ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь, хетарехь, кхел ца еш адамаш дайъина хиларх лаьцна керла хаам арахецна "Новая газето"


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Московахь арадолучу "Новая газето" официалан документаш арахецна Чиллан-беттан 15-хь, гарехь, 2017-чу шарахь Нохчийчохь байинчу нахах дукхахаберш меттигерчу полицино лецна хиаларна тоьшалла деш. Цунах лаьцна яздо RFE/RL медиа-портало.

2017-чу шарахь "Новая газето" хаам бира, лаьцна хилла 27 стаг, цхьа а йина кхел а йоцуш, оццу шарахь Дечкен-бутт чекхболуш тоьпаш тоьхна вийна хиларх лаьцна.

Нохчийчуьрчу Iедалша харцдора иза, и нах Iедалша цкъа а лецна бацара, бохуш, ткъа оццу хенахь Талламан комитето юхатуьйхира "Новая газето" Нохчийчуьра ницкъаллин структураш бехке еш цара динарг талла аьлла официалан кепара дина дехар.

Нохчийчоь карарчу хенахь шен Iуналлехь латтош ю Кремло хIоттийначу меттигерчукуьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнан кхерамазаллин ницкъаш дуккха а шерашкахь бехке беш бу, кIоршаме адамийн бакъонаш талхорна, шайна юкъахь адамаш лечкъор а, нахана тIехь Iазап латтор а, уьш байар а долуш.

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера кхаьчна долчу документашна тIе а тевжаш, "Новая газето" Чиллан-беттан 15-хь хаам бина, лакхохьа хьахийна 27 стаг лаьцна хилла хиларх лаьцна 2016-чу шарахь ГIуран-баттахь полицин белхахочунна тIелатар динчул тIаьхьа леррина операци дIахьуш.

2017-чу шарахь "Новая газето" официалан кепара Талламан комитете дIаделира оцу 27 стеган а, 2017 шарахь гейш олучу нахана дуьхьал кампани дIахьуш нохчийн полисхоша вийначу кхин а кхаа вахарчун а цIераш тIехь йолу кехат. Талламхоша кхин хIумма а ца дира оцу кехата тIехь болчу нахана юкъара 4 стаг велла хилар тIечIагIдар а, ткъа кхин а стаг дийна ву алар а бен.

Делахь а, "Новая газето" шен тIаьххьарчу хаамехь дийцира дийна ву аьлла дIакхайкхийна волу ши стаг вийначу шина стеган вежарий хилла хиларх лаьцна: цхьаъ -Мускиев Мохьма, ткъа важа – Юсупов Шамхан.

Оццу хаамехь газето чIагIдора, 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь лаьцна хилла масийтта стаг меттигерчу ницкъаллин структурийн белхахоша, видеокамераш тIе хьажийна а йолуш, хьийзина хиларх лаьцна. Оцу нахе "Исламан пачхьалкхана" шаьш муьтIахь хила чIаго йина хилар тIелацийтира цара, ткъа цул тIаьхьа емалъяйтира цаьрга и экстремистийн тоба.

Газетана хетарехь, тIаьхьо оцу видеох пайда ийцира Iедалша и нах террорхой хилла аьлла дIакхайкхош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG