ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-хо хиларх шеко йолуш лаьцна дагестанхо дIахецна


Экстремистийн ДАIИШ тобанах хила тарло аьлла лаьцна хилла Дагестанерчу Хасу-Юртан кIоштарчу Муцалалулера схьаваьлла Абдулкаримов Шемал, цхьа а бехк тIебахьаза дIахецна тахана. Иштта хаам бина Кавказ.Реалиига цуьнан доьзалерчу стага.

"Шемал дIахецна, иза низамехь йоцчу тIеман гIеранахь хилла бохург хьехош а дац кхин", - аьлла хьосто.

Шегара Абдулкаримовгара комментари яккха аьтто ца баьлла. Цуьнгахь Оьрсийчуьра сим-карта дац цкъачунна, иза полицино лаьцна Беларусера валийна хиларна Хасу-Юьртарчу полице, бохура гергарчара.

Чиллан-беттан 11-чохь Украинан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло, ДАIИШ-ан дакъа ду аьлла, "Киевна гергахь лийцира нах, царалахь хилла Абдулкаримов ницкъаша дIахьажийра ша махка чувеъначу Беларусе.

Цуьнан гергарчара тоьшаллаш дарехь, федералан а, я дуьненаюкъарчу а лехамашкахь хилла вац Абдулкаримов. Шен зуда украинахо хиларе терра, махкахь вита везаш вара иза Iедало. Амма иза лаьцначу Украинан низамхоша цунна тIекхача аьтто а ца белира адвокаташна, къайлах дIавигира Беларусин дозане.

XS
SM
MD
LG