Байначу беттан 27-чохь дуьненаюкъара онлайн-семинар дIаяьхьира, коронавирусан пандеми йоьдучу юкъанна аьтту-радикалан а, динан кхетамца а йоьзна йолу гIелонан экстремизм кхайкхорца доьзна. Доккхачу декъанна, и цхьанакхетар вовшахтохаран бахьана дара - Пайхамарна ехкинчу карикатурашна тIехула яхначу гурахь Францехь школера хьехархо вер. Ткъа Австрехь йинчу терактехь вийра виъ стаг.
Муха маслаIат дан деза дешан маршонан мехаллийн а, динах тешачийн дог-ойланийн а? Пандеми яьржинчу юкъанна, хIунда жигаръевлла радикалан тобанаш? Хьаьнга орца деха деза, хьаьнца болх бан оьшу, оцу кепара, вийна хьехархо Пати санна долу зуламаш кхин ца хилийтархьама? Нохчийчуьра схьабевллачу, Европехь бехачу цхьаболу нохчашна хIунда еза "кадыровхойн эстетика"? ТIаьххьарчу хиламаша дуьненахь муха Iаткъам бо церан имиджна? Цхьа могIа оу хеттаршна жоьпаш лоьхура Оьрсийчуьра а, Юккъерчу Азера а, Британера а, Бельгера а, Германера а, Австрера а, Нидерландашкара а гоьбевллачу эксперташа.
Онлайн-семинар вовшахтоьхнера анализан а, конфликташ эшоран а центро информацин-аналитикан "Сова" центран белхахошца юкъахь.
Франци. "Айкхаллин феномен"
Официалан версица, оцу юхахьаевллачу карикатурашна тIехула хьехархо Пати Самюэль вийнарг Нохчийчуьра орамаш долу Анзоров IабдуллахI хилла. Кхул хьалха хаамийн гIирсашкахь нохчех лаьцна сийсош дуьйцура Мангал-баттахь Францерчу Дижонехь Къилбаседа Африкера схьабевллачу бахархошца хиллачу къепедацаршна тIехула.
Йоьдучу онлайн-семинарехь Париж Нантер университетан доценто, социалан Iилманийн талламхочо, дуккхаъчу шерашкахь Нохчийчуьра а, диаспорера а хьал зуьйчу Анн ле Уэросо билгалдаьккхира, кхечу пачхьалкхашкара схьабевллачу наха дечу зуламийн Францин юкъаралло кхин башха тидам беш цахиларх.
"Хьехархо Пати веле ши де хьалха, Пакистанера веана мухIажир тIелетира, карикатураш зорбане яьхначу "Шарли Эбдон" хиллачу редакцина гергахь, - дагадаийтира Анн ле Уэрос. – Францехь Пакистанера ситуаци толлучу цхьана а экспертан бала ца кхечира, оцу зуламан мах хадо. Ткъа хьехархо Пати вийначул тIаьхьа хаттар айдира. Диаспорех лаьцна хоьттура, уьш схьаийна бац бохура, терахьаш лоьхура, уьш пачхьалкхехь мел бу хаа гIертара… Еххачу хеначохь нохчийн диаспора Францехь гоьяьлла цахиларна хила а тарлора иза. Цхьа къаьсташ доцу суьрташ дара тIемах а, Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а".
Францерчу кхечу бусулбачу диаспорашца долу хьал дуьстича, нохчийн яц шира уьйраш хIокху пачхьалкхца, дац колонин хилларг, кхетадо эксперто. Нохчашца йолу юкъаметтигаш доккхачу декъанна ийгIина ца го, амма ницкъаллийн структураша а, миграцин хьукмато а кхин а тIе само латтайо цаьрца, экстремистийн хьежамаш бу аьлла хетачу шеконашца, хета талламчана. Дукхаболчу нохчаша Пати вер емалдинашшехь, тIетуху эксперто.
"Цхьа айкхаллин феномен гучуяьлла-кх, йа билггал кхераме хетачу нохчех "кIайн тептарш". КIайн" ду, хIунда аьлча, куьйгаш буха яздина дац уьш (хила тарло информаци къайлахчу сервисашкара). Францехь дера дискусси ю дIахьош терроризмца къийсам латторах а, сепаратизмах долчу низамах а. ГIаланашкахь а, шахьарашка чувуллучохь а кварталаш йа кIошташ ю, сепартистийн юкъараллан низамашца нах бехаш. Тхан арахьарчу гIуллакхийн министро аьлла, Францехь низамаш дохийначарна депортаци ярх лаьцна дийцарш дан Москва ваха кечлуш ву ша аьлла. Кест-кеста нах пачхьалкхера арабохуш-м бу", - бакъдо Анн ле Уэрос.
Махкахь экстремизмца болу къийсам чIагIбарх лаьцна дуьйцуш, ле Уэроса билгалдоккху, Францехь бехачу дуккхаъчу бусулбанаша Макрон Эммануэл шайна дуьхьал ваьлла аьлла, тидар.
Иштта эксперто хьахийра, нохчийн кегийрхойн тIехулара хатI кхечу этносийн векалех къаьсташ хиларца йоьзна "Кадыровн эстетика" боху термин а.
"Францера юьхьанцарчу классашкара хьехархой наггахь цецбуьйлу, ворхI шераш долу кIентий "Калашников" тIеязъйина футболкаш йоьхна стенна лела, бохуш. Соьга хоьтту цара иштта. Хадам боллуш дала жоп дац сан: "Кадыровн эстетикера" ду-те иза, йа халкъан турпалхойх тарбала гIертар ду-те аьлла", - дуьйцу ле Уэрос.
