ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин президента могашаллин министр даржера ваккха аьлла "Спутника V" бахьанехь


Чехин президета Земан Милоша даржера дIаваккха аьлла мехкан министрийн кабинетан куьйгалхочуьнга могашллин министр Блатны Ян Оьрсийчоьнан коронавирусан "Спутник V" вакцина бахьанехь. Министрна хетарехь, оьцийла дац вакцина, иза Европан Бертан тергамбечу урхалло магголц, ткъа Земанна гарехь, меттигерчу Iедало маго еза и вакцина.

Parlamentní listy газетанна интервью еллачу Земана боху, Оьрсийчоьнан а, Китайн а вакцинаш йита еза махка чу ма-хуьллу сиха. Цо бахарехь, вакцина чу ца юьтучу Блатныс а, махкахь молханийн терго ечу Пачхьалкхан институтан директора Сторова Иренас а жоп дала деза махкахь нах леш хиларх.

Блатныс а, Сторовас а, вакцина цкъа хьалххе Европан Берто маго еза, чIагIдо. ТIьаххьара хан тIекхаччалц оцу позицина къеравара президент, билгалдоккху Чехин информацин агенталло. ХIинца иза ву махкарчу регуляторе сихха молха эца магадайтарехьа – хьалхо шайггара къастам бина Венгрино а, Словакино а.

Чиллан-бутт боьрзуш Земана CNN канална еллачу интервьюхь “Спутник V” вакцина шайна йохкар дехна ша Путин Владимирца динчу къамелехь, элира. Parlamentní listy еллачу интервьюхь цо бохура, Германица юкъахь вакцина кхоллар дийцаредеш ву ша.

Чехи цхьаъ ю уггаре дукха пандемино зен динчу пачхьалкхех Европан Бертахь. 1,34 миллион стагаца хааелла вирус, велла 22 эзар сов стаг, халчу хьелашкахь болхбеш ю медицина. Могашаллин министр даржера воккхийла ду иза дан Iедалан куьйгалхочунна Бабиш Андрейна лаахь. Кху беттан 22-чохь цуьнца цхьаьнакхета дагахь ву президент Земан.

  • “Спутник” толлуш ю Европан эвсараллин, кхерамзаллин, башхаллийн стандарташца мел йогIу. Хьахош дац, мел хан оьшу зераш дIадахьа, амма билгалдоккху, уьш чехкаллица деш хилар, даимачул сиха чекхдевриг хилар а.
  • Европан Бертан Iедална бахархоша критика йо коронавирусна дуьхьал вакцинаци ярца хьем беш бацарна. Бехк буьллу цунна сертификаци меллаша еш хиларна а. Пандемица доьзна Европан Берта юкъайогIучу пачхьалкхех дукхахъерш къевлина ю, сецна я боларх доьхна церан экономикан дахар.
XS
SM
MD
LG