Кхечу пачхьалкхашкарчу исламан динан Iеламчийн тергонера ца даьлла Нохчийчохь ГIуран-баттахь никъаб ехкар. Доккхачу декъанна, махкарчу динан урхаллана критика еш вистхилира Британехь веха ливанхойн орамаш долу имам Димашкъыйа Iабударрахьман. Соьлж-ГIалахь динца лелочунна тIехула хьалха а кхардарца дIахьедарш дора цо.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча шо хьалха динах лаьцна къамелашка ваьллера СаIуда Iаьрбийчоьнан хиллачу муфтийн Баз Ибнан кIентан кIантаца. Нохчийн хьаькамаша а, Iеламчаша а бечу кхайкхамашкахь, хIу ду-те цхьаболчу шейхашна цатовриг?
Никъабна дуьхьалояр
2020-гIа шо довш Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа емалйира масийтта йоI никъаб лелорна. Оцу кепара духар исламан динца догIуш дац, Iарбойн ламаст ду иза аьллера цо.
"ХIай, эфэсбэшник, муфтийн даржехь хила хьакъ вац хьо!, - дуьхьало йира Межиевна Димашкъыйа Iабдуррахьмана. – Iарбойн ламаст дац иза, бIе шо хьалха а Европехь оьздангалла гойту ламаст ду иза… Эхь ду хьуна! Иудейша а цхьана лелош ю никъаб, ткъа ахь йоьхкуш ю иза бусулбачу мехкаршна!"
Юккъерачу оьмарехь хиллачу динан дайшна хетачунна тIетевжина, шейха билгалдаьккхира: никъаб лаахь а, ца лаахь а лелон еза аьлла, тIейожийна яц, амма иза ехкан а магош дац, аьлла.
"Никъаб тиллина зуда гахь, вай цунна тIера хеча охьа а яьккхина, цунах куьйгаш тухур ду аьллачу, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хьуо муьтIахь волундела лела хьо ишта. (Тоьшалла до Кадыров Рамзанан аьллачу архиверчу дешнашца – редакцин билгалдаккхар.). Европхошна эхь хетар дара оцу тайпаниг ала а. Со хIинца Британехь ву, кхузахь никъабаш техкина зударий лела урамашкахь, машенаш лелайо цара, цхьана дас хIума ца боху цаьрга. Британехь ду боху хьуна ас и дерриг а, Пайхамаран мас еача вилхинчу Кадыров Рамзанан махкахь дац. И дерриг а моттаргIанаш яра", - тIетуху Димашкъыйас шен къамелехь.
Мароккорчу исламан динан Iеламчийн Лиган куьйгалхо, шейх Кеттани Хьасан Iела а эргIадвахна Межиевс динчунна.
"И сурт сайна гича, со ца тийшира. ХIунда аьлча, динехь лелачу зудчунна и йоккха сийсазалла ю. Муфтийс динарг – бехк баккха догIу зулам ду. Ткъа цо аьлларг – Далла гIийбат дар ду", - боху Кеттанис.
Иштта цо билгалдоккху, Малхбалера Малхбузе кхаччалц а, Къилбаседанера Къилбе а кхаччалц дуьненчохь бехачу зударша никъаб лелош хилар.
Димашкъыйас а санна, Мороккорчу шейха хиллачунна бехкево Кадыров. Цунна хетарехь, "Дела веза шена бохуш, кепаш лелайо Кадыровс, ткъа динан коьртачу постулатех ша Iоттавелча, къийса волало".
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а, цуьнан муфтийна а критика ярехь гена ваьлла Урдунера шейх ТIалхьа Абу, уьш динах дIахадорца. Динна "ямартбевлла уьш", "церан дегнашчохь бусулба цхьа а хьаса а бац", аьлла хета шейхана.
Сийлахь дезачун культ
Суфишна а, салафиташна а юкъахь къийсаме долу, Кадыров Рамзанан динан урхалло пропаганда ечу исламан версина критика яр.
"Ислам, иудаизм а санна – массара а шена-шена хетарг дьйцу религи ю: раввинаш мел бу, оццул хетарг а ду, шейхаш мел бу, оццул ойланаш а ю. Цундела, кочаваха хIума атта карадо. Кхузахь цатовриг хIу ду аьлча, Нохчийчохь хьалхатеттина суфизм хилар. Цул сов, ортодоксаша тIечIагIйина суфизм, масала, аль ГIазалин белхашкахь язйинарг. Ишта ю, ортодоксино ца магийна суфизм а, масала, сийлахь нах базбар. Цунна критика еш гулло и шайхаш", - боху дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн Кавказан проблемийн а, регионан кхерамзаллан а Центран Iилманчас, этнографа Ярлыкапов Ахьмада.
