ХIара 2021 шо карадеачхьана Нохчийчохь ницкъахоша лачкъийна, мел лахара а, 83 стаг, царех 41 вигина Дечкен-баттахь, ткъа Чиллан-баттахь - 42.
Нохчийн оппозицин IАДАТ боламо дина оцу кепара зераш, яздо Кавказ.Реалиино.
Боламан телеграм-каналан администраторша билгалдаккхарехь, цу тайпа зуламаш лахделла догIу, дукха хьолахь, царех лаьцна гIарадоккхуш хиларна.
Нах лечкъоран бахьанаш ду - Iедалхойн политикана реза ца хилар, социалан машанашкахь жигара хьийзар, тIемалой гергара хилар.
Дукха нисло ишта, тешаша бахарехь, бехк-гунахь доцург а, каравеънарг дIавуьгуш а нисло ярташкахь рейдаш дIахьочу заманчохь.
Стохкалера шо довш Кавказ.Реалиин корреспондент махкарчу бакъоларъяран органашка ваьллера, IАДАТ-ан информацица Лахьан-баттера ГIуран-батте кхаачалц лецна вигинчу 132 вахархочун кхолламах дерг хоттуш. Прокуратуран векало жоп делира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан тIедиллина ду информаци зер аьлла.
ТIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллера жоп кхечира. Иштта яздора кехата тIехь: "IАДАТ телеграм-каналан агIонерчу информацех талламаш бина, цара охьаяздинарг бакъ ца карийна. Низамехь доцург царна тIехь лелийна бохучух а шайга кхаьчна хаамаш бац. Яьхна цIераш юьззина яц, цундела и нах болу меттиг билгалъяккха аьтто ца болу".
IАДАТ телеграм-каналан администраторша Кавказ.Реалиига дийцарехь, Лахьан-баттахь а, ГIуран-баттахь а байначу нахалахь иттаннашкахь бу цIа берзанза берш. Ах сов маьршабаьхна. Лецнарш дIахоьцуш хилар, царех лаьцна хаамаш Iорабахарца дузу къамел динчара.
Стенна лоьцу? Бахьанаш а, леца меттиг битар а
IАДАТ телеграм-канале язбаларна а, цаьрца юкъарлонаш лелорна а.
Оцу юкъанна, шайн ма-хуьллу ресурсан балхана новкъарло ян хьийза Iедалхой. Админна хетарехь, уьш кхерорхьама дийца даьккхина, IАДАТ-ан векалша шайца зIенехь хилларш схьабелла шайга: лецна бигинчарлахь телеграм-канале язбелларш а хилла, бохуш.
Пабликан векалша чIагIдо, лечкъийна бигиначара шайн цIераш ца хьулъеш дакъалоцура каналан чатехь шайн телефонашчухула, шайн суьрташца.
Коьртачу информаторех а, каналан администраторех а дерг аьлча, тахана а ницкъахойн аьтто ца баьлла царна тIекхиа, билгалдоккху админаша.
"Хьалха дуьйна а кадыровцаша кегийрхойн телефонаш кегош, нагахь санна, тхан агIоне уьш язбеллехь, дIабуьгуш, тIехь ницкъбеш, хIума лелош ма дара", - боху къамел динчех цхьаммо.
IАДАТ-н агIоне язвеллачу муьлххачунна а тIехь къизаллаш лелор йолуш бу уьш аьлла, тешна бу телеграм-каналан авторш: ресурца юкъарло лелор стенна дуьйцура, агIонга язбелла хилахь а - тоьаш ду царна.
Масала, боламан жигархой бара стохка ГIуран-баттахь вийна 27 шо долу Умаров Жалил а, Вахитаев Абубакар а. Оппозицин боламна гIо дора цара информаци яржош, ткъа Iедалхоша террорхой бу аьлла, дIакхайкхийра уьш.
Герзехьа
ГIуран-бутт бовш лаьцначу Идрисов Мохьмад-Салахьах лаьцна хаийтира. Маьршаваьккхинчул тIаьхьа дарбан хIусаме кхачийнера иза чолхечу хьолехь. IАДАТА-н информацица, къиза хьийзинера иза. Бахьана хIоьттира, Идрисовн вешин бешахь лаьттах доьллина герз даьккхича. 12 шо хьалха нохчийн гIаттамхошца тIемаш бинчу церан гергарчу стеган герз хиллера иза. Оцу тIехула лецира Мохьмад -Салахь а, цуьнан доттагIий а, бевза-безарш а аьлла, хета IАДАТНА.
Дечкен-бутт карабеача дийца даьккхира, беттан 29-чохь Кабилов Ахьмад лаьцна аьлла. Андреевсекая Долина олучу меттигехь иза вехачу хIусамехь лецира иза. Чохь мел дерг тIекIел тIесна, хеттарш дан вуьгу аьлла, дIавигира иза. Цхьа бутт баьллачу хенахь полицин декъехь цунна тIаьхьакхиира гергарнаш. Герз дIадиллина латторна бехкево иза.
Интернетехь жигара хьийзарна а, "оппозицин дог-ойла хиларна" а
IАДАТ боламан информацица, социалан машанашкахь хIайтъаьлла хьийзарна лецна цхьа могIа нах. Масала, Дечкен-беттан юьххьехь социалан машанехь комментари йитина аьлла, лачкъйира 17 шо долу Теркйистера Борзункаев. Ткъа Эвтарахь лецира 19 шо долу Усманов Iусман. И ший а латттош волу меттиг хууш бац.
Телеграм-каналан хаамашца, Шела кIоштарчу полцин декъехь латтош ву и шиъ. ТIехь ницкъбина, бертаза мукIарло дайтина цаьршинга, полисхой байъа дагахь вара шаьшиъ аьлла.
Дечкен-бетан юьххьехь Шинасуьйра-юкъара (Пригородное) 25 шо долу Яхъяев Iела а вигира лаьцна, социалан машанехь коммент йитина аьлла. Нана а яра цуьнан цомгаш.
Чиллан-беттан 2-чохь Iораделира Соьлжа-гIалара 17 шо долу Исраилов Билал а, Iела цIе йолу кIант а лачкъийна вигина аьлла. Каналан информацица, оппозицин дог-ойла хиларца доьзна чохь латтош ву и шиъ.
Чиллан-беттан 5-чохь шайн чуьра араваьккхина дIавигира ГихтIара 60 шо долу Цицаев Сурхо, лайк хIотторна. Цуьнан цIенна го а лаьцна, хIусамера масаьргара а телефонаш дIа а лахьийна, бакъо йоцуш церан цIийнах хьоьвсинера уьш, гинчара дийцарехь. ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полицин декъехь латтош ву иза аьлла, хеташ бу каналан авторш.
IАДАТА-н информацица а догIуш, "Осал Нах" телеграм-каналца уьйрашкахь хилла аьлла, ницкъ бинчу бIе гергга стага орца дехна бакъоларъярхошка. Канале язбелла хиллачехь лачкъийна вигина Бештиев Арсланхан а, Радуев Ислам а ву. Хьалхарниг, хаам барца, Шелара лаьцна вигина, шолгIаниг Минеральные Воды гIалахь каравеана.
"Нийса дин ца лелорна"
Дечкен-бутт бовш хаийтира Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштара вахархо Дузаев Iийса лачкъийна аьлла. Дузаев - СаIуда Iаьрбийчуьрчу исламан университетан дешархо ву. Цунна дуьхьал а, IАДАТ-н хаамашца, бехктакхаман гIуллакх доьллуш ду экстремизман артиклехь.
ХIеттахь вайра меттигера вахархо Бакаев Аюб а, 11-чу классан дешархо Дзухираев Дени а. Уьш берриш а цхьана артиклехь бехкебина.