Австри. "Антинохчийн пропаганда"
Европехь беха цхьаболу нохчий Анзоровх доглозуш хиларан барамах дийцира "Австрера нохчийн наной" организацин куьйгалхочо Курбанова Майната, социалан машанашкарчу пабликашкахь йитина комментареш зийначул тIаьхьа.
"Патин вийна Анзоров къонах ву бохура, - ддуьйцу Курбановас. – Нохчийн къоман этикехь Iаламат маьIне кхетам бу иза: шен дахар ца кхоош, шен къома дуьхьа гIуллакх ден сийдолу къонах хилар ду иза. Пати Самюэлан баьккхинчу коьртан сурт инстаграман агIонехь зорбане даьккхича, Абрек ник йолчу цхьаммо емалдира и зулам. Ткъа иза сийсазвеш, цунна тIебирзира кхинберш, "Абрек" аьлла хьайн цIе зудчун цIарца хийца бохуш. Кавказхошна юкъахь оцу кепара къамелаш дар могуьйту хIума дац, кхана-лама стаг жоьпалле озо бахьана ду иза. Масала, 30 шарал а тIехбевллачу кегийрхоша мелхо а емалдора зулам, цхьаммо дайтина цуьнга иза, 18 шо долчунна оцу тайпа хIума коьрте догIур а дацара, цIий Iанор дацара бохуш.
Австрехь бехачу нохчийн хьолах дерг аьлча, Курбановас билгалдаьккхира, меттигерчу медиаресурсаша цабезамца дуьйцуш хилар нохчех лаьцна.
"Европерчу цхьана а меттигехь оцу тайпа хаамийн гIирсашкахь нохчашна дуьхьал пропаганда лелош гина яц со. Цхьана а нохчочо кхузахь теракт йина яц, - кхетадо цо. – 30 эзар гергга нохчий беха Австрехь. Австрерчу аьтту-радикалан а, аьтту-консервативан а политикийн Оьрсийчоьнца а, Оьрсийчоьнца йолу экономикан зIенаш бахьана долуш а ирделла ду хIара хьал".
Иштта дийцира Курбановас оцу пачхьалкхехь радикализмаца латточу къийсамех а. Австрехь экстремизмна дуьхьало латточу проектех цхьаъ ю "Нанойн школа радикализацина дуьхьал". Ялх шарахь оцу школехула чекхъяьлла – нохчийн ши бIе зуда.
"Оцу проектна наной сейсмологаш болуш санна хета, доьзалехь кхиазхочуьнца дерг цунна хаа деза, наной сема хуьлу хIуманна бохуш. Наной Iамийна радикализацин дуьххьарлера симптом гучуялахь, шен хеннахь оцу берана орцахъяьлла, цуьнан ойла юхаерзон", - дуьйцу Курбановас.
Нохчийн кхиазхой набахтешка хьийсабо юхахьара лелча а, кест-кеста урамашкахь хуьлучу летаршна а тIехула. Iаламат йоккха херо лов цара, цуьнца кхуьу, беха уьш. Шайн орамех дIахаьддашехь а, кхетам бу церан сема, шайн нохчалла лардан", - боху Курбановас.
"Цигахь ца лоьху"
Динан экстремизмна дуьхьал Францин Iедалхоша лелочу антитерроран барамашка цатешамца хьоьжу Гайдаран цIарахчу экономикан политикан Институтехь политикан экономихула а, регионалан кхиорехь а къахьоьгучу Стародубровская Ирина.
"Билггал леха оьшучохь ца лоьху, серлонехь лоьху аьлла, хеташ ю со, - дийцина цо семинарехь. – Политика муха ю хьуна аьлча, сепаратизм оьшуш ю бохуш, нах теша а беш, динах лаьцна нийса ца дуьйцучу цхьаболчу исламисташа барт бохабо. Амма нах партал бац, шайга дIа мел бохург схьа ца лоьцу цара. Нагахь санна, и кхайкхамаш тергал беш цхьаъ велахь, тIаккха, оцу идеологих тоам а беш, цхьанна оьшуш ду-кх и".
Стародубровскаяс бахарехь, хила тарло и доьзна дискриминацица а, маргинализацица а, массо а агIор шаьш дIахаьадда хиларца а.
"Сегментан ассимиляцин теорин авторша дуьйцу иза хIинца. Массо а ассимиляци еш ву боху, хаттар ду – стенга? Йа мейнстриме, йа маргиналан культурин юкъа. Политикаша тIеоьцу барамаш, цара дIахьейинчу Iалашонна дуьхьал бу. Коьрта идея ю церан – "оха даймохк безаболуьйтур бу шуна". Нийса лелаш доцу шу, тхайн нийсачу синбахамаллин Iаткъаман а, тхайн нийсачу мехаллийн а цхьа объект санна хета шу, бохуш санна. Оцу хьелашкахь маргинализаци кхин тIе а чIагIлур ю, контркультуран хIуманаш а гучудуьйлур ду".
***
Стохка ГIадужу-баттахь хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа Францерчу цхьа могIа бусулбачийн лидерша "Республикан мехаллийн Хартина" куьйгаш яздира, терроризмца къийсам латторхьама президента Макрона хьалхатеттинчу инициативаца.
Цу тIехь блгалдаьккхина ду радикализман идейшна дуьхьал хилар а, пачхьалкхан низамаш лардан чIагIо яр а. ХIинца дуьйна маьждигашкахь хьехамаш бан бакъо оьшу имамаш декхаре хир бу оцу документна куьйгъяздан.