ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкара ара а баьхна, кхин тIе а ницкъбийр бу? Австрера нохчий депортацех кхоьру


Нохчашна депортаци ярна дуьхьал Венехь хIоттийна митинг
Нохчашна депортаци ярна дуьхьал Венехь хIоттийна митинг

Нохчийчуьра схьаваьлла 27 стаг шен борта тIехь а волуш, Венера Оьрсийчу кема деара ГIуран-беттан юьххьехь. Царех цхьа дакъа хIинца а шайн Европерчу гергарчаьрца зIене бевлла бац. ХIетахь дуьйна Австрера нохчийн диаспора сингаттамехь ю. Кавказ.Реалиица къамел динчара дийцарехь, шаьш пачхьалкхера арадаха дагахь хиларх Iедалхоша хьалххе схьа ца хоуьйту.

Керла шо тIекхача денош дисинчу хенахь Нохчийчуьрчу мухIажиршна депортаци ярна дуьхьал митинге бевлира Венехь. Цул тIаьхьа, ГIуран-беттан тIаьххьарчу дийнахь шолгIа нах эцна яхийта кечйина рейс юкъахъяьккхира.

Пачхалкхера арабаха кечбинчу нахалахь бу – цхьацца низамаш талхорна Австрин набахтешкахь хенаш яьхна нах а, иштта, мухIажиран статус ца елларш а.

"Австрерчу нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" куьйгалхочунна Мусаитов Шайхина хетарехь, депортаци йина цхьаберш бехк боцуш арабаьхна бу.

"Билггал депортацин набахтешкахь бу, низам цадовзарна, иза талхийнарш. Бу царлахь бераш долчу хенахь шайн деца-ненаца Австри баьхкина, йа кхузахь дуьненчу бевлларш а. Доккхачу декъанна, махках бохурш кегийрхой бу. Царех цхьаболучарна оьрсийн мотт ца хаьа, ца девза нохчийн гIиллакхаш, церан менталитет хицаелла.

"Нохчийн почтехула" (WhatsApp-группашкахула дIасакхоьхьу хаамаш.- редакцин билгалдаккхар.) хаьа суна, тхан махкахой ладоьгIуш Iаш буйла, Керлачу шарахь дог таьIна бара уьш. Дуьйцуш ду, карар бутт юккъе баьлча рогIера кеманца дIабахийта кечбина нах бу бохуш. Массо а сингаттамехь ву. ТIамо йитинчу хьуно тIеIаткъам бина".

Мусаитовс бахарехь, хIоьттинчу пандемино кхин тIе а совбоккху депортаци яран кхерам: "Жимма а низам тIехтесний ахь – аравоккху. Юха а Дамоклан тур ду-кх тхуна тIехула кхозуш. "Депортаци" боху дош Iаламат лазаме ду нохчийн къомана".

Кхеташонан куьйгалхочо дийцира, шайн диаспорера авторитете болу декъашхой Австрин набахтешка кхаьчна кегийрхой нийсачу новкъа баха гIерташ, цаьрца болх беш схьабогIу аьлла.

"Оха цаьрца къахьоьгу, дешарна тIехь а гIо до. Тхан цIарах хIора баттахь нах оьху цаьрца цхьанакхета, къамелаш дан, тхан менталитете уьш берзош. Дукха хьолахь, набахтехь хан яьккхинчарна еш ю депортаци. Иштта ара боху мухIажиран тховкIело ца елларш а. Нохчийн зудаберийн сий лардо шаьш бохуш, царна тIехIиттинчара набахтехь хан а яьккхина, буьззина мах дIабелла", - боху Мусаитовс.

Австрин полици шайца диалоге ца йолу бохуш, билгалдоккху цо. Оха мел дехарш дарх "Австрерчу нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташоне" ца кхачийна цара, шаьш пачхьалкхера арабаха кечбинчу нехан тептар, чIагIдо Мусаитовс.