"Нийса дин ца лелийна" аьлла, царна таIзар дина аьлла, тешна бу телеграм-каналан администраторш.
"Информацин тIамехьа
Дечкен-беттан 4-чохь Дубин-эвлара Эльмурзаев Билал вайра. Мехкан зорбанан министро Дудаев Ахьмада шен инстаграмерчу аккаунтехь зорбане яьккхинчу ролика тIехь гучувелира иза тIаьхьа. Хьалхо лачкъийна вигинчу 18 шо долчу Арсемиков Шарипна уллохь латташ ву видео тIехь Эльмурзаев.
Министро бехкаш доху цаьргара, "информацин тIамехь гIирс" хилийтина аш шайх бохуш.
Оцу юкъанна ала догIу, видео гайтале хьалха, полисхоша чIагIонаш йора, Эльмурзаев лацарна шаьш гунахь дац бохуш.
Байъинчу "тIемалошца" уьйрашкахь хиларна
Стохка ГIуран-баттахь Соьлжа-ГIалахь байъина ТемурзиевгIеран вежарий бевзаш хилла ву Арсемиков. IАДАТ-а бахарехь, лаьцна вигинчул тIаьхьа Кадыровн цIарахчу ППС-н ШолгIачу полкан территорри тIехь латтийнера иза. Дудаевца цхьана сюжет яьккхинчул тIаьхьа маьршаваьккхира иза а, Эльмурзаев а.
Дечкен-беттан 22-чохь цхьа дика дIайирзира 14 шо долчу Дагестанерчу яхархочун Сейидова Жасминин истори. Нохчийн полиин карахь ши бутт баьккхира йоIа, цуьнан цIийндена Исаханов Исламна дуьхьал йолийна лерина операци йирзинчул тIаьхьа.
Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане йоьIан нанас орца дехначул тIаьхьа, Дагестанерчу хьаькамашка дIаелира Сейидова.
"Холмачалла лелорна"
Пал туьйсуш, бозбунчалаш лелочарна а тIаьхьабвелла бу кадыровцаш Нохчийчохь. Дечкен-баттахь БелгIатара ялх стаг вигира лачкъийна, "дарбанаш лелочу" зудчуьнга гIо дехнера аьлла. IАДАТ-н хаамашца, царна тIехь а ницкъ бинера, цул тIаьхьа массарна а хьалха дIа а хIиттийна, юьхь яьхна, дIахийцира, таксхо Хуцаев Дишни воцург. Цо бигина хиллера оцу "хIумахуучу" зудчунна тIе клиенташ.
"Террорхошна" гIо дина бохуш, доьллу гIуллакхаш
Цхьаболу лечкъийна буьгурш шайн хIусамнаношца дIабуьгу.
Масала, Чиллан-беттан 4-чохь хааме даьккхира IАДАТ телеграм-канало, Катар-Юьртара Макаев Мовсар шен хIусамненаца цхьана вайна аьлла.
Телеграм-каналан хьосташа бинчу хаамца, ТIехьа-Мартанарчу полисхойн декъехь латтош ду и шиъ а. Террорхошна гIо дина ву хьо алий, бехк тIелаца бохуш, хьийзош латтош ву иза.
Чиллан-беттан 5-чохь хааме делира, Макаевн шичой - 37 шо долу Макаев Рахьман а, 35 шо долу Митаев Муса а лачкъийна вигина аьлла.
Чиллан-баттахь лачкъийначарлахь ву ши ваша - Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а. "Осал Нах" оппозицин каналан ши администратор вара и ший а.
Дуьххьара стохка вадийра ши ваша. Дийнна баттахь чохь витира и шиъ, КъорIан а доьшуьйтуш. Исмаил кхиазхо ву хIинца а. Маьршаваьккхитнчул тIаьхьа бакъоларъярхоша аьтто бира цу шиннан Нижний Новогороде дехьа воккхуш. Амма, нохчийн полисхой цигахь а тIаьхьакхиира цу шинна. Террорхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкаш кховдийна цаьрга. Бакъоларъярхой тешна бу, хьалха а, шолгIа а вигинчу хенахь цу шинна тIехь Iазапаш лелийна аьлла.