2019-чу шарахь Кадыровна а, цуьнан динан урхаллина а критика йина ца Iаш, кхаьрдинера кешнашкахь болчу безачу нахе кхайкхамбарна: "Моьттур дара, дийначарна а, беллачарна а юкъахь блютузехула зIе ю".
150 шо хьалха кхелхинчу суфийн шейхан Кишиев Кунта-Хьаьжин ларам беш хиларна терго йира цо.
Таханалерачу Нохчийчохь Iедалхой мел а эгIаза хуьлу "велла" боху дош Кишиевца доьзна олуш. Цхьанхьа бусулба дин даржош ву иза хIинца а бохуш, чIагIдеш ду цара.
"Батта тIе а хиъна, адамашна тIехь терго а латтош, АллахIе кхайкхамаш а беш иза Iаш ву бохучух хьо теший? Хьанна хаьа, кхана Марсе дехьавала а там ма бу иза", - цавашарца аьлла Димашкъыйас, муфтийга вистухуьлуш.
Кунта-Хьаьжига а санна, Кадыровн динан урхалло кхайкхамаш бо 13 бIешераш хьалха кхелхиначаьрга а цхьана. Масала, пандемин юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIовса Шахидов Адама Мухьаммад Пайхамаре а, цуьнан муридашка а дехар дира, инфекцех шаьш кIелхьарадахар доьхуш. Иза тергамза ца дитира Димашкъыйас.
"Пайхамар кхелхинчул тIаьхьа, цуьнга орца ца дийхира иза доггах везначара а. Шахидов тешна ву, ша цунна хезар ву аьлла", - дIахьедира Британин шейхо 2020-чу шарахь.
"Езачу" хIуманашна хьалха бегабар
Лурчаха ГIадужу-баттахь твиттерехь къовсам баьккхира Кадыровс маракъевлинчу диттана гонах. СаIудерчу блогеро Анасс аль-Шейха зорбане даьккхира, диттах хьаьж таIийна Кадыровн даьккхина сурт. Цунна буха яздинера цо: "Пайхамаран лорах воьдучу бусулбачунна а, керла юкъадаьккхинарг лелочунна а юкъахь йоккха башхалла ю, стиглана а, лаьттана а юкъахь санна".
Шен паччахьна орцах веара Шахидов ШахIид. Комментарешкахь цо дIахьедира, и дитт деза лоруш ду, цунна бухахь хиъна Iачу заманчохь самукъадолуш хилла Мухьаммад Пайхамаран аьлла. Маца Iийна Пайхамар оцу дитта бухахь хиъна аьлла, шега динчу хаттарна жоп лучу меттана: цунах льцна информаци айхьа лаха интернетехь аьллера блогере Шахидовс.
Тийжамаш бира Кадыровс "Мухьаммад Пайхамаран мас" республике еача а. 2014-чу шарахь Соьлжа-ГIала кхачийра Узбекистанера совгIатна цхьа "реликви". Цул хьалха, 2012- шарахь Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташкара кхачийра Нохчийчу месаш
"ХIай, Нохчийчоьнан муфтий, Шахидов Адам, Кадыров Рамзан! Стенгахь ю, нохчийн гIаланашкахула аш чекхъяьккхина Пайхамаран мас? – карладаьккхира царна Димашкъыйас дахначу шеран бIаьста. – Коронавирусо тIом кхайкхийна шуна? Хьалаяккха и мас, юха а махкахула чекхъяккха. Йа пропаганда еш пайдаэцнера аша цунах? Хан кхаьчна-кх хIинца, Пайхамаран мас схьа а эцна, Путинна тоьшалла дан, оцу масо коронавирус эшориг хиларан!".
Иштта Нохчийчу беанчу кедан а (Пайхамаран кад), тишачу юргIан дакъойн а (кисва, Къаабана тIетосу шаршу, хIора шарахь хуьйцуш ю иза), кузийн а (Пайхамаран коша тIехь латтийна ду боху) чIогIа дола до Кадыровс.
Салафиташца къийсам
"Ваххабиташца" къийсам латторехь, дуккха а къа хьоьгу Кадыровс. Оцу терминах цуьнан пайдаэцар хуьлу цхьа къаьсташ доцуш, негативе, дукха хьолахь, шен ражна дуьхьал болчу нахана туьллу цо и цIе.