"Полици тIекхойкху хьо, цхьана кехатна куьйгъяздан деза, йа паспортан хан яхъян еза олий, - дуьйцу кхин дIа Кхеташонан урхалхочо. – Хьо тIевеача дIалоцу цара, куьйгах гIоьмаш а тухий, депортацин куьпа дIахьажаво. Цхьана а агIор кечамбан хан ца ло оцу стагана".

Байначу беттан 3-чу дийнахь депортаци йинчу нехан кхолламех хууш кIеззиг ду, боху Мусаитовс. Шина стагах дерг бен хиина дац. Нохчийчу дIа ма кхеччи, полици тIекхайкхина хиллера и шиъ, цаьрца къамелаш а дина, маьрша витинера.

"Оьрсийчоьно шаьш бакъонаш ларйийр ю боху, амма тхуна хууш ма ду, цигахь нах муха бов. Стагана депортаци яле хьалха кхел хила еза, ткъа Iедалхоша депортацин набахтехь кхел а еш, арабохуш бу уьш. Адвокаташ леца а таро ца хуьлу тхан, масийттазза цу чу ца бигера цара тхан цIарах болу юристаш. Кхелаш маца йина а, ур-атталла, ца хаьа тхуна", - боху Мусаитовс.

Цхьа а кхерам буй?

Грац гIалахь имам лаьттинчу Дидигов Виситас набахтехь пхи шо хан яьккхина, иза волчу маьждиге листина нах тIаьхьо Шема дIабахарна. Хан текхна араваьллачул тIаьхьа цуьнгара дIаяьккхира Iедало мухIажиран статус, хIинца Оьрсийчу цунна а депортаци ян гIерта.

"Иза гIаттамхо хилла ву Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь, цунна кхераме ду Оьрсийчу ваха", - дуьйцу Мусаитовс.

Австрин полици тешна ю, даймахкахь цунна а, кхечу дуккхаъчу нохчашна а санна, цхьана а кепара кхераме хIума дац аьлла. Официалехь комментареш яла реза ца хилира Iедалхой.

Депортацин набахтехь латточу кхечу нохчочун хIусамнанас дийцина Кавказ.Реалиига, мухIажирийн статусаш сиха елира шайна, шаьш Австри даьхкина биъ бутт ма-белли. 16 шо хьалха дара иза. Европехь дуьненчу девлла а, кхиина а ду церан бераш.

"Бехк боцуш масех шарахь набахтехь хан яккхийтира сан цIийндега, маьршаваьллачул тIаьхьа шо даккха а ца дарий арахь. Церан тIедахкарш кхочушдеш, денна полици тIе а воьдуш, куьйгъяздеш Iаш вара иза. Йоллу хан шен доьзалца йоккхура цо. Байначу беттан 1-чу дийнахь юха а лаьцна, депортацин набахте воьллина иза", - дуьйцу зудчо, шен цIе хьулъяр а доьхуш.

Цунна коронавирусан ун кхетаран бахьанца новкъарло хилира Iедалхошна, маса депортаци ян. ГIуран-беттан 2-чохь лазартне охьавиллира иза.

"Дарбан цIийнера араваьккхича, юха а Венерчу набахте дIавигира, иза пачхьхьалкхера араваккха Iалашо ю церан юха а. Адвокат лаьцна оха, амма цунна депортаци йийр яц аьлла, цо гарантеш ца ло тхуна. МухIажир ца лору иза хIинца, цхьана ханна бен цунна шайн чохь вита бакъо йоцу кехат ду тхоьгахь", - боху зудчо.

"Австри жоьпаллехь яц"

Бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацин векална Галаев Исламна хетарехь, хIара карарчу хенахь дIайоьду депортацин тулгIе йоьзна ю Австрин Iедалехь болу нах хийцабаларца.

"Нохчийн шайн векалт яц, тхо царна герагахь цхьа атта гIакх ю. Тхо бехдича, цаьргара жоп деха стаг а вац. Меттигерчу хаамийн гIирсашкахь а тхо цхьа криминале, меттигерчу бахархошца дIа ца уьйш болу нах санна гойту. Цхьацца бехкзуламан гIуллакхана тIехула набахтехь хан яьккхина нах бу шайн пачхьалкхера арабохуш. Оцу наха юкъараллана зенаш дохьу боху",- дуьйцу Галаевс.

Ша кхерамзаллехь ву аьлла, дегайовхо яц шен а цхьана боху цо.

"Цкъачунна депортаци ен нах – зуламаш лелийнарш бу. Иштта мухIажирийн статусех а бохуш, белхан визаш ло даймахка лестачу нахана. Бакъду, дукха хан йоццуш статусаш дIаяха буьйлабелла уьш Оьрсийчохь хилла боцучаьргара а цхьана", - дуьйцу къамел дечо.

МухIажиран статус дIаяьккхинчул тIаьхьа оцу стагана хьалха керла проблемаш хIуьтту боху Галаевс: виза яхъян цунна оьшу оьрсийн паспорт. Паспорт даккха иза декхаре ву Оьрсийчоьнан векалте ваха, ткъа цига цуьнан гIойла дац, нагахь санна, Оьрсийчохь Iедало иза лоьхуш велахь. Документ цахиларна маьрша Европехула дIасалела бакъо ца юьсу оцу стагехь.

"Виза кхин дIа ца яла а там бу, нагахь санна, Оьрсийчоьно и стаг дIавехахь, тарло оцу сохьта цунна экстрадици ян, хIунда аьлча, иза мухIажир лоруш вац, Австрино цунах жоп ца ло. Тхо кхоьрург -гIуллакх ишшта дерзар ду", - боху шен къамелехь "Вайфондан" векало.

"Оьрсийчохь кхин а тIе ницкъбийр бу царна"

Политологна Савва Михаилна хетарехь, Австрин пачхьалкхехь политикехь хиллачу цхьаболчу хийцамашца доьзна хила тарло тIетаьIIина нахана депортаци яр.

"Суна хаарца, депортаци йина, Европехь цхьацца зуламаш лелийна, низамаш дохийначарна. Наггахь меттигерчу Iедалхойн собар ца тоьа. И дика дац, хIунда аьлча, Оьрсийчу дIабахийтинчу нахана тIехь къизаллаш лелор ю. Уьш шайн дозана тIе бевллачул тIаьхьа хьанна а дуьхьал зуламан гIуллакх айдан йиш ю церан. Суо эксперт хиларе терра, ас кегийначу бехкзуламан гIуллакхашкахь, оцу наха шаьш бахьана делла Iедалхошна, шаьш арадахийта. Масала, футболан матче вахана цхьаъ, карахь бита а йолуш. Цигахь меттигерчу фанаташца летта иза. Оцу тIехула бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал. ТIаккха, оцу гIуллакхашна тIехь терго латточу Оьрсийчоьно иза дIавоьху. "Иштта харцахьа лелош волу иза вайна стенна оьшу" аьлла, ойла хуьлу тIаккха меттигерчу Iедалхойн", - дуьйцу Саввас.

Нохчийн диаспора халла дIаоь Европерчу юкъараллашца, ткъа цуьнан авторите болчу декъашхоша юкъ-кара могуьйту, летарш хьулуш доьрзу церан леларш боху политолога.

Synthesis Research организацино стохка Зазадокху-баттера Марсхьокху-батте кхаччалц схьа динчу зерашца, 2016-чу шарера схьа дуьйна Австрехь бехачу нохчашлахь 5 процент бен белхаш беш бац.

2007-чу шарахь дуьйна Австрехь беха 44% нохчий бен бац къинхьегаман биржехь тIечIагIбина. Ткъа 2015-чу шарахь баьхкинчарех 15 процент бен бац.

Пачхьалкхера арабаьхначул тIаьхьа Нохчийчу кхочучарна тIе коллективан жоьпалла дожон тарло, царна тIаьхьа бовла мега политикан бахьанашца аьлла хета Савва Михаилна.

"Нагахь санна, нохчийн Iедалхойн конфликт йолчу доьзалера и стаг нислахь, цара коллективан жоьпалла тIедожадо. Бен дац царна, оцу стага хIуммаъ дина дацахь а, амма церан таро ю цуьнгахула цуьнан доьзална тIеIаткъам бан", - боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG