ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочо Чимаевс хаийтина, ша стенна дIаяьккхина митингехь летта нохчо хастош хIоттийна пост


Швецерчу UFC-латархочо Чимаев Хьамзата хаийтина, ша стенна дIаяьккхина Москварчу митингехь летта Джумаев Сайд-Мухьаммад хастош шен агIоне хIоттийна хилла пост – вашас дожийнера шена тIе иза дIаяккхар, боху цо.

"Кхеташ дац, иза стенна юкъахьакхавелла тахана а, кхеташ дац цигахь хIун хилла", амма ша шен вешига ладоьгIна, аьлла Чимаевс шен интернет-дIахьедарехь.

Спортхочо чIагIдарехь, харц ду, иза цхьаннех кхеравелла, оцу бахьаница цо пост юхаяьккхина, аьлла, даржийна къамел. Ша "кхеравойтучех вац", боху Чимаевс.

  • МГУ-н студент Джумаев Дечкен-беттан 23-чохь Москвахь хиллачу протестан гуламехь духаршца чIоггIа къовлабеллачу полисхойх берзинчу буйнашца духьалваларна лаца кхайкхийра, лецира иза 5 де даьлча, бехкево Iедалан белхахошна гIелоярна.
  • Дуккха а наха социалан машанашкахь хеставо Джумаев, адамашна ницкъ беш хьийзинчу полисхошца иза латарна. Оцу хьокъехь хастийра жимстаг UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата а. Амма дIаяькхира ша хIоттийна пост тIаьхьо.
XS
SM
MD
LG