ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудаберашка никIабаш охьаяхийтарна Британехь гоьваьллачу имамо бехкбаьккхина нохчийн муфтийгара


Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Британера имам Димашкъыйа Iабдурахьман а
Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а, Британера имам Димашкъыйа Iабдурахьман а

Меттигерчу зударшка никIабаш охьаяхийтинчу Нохчийчоьнан муфтийгара Межиев Салахьера бехк боккхуш видео д1аязйина Британерчу имамо, шейхо Димашкъыйа Iабдурахьмана.

"Путинан муфтийс, Асад Башаран муфтийс, Кадыров Рамзанан муфтийс сийдоцург далийтина шегара, никIаб тиллина бусулба мехкарий полицино шена т1ебалийча. Цо тIедожийра царна никIаб охьаяккхар, вахабистийн а, Iарбойн а ламаст ду иза лелор аьлла. Шегара бехкаш даьхча, шен дешнаш юхаийцира цо: шена дуьхьалбевлларш шех нийса ца кхетта аьлла. Ша аьлларг "нийса ца гочдина" боху цо. Оццул еха маж ю муфтийс лелош, оццул харцдерг а дуьйцу", - боху Британерчу имамо.

Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа а, Соьлжа-ГIалин полицин урхаллин куьйгалхочо Ирисханов Аслана а довдира бусалба духар никIаб лелочу меттигерчу 7 яхархочунна. Сюжет гайтира "Грозный" телеканалехула.

Межиевс хаийтинера никIаб ерриг юьхь къовлу Iаьрбийн зударийн духар хилар а, иза лелор тIехьдацар а. Цо бахарехь, деа а бусалба мазхьабо а боху изза. ТIекхуьу чкъор кхета деза, никIаб Iаьрбийн Iадат хилар, зударшна дино иза лело тIедожош доцийла, бохура муфтийс.

Соьлжа-ГIалахула никIабаш а йоьхна зударий ша лоьлуьйтур бац, иза лелор нохчийн Iадатехь а, дино хьоьхуш а дацарна, никIаб лелораш Iаьрбийн мехкашка дIабаха беза, аьллера Ирисханов Аслана а.

«Хьехамаш» бина бевлча, телеканало гойтучу мехкарша никIабаш дIаехира шайн яххьаш тIера.

XS
SM
MD
LG