Царнаев Жовх1ара юхабаьккхина набахтера хьелаш вон хиларна шена 250 эзар доллар далар тIедожош федералан Iедалшна ша бина латкъам. Цо дехар дина Американ хин волчу инарлин прокуроре Гарланд Меррике шен аьтто бахьара аьлла, набахтехь латторан хьелаш малдан, яздо Boston Herald газето.
Газето билгалдаккхарехь, "26 шо долчу террорхочо 20-н агIонах лаьттачу "нисбинчу" хIинцца ша чубеллачу латкъамехь чIагIдо, Алькатрас набахтехь шен конституцин бакъонаш талхош хиларх лаьцна а, и хьал хийца Гарланда омра дала дезаш хиларх лаьцна а".
"Психологикан Iаткъм хиларна а, дог доьхна хиларна а, доьзал бохарна а бала хьоьгуш ву со", - даладо газето Царнаевс Колорадо штатерчу набахтера шен куьйга яздинчу кехатана тIера дешнаш.
Царнаевс чIагIдарехь, цунна бакъо ца ло набахтин кхачанан цӀийнехь 2300 доллар тIехь долчу шен чоьтах пайда эца, вешин а, йишин а жима бераш ган. Тутмакхо дийцарехь, ерриг а цуьнан почта "цензурех чекхйоккхуш ю", ткъа телефон тохар тергонехь латтош ду набахтин белхахоша, набахтера гергарчаьрга шен сурт дахьийта а аьтто боцуш.
Маршо Радионо яздина ма хиллара, кхушара Дечкен-баттахь Царнаевс латкъам бинера Iедалшка 250 доьхуш шена хиллачу цатоманна дуьхьла. Цо схьадехара набахтин гIаролхоша шегара дIаяьккхина кIайн бейсболка а, бандана олу коьртах доьхку йовлакх а.
Boston Herald-а билгалдаккхарца, Царнаевс латкъамаш бо Флоренция гIалан набахтин (Federal Correctional Complex Florence) тӀехьожурш а, гIаролхой а шеца "низамца догIуш доцу а, цхьа бахьана доцуш а, нийсонан бакъо йойъу а хIуманаш лелош бу, бохуш.
Амма хIинца ша бинчу латкъамехь цо 1-чу агIонна тIера 20-чу агIоне кхаччалц даладо набахтехь шен дахарх жоьжахате йинчу талламан сервисашкарчу Доус Джона дуьйцург.
Стохка Товбеца-беттан 31-хь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан аппеляцин кхело юхабаьккхира 2013-чу шарахь Охан-беттан 15-хь Бостонерчу марафонехь терроран тохар дарна Царнаев ЖовхIар вен кхачош бина сацам.
Суьдо жамI дира, и гIуллакх луьстуш волчу суьдхочуьнга "хила ма-безза болу бехккъастархой харжа цабеллера, озабезам ца бан доьналла долу аьлла. Американ Хьалхарчу гонан апелляцин кхелан кхаа кхелахочух лаьттачу коллегино сацам бира кхелан кхеташонийн тIаьххьара долу дакъа юхадIадахьа деза, бухболлуш жамI карор Iалашонца: билггала вен везаш вуй 27 шо долу Царнаев, 3 стаг а вуьйш, 260 стагана чевнаш а еш хиллачу тIелатарехь дакъалацарна.
"Цхьа а шеко хуьлийла дац: Царнаев ЖовхIара шен йисна хан токхур ю набахтехь. Хаттар вуьйр вуй иза, бохучух лаьцна", - дIахьедира суьдхочо, вен кхел йинчул тIаьхьа, хаам бира Associated Press агенталло.
Кхелан процесс йолалуш Царнаевс а, цуьнан адвокаташа а даре дира цо а, цуьнан воккхаха волчу вашас Царнаев Тамерлана а ши бомба эккхийтина хилар марафонан финишан сизна герахь.
Амма цара юх-юха а чIагIдора Царнаев кIезиг бехке ву, шен воккхаха волчу вешел а, бохуш. Тамерлан ву бохура цара тIелатар дан дагадеанарг а, иза кечдинарг а. Иза вийра полицин эпсаршца хиллачу герзаш дIасадеттарехь.
Апелляцин кхелан сацам хиллачул тIаьхьа гIуллакх дIаделла лахахь лаьттачу гонан кхеле, кхелан сацам беш хиллачу тIегIантIехь керла процесс дIаяхьа.
Террорхо Царнаев ЖовхIар вуьйш кхел кхочушяйта хьовсур бу федералан Iедалхой аьлла, дIахьедира кхин а кхо де даьлчча Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Дональда.
Трампа шен Твиттерехь яздира: "Бостонера террорхочунна Царнаев ЖовхIарна санна вуьйш кхел йогIуш верг цхьа наггахь бен хир вац. "Пачхьалкхехь лелийначу къизаллашлахь уггар а къиза теракт дара иза" аьлла, кхелахоша дIакхайкхинашшехь, апелляцин кхело вен кхайкхош бина сацам юхабаьккхина", - аьлла.
ТIаьхьо Американ инарлан прокуроро, юстицин министро Барр Уильяма дIахьедира, Царнаевна вен йина кхел юхаметтахIоттаяйта хьвсур ду шаьш аьлла. И гIуллакх Лаккхарчу кхеле лур ду шаьш, элира цо.
Ткъа хIинца Американ керлачу прокуроро Гарланд Меррика набахтехь ша латторан хьал хийцаре сатесна ву Царнаев.
2013-чу шарахь Бостонехь хIора шарахь хуьлучу марафонехь лелхийтарш дира вежарша Царнаев Тамерлана а, Джохара а. Кхо стаг – 8 шо долу Ричард Мартин, 29 шо долу Кэмпбелл, 23 года шо долу Лу Линцзи а – вийра, 264 стаг чевнаш йина вара.
Царнаев Тамерлан вийра полисхоша, герз а тоьхна. И зулам дарна велла дIаваллалц аьлла хан тоьхна чувоьллина ву Царнаев Джохар. Иза латтош ву Америкехь уггар чIогIа ларйеш йолчу Колорадо штатан Флоренция гIаларчу ADMAX набахтехь, вуно луьрачу супермакс (supermax) олучу системан хьелашкахь – буьззинчу барамехь дIахадийна ву тутмакх арахьарарчу дуьненах а, кхечу чубоьхкинчу нахах а. Царнаев ша цхьаъ латтош ву камери чохь хIора дийнахь-бусий 22-23 сохьтехь.
Перевод статьи на русский язык: