа а балийна. Ткъа вайна гуш дерг - тайпашна юкъахь иккхинчу девнна юкъагIертар конфликтан агIор йолу пачхьалкх. ХIара тайпа ассиметри Нохчийчохь бен хила йиш йолуш яц. ЧIир йоькхуш долу Iадат политикан гурашка дерзош истори ю-кх хIара",- аьлла ахета Соколовна.

"Ницкъаллийн структурашка довла"

Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу министралло байначу беттан 30-чу дийнахь хIоттийна пост йоцург, хIара материал зорбане йоккхучу хенахь ГIалгIайчоьнан Iедалша цхьана а агIор комментари ца йинера хиллачух. Тоьшаллаш далош, СултыговгIеран тайпанна видео гайтина аьлла яра министралло зорбане яьккхина пост.

Карарчу беттан 4-чохь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада видео дIаязйира, террорхой къаьмнашца ца къестабо ша, къоман бехк бац, шайлахь оцу кепара нах хиларна аьлла.

"Суна хетарехь - хIара гIуллакх политике даккха гIоьртира, хууш вац со стенна оьшура иза. Бакъдерг дийцича, со кхеташ вац, стенна юккъаийзаво мехкан куьйгалхо, субъектан урхалхо? Кхечу мехкашкахь терроран тохарш хилча, нах республикан куьйхалхочуьнга бовлу?", -аьлла Даудовс, оцу тайпа зуламаш луьстуш ницкъаллийн структураш а, къайлаха сервисаш а ю, Кадыровга дийла ца оьшу аьлла, тIе а тухуш.

ТимурзиевгIеран да-нана а, йоккхайолу йиша а лаьцна хиларх официалехь хаамаш бина бац. Кавказ.Реалига дийцира полисхойн хьостанерчу цхьаммо къайлах, Тимурзиев Ахьмадханна а, Дарсигова Лидина а, Заретина а административан протоколаш хIиттийна, цаьрца а догIуш, чохь даккха 15 дей-буьйсий хан кхачийна царна аьлла. И гIуллакх а бух боцуш долийна элира цо.

"Гергарчу заманчохь гIуллакхна юкъавалош ву оха адвокат", - дийцина Кавказ.Реалиига Тимурзиев Мохьмада.

ГIалгIайчуьрчу тайпанийн Кхеташоно дIахьедар дина, шаьш терроризм къобал ца еш хилар дIа а хоуьйтуш, веллачух кадам а беш, дийна висинчунна маршалла дойла а олуш.

Полицин белхахо вара 22 шо долу вийна Джабраилов Мохьмад. Кхаа баттахь бен ца ларийна иза цигахь болх бан. Ненан цхьаъ бен воцу воI хиллера иза. 2001-чу шарахь эккхийтина хиллера, хIетахь полицехь болх беш хилла цуьнан да.

"Ненан цхьаъ бен воцу кIант вара боху и Джабраилов, жима кIант ву, чIогIа дог лозу цунах а. Тхо холчахь ду и сингаттам нисбаларна, стаг верна. ХIокху шина вешех а къа хета, царна тIера бIаьрг тилла, цундела Iоттаделла хIума ду. Кхетам чохь волчу стага оцу тайпаниг дийр дац, йа бакъбийр бац террорхой а", - аьлла Тимурзиевс.

Материал оьрсийн маттахь еша кхузахь

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG