Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана комментари йина Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан даржехь Iен хан йоьрзуш волчу Трампан Дональдан социалан машанашкара аккаунташ дIакъевлина аьлла кхаьчначу хаамна. Телеграмерчу шен каналехь яздина цо оцу хьокъехь.
"ХIинца тхойша гIеххьачул тера ву вовшех: хьалхо со цо социалан машанашкахь блоке хIоттийна хиллахь а, хIинца гIаттаме ваьлла волу Трамп Дональд ша ву блоке хьажийна", - яздо Кадыровс.
- Американ Штатийн президентан Facebook и Instagram социалан машанашкара аккаунташ къовлур ю лаххара а I4 денна. Оцу хьокъехь дIахьедина Facebook корпорацин куьйгалхочо Цукерберг Марка. Иза оьшу Iедал керла хаьржинчу президенте Байден Джога маьршша дIадалийтархьама, аьлла цо.
- Кадыровн Instagram а, Facebook а машанашкара аккаунташ къевлира 2017-чу шеран Iай, иза санкцийн "Магнитскийн тептара" язвина хиларца доьзна. Оцу бахьаница Mylistory социалан маша биллира Нохчийчохь. Амма нахалахь баржанза бисина и маша.
-