"Шема дIаваха лаам хиларна"
Червленнера 25 шо долу Хажаева Марьям яйра Чиллан-беттан 5-чохь. Исламан школехь доьшуш а яра иза. Иштта лачкъийра Хажаеван шийчой а, царех цхьаъ Эпиев Мухьаммад ву, шина беран да. ШолгIачун цIе йоккхуш яц. IАДАТ-на хетарехь, Шема дIаваха гIерташ вара аьлла, дуьхьал даккха кечдеш зуламан гIуллакхаш ду царна а.
Чиллан-баттахь IАДАТА дийцира, кхо бутт хьалха лаьцначу 23 шо долчу Куразов Юсупах а, 26 шо долчу Тарамхаджиев Саддамех а, 25 шо долчу Багаев Хьабибах а, 24 шо долчу Асхабов Аламбеках а.
Телеграм-каналан информацица, терроризмах лаьтта артикл ю царна дуьхьал яьккхинарг а. Шема тIемаш бан дIабаха дагахь бара боху. Ткъа лоцучу заманчохь цаьргахь ца хиллера ур-атталла, паспорташ а.
Дийнан делккъахь ен "зачисткаш"
Дечкен-беттан 27-чохь Ассиновская олучу эвлахь шен хIусамчуьра лаьцна вигира 36 шо долу, ялх беран да, Сельмурзаев Мохьмад. IАДАТ-н хаамца, хьалха а Кадыровн цIарахчу полкан полисхоша лецира иза, хIинца юха а цара дIавигина.
Дуьххьара вигинчу заманчохь бехк тIелаца дийзира цуьнан, тIехь гIело латторна. Цул тIаьхьа, яздо IАДАТА, юха Iазап хьегийтинера цуьнга, букъсурт а, пIендарш а кегдинера цуьнан.
Канале язбеллачу наха денна бохург санна хоуьйту канална я язъечу комментарешкахь, я чатехь цхьанхьа полисхоша дIахьочу рейдах.
Чиллан-беттан 2-чохь ГIойтIахь дIаяьхьира рогIера рейд. IАДАТА-н хьасташа дицарехь, ткъех сов стаг вигира цу дийнахь а.
Чиллан-беттан 7-чу дийнахь канале хааам кхечира, Эвтарахь нах дIалахьош бу, массарна а хьалха меттигерчу бахархошна етташ, машенаш чу а кхуьйсуш аьлла. Оцу дийнахь дIабигинчех бу - Буркаев Мохьмад, Шамад, Сидикъ, Халид, Хаважи, Дукхваха Товсултанов Исмаил а- IАДАТАН информацица.
Соьлжа-ГIалина юккъера дIабуьгуш а нисло цхьаболу нах, масала, Беркат базарара. Чиллан-беттан 11-чохь цигахь каравеара царна 28 шо долу Амхадов Майрбек. Устрада -ГIаларчу полисхойн декъе дIавигинера иза, амма тIаьхьо дIахецнера. Оццу дийнахь дIавигина ву Эвтарара Азиев Аслан а, цуьнан кIант ДжовхIар а, церан гергара стаг Азиев Ризван а.
Къаьстина, кхечу деношкахь шаьш Эвтарахь лецнарш а балош, юха юьрта а оьхуш, цаьрга нахана тIе пIелгаш хьежадойтуш, уьш а лоьцуш, дIаоьхуш хилар. Оцу доьзална кочаоьху, церан гергара стаг Абу СайфуллахI Шемахь тIемаш бина хиларна, цигахь кхелхина а ву иза.
Редакцино Нохчийчоьнан прокуратуране рогIера юха а кехат дахьийтина, Нохчийчохь лоьцучу а, лечкъош буьгучу а нахах дийца аьлла. Цкъачунна жоп хилла дац.