ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украино Европерчу адамийн бакъонашкахула кхеле Оьрсийчоьнна арз дина, Яндарбиев верца доьзна


Яндарбиев Зеламха
Яндарбиев Зеламха

Политикан бух тIехь тIелатарш дарна Оьрсийчоьнна латкъамбина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле Украинас. Пачхьалкхан Iедалхоша чIагIдо, тIеман конфликташ йоцушшехь, Москвано шен мостагIий Iалашоллица бойъуш хилар. Масална Киево хьахийна Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна а, нохчийн гIаттамхойн коьртехь хиллачу Яндарбиев Зеламхана а дина тIелатарш.

Чуделлачу кехата тIехь билгалдаьккхина, и нах хIаллакбарна тIехьа лаьтташ Оьрсийчоь хилар, пачхьалкха чохь байина ца Iаш, дозанал арахьа а, царна тIелетарш деш хилар, яздо Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сайтехь зорбане даьккхинчу документа тIехь.

Украинерчу Европан кхелан векална тIетевжина "Европейская правда" газето хаам барца, арз хьакхало Навальный Алексейх а, Украинан дозана тIехь байъинчех а.

Иштта Украинан Iедалхоша дIахьедо, нах байъарх гIуллакх Оьрсийчохь толлуш цахиларх а, жоьпалла тIеоьгу нах цара хьулбеш хиларх а.
Масална хьахийна, газето билгалдаккхарца, 2004-чу шарахь Яндарбиев Зеламха вер.

Ша вехачу Къатарахь маьждигера араваьлла шен машен чу хууш, Яндарбиев эккхийтира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша. Цуьнан воI Дауд лазийра, Зеламха велира хиллачу чевнех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG