ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккхийта гIерта бакъонашларъярхой


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедаршна тIехула Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело гIуллакх листа дуьхьалоярна мехкан Лакхарчу кхеле апелляцин латкъам хьажийна бакъоларъяран "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра а, кхеташонан декъашхочо Орлов Олега а, Москварчу Хельсинкан тобан урхалхочо Бахмин Вячеслава а.

2019-чу шеран Лахьан-баттахь «Грозный» телекомпанино шен хаамийн программехь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан гайтира интернетехула шен а, шен гонан а «сий бехдечарна» луьйш.

«Эладитанаш даржораш», «маьттаза хIуманаш яздийраш» хIалакбан беза, бохура цо.

(Кхузахь а лахахь а Кадыровн къамел ма-дарра довзуьйту редакцино). "Барт галбоккхуш лелаш йолу хIуманаш юккъехь, питанаш, эладитанаш, юьйцуш йолу хIуманаш, уьш вай яйина а, чуйоьхкина а, кхерийна а, совца ца йой, и хIуманаш, вайн цунах цхьа а агIо хир яц. Честь, совесть задевать еш болу нах, дуй хьуна, их надо уничтожать, боху ас, кхетий хьо, хьара дуьне сийначу цIарах даьгчи а, хIокху дуьненахь мел долу закон галдаьккхичи а, честь задевать дина стаг мичахь вуьтур ву? Делера доьссинчу Делан шен Къуранора вуьтур вац-кх, дуй хьуна, хIокху, ас боху, хIокху дерриг а дуьненахь мел йолу наказани тIеоьцур ю-кх ас, дуй хьуна, на таран тIом бар гIоле ма ю, дуй хьуна, и яздечуьнца, цIеллиг-цкъа а простить вийр ма вац ас, цIеллиг-цкъа а. Закон муьлхарг ду? Закон, конституци, демократи – это есть благополучие населения, дац, дуй хьуна. Ахьмад-Хьажас, вайн цель – благополучие населения ю аьлла». Иштта ю Кадыровс кхайкхийна кхел.

Ткъа шена а, шегарчу Iедална а резабоцуш, интернетехь лоьчарна ша-тайпа тохку цо цIерш: «…Аферисташший, предательшший, эладитанчаш, шизофреникаш, вукхара, вукхара лелош йолу хIуманаш, уьш разных мастей ю, уьш совцо езаш ю», элира мехкан урхалхочо.

"Мемориална" хетарехь, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарх хаамаш Iорабохучу журналисташка а, бакъоларъярхошка а цабезам, мостагIалла айдеш, дIахьедарш дина цо.

Оцу тIехула "Мемориало" а, Москварчу Хельсинкан тобано а дехар динера Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре, Кадыровс динчу къамелан чулацам талла аьлла. Цара Нохчийчуьрчу Талламан комитете дIахьажийра латкъам, ткъа уьш дуьхьал хилира охьаязйина факташ зен а, "шен дешнаш харцахьа даьхна, нийса гоч ца дина" аьллачу Кадыровн юхаваларна тIетевжина.

Оцу юкъанна, Кадыровс кхерамаш тийсинчул тIаьхьа, стохка Чиллан-баттахь Соьлж-ГIалахь тIелатар дира адвокатна Дубровина Маринина а, журналистна Милашина Еленина а, вен Iалашонца тIелеттера Швецехь вехачу блогерна Абдурахманов Тумсона а. Стохка аьхка Венехь вийра нохчийн блогер Умаров Мамихан. Гезгамашин-баттахь лачкъийна вигина IАДАТ телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман, сийсазвира шишана тIе а хаийна. Финляндехь кIело йира нохчийн блогерна Ломаев Мусана.

XS
SM
MD
LG