ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь прокурор Iийначунна 15 миллион сом дала декхарейина кхело URA.RU сайт


Нохчийчохь кIоштан кхело 15 миллион сом охьадилла декхарейина махкахь прокурор лаьттинчу Залзаев Муратна URA.RU агенталлин сайт. Агенталлин юристаша арз хьажийна оцу хьокъехь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхеле – дов луьстур ду Чиллан-беттан 18-чохь, яздо оцу хаамийн сайто.

2017-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу некъахьовзамах лаьцна бара URA.RU-н хаам. ХIетахь Хьалха-МартантIехь прокуроран гIовс волчу Залзаевн Toyota Camry а, "Лада Приора"а вовшахкхетарх лаьцна бара агенталло, Mash телеграм-канална а, Russia Today сайтанна а тIетевжаш арахецна хаам. "Лада" машенахь хилла ши стаг велира, машен иккхина, егира оцу хьовзамехь. ТIаьхьо талламо бехказваьккхира Залзаев.

Кхеле ша динчу орзехь Залзаев Мурата бехкейора URA.RU агенталла, цуьнан хаам бахьанехь шен прокуратурерчу балхах воха дезна, аьлла.

  • 2018-чу шеран ГIара-беттан 4-чу дийнахь Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан куьйгалхо, мехкан куьйгалхочун шича Ибрагимов Турпал-Iела декъахь а волуш хиллачу некъахьовзамехь елира тIетоьхначу "Жигули" машен чохь хилла цхьа зуда а, цуьнан йоI а.
XS
SM
MD
LG