Оцу дешан коьрта маьIна ду – Iарбойн 18-чу бIешерашкахь хиллачу дешначу стеган ибн Iабдул-Ваххьабан агIончаш хилар: цара шайх бусулбанаш, салафиташ олура. Оцу идеологица бу СаIуда Iаьрбийчоьнан официалан динан дай а.
Соьлж-ГIалахь 2016-чу шарахь хIоттийначу исламан конференцехь "ваххабиташ" "тилаелла тоба" ю аьлла, дIахьедича йоккха скандал иккхира Iарбойн дуьненахь. Цул тIаьхьа масийттазза СаIуда Iаьрбийчу вахара Кадыров: цигарчу цхьаболчу хаамийн гIирсаша хаамбора, шена "къинтIерадовлар" дийхира цо аьлла.
Ала тарлора, конфереци чекхъяьллачул тIаьхьа конфликт йирзира. Делахь а, 2019-чу шарахь саIудахойн блогершна цхьа шира видео карийра, Кадыровс "ваххабиташ" а, царех тера леларш а бойъур бу бохуш, кхерамаш туьйсуш.
Иштта кхин а дуккха а видеош карийра царна, Кадыровс а, цунна улло бевллачу Iеламчаша а Iарбой аьшнашбеш. Нохчийн маттера гочйина йоллу видеош твиттере яьхча, эргIадбахначу дуккхаъчу Iарбоша комментареш язйира. ХIоьттина хьал дерзон гIоьртира Шахидов Адам, "Кадыровх нийса ца кхетта" бохуш, иза кIелхьарваха а гIерташ. Амма саIудхой ца тийшира цунах.
Оцу хаттарна тIехула дуккха а гIайгIанаш еара Кадыровн гонна, СаIудин муфти лаьттинчу Ибн База Шайхан воьIан воIа Салихьа. 2019-чу шарахь интернетехь йоккха дискусси гIаттийра, Шахидов Адам юкъахь а волуш.
"Ваххабизм" низамашкахь цахиларх Салихьна тоьшалла дан ницкъ ца кхаьчначу Шахидовс Нохчийчу хьошалгIа кхайкхира иза, амма вукхо шога дуьхьало йира. Цул тIаьхьа, Кадыровна улло хаа реза ца хиллачу Салихьа твиттерехь 1990-чу шарера сурт хIотийра: цуьнан деда ву Ичкерин хиллачу президентна Масхадов Асланна улло хииина.
Исламах лаьцна кIеззиг хаарш долу "массо а бусулбачийн лидер"
Кхечу пачхьалкхашкарчу шейхийн Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга оццул лерина терго хиларан бахьанех Ярлыкапов Ахьмада шиъ билгалдоккху.
"Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар а гоьяьлла ю, - кхетадо эксперто. – Iарбойн кхетамехь: оццул болчу бусулбанашлахь нохчий бен бовза а ца бевза. Суна хетарехь, цундела бу церан Нохчийчоьнца бала. Иштта, Рамзан Ахматовича агрессица хьалхатоьтту шен васт, Оьрсийчуьрчу бусулбачийн лидеран васт санна. Нохчийн хилла а ца Iаш, боллу бусулбачийн хьалханча ву аьлла, Кадыров хьалхататтархьама, чIогIа хьоьгуш къа ду. Цунделла боккха тидам латтабо Кадыровн а, Межиевн а багара мел долучунна".
Боллу бусулбачийн лидер хила муха гIерта Кадыров, исламан динех кхин кIорггера Iилма а доцуш аьлла, деллачу хаттарна жоп лучу Ярлыкаповс билгалдоккху, Нохчийчоьнан куьйгалхо политика лелон говза хилар.
"Исламах йолу шен готта верси республикехь бен хьалхатоьттуш яц со. Ткъа, ша Оьрсийчуьрчу боллу бусулбачийн лидер санна гойтучу хенахь цу тIехь а ма ца соцу иза. Баккъал а, боллу бусулбанаш Iалашбеш къамел до цо, бусулба динех хьакхалун хеттарш а луьсту цо, иштта хьиджабаш лелорца дерг а – Оьрсийчохь Iаламат лела хууш политика дIахьо цо. Цуьнгара даьлла цхьа гIалат ду – ваххабизмна дуьхьал конференцеш дIахьочу заманчохь цо тергоне цаэцар, дуккхаъчу шейхашна дуьйцург товр цахилар, шайна цара тIеозор хилар, цо ден дIахьедарш".