ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Полисхошца уьйраш ю цуьнан". Нохчийчуьрчу зудчунна кхерамаш туьйсу хиллачу цIийндас


Гажаева Асет
Гажаева Асет

Нохчийчуьрчу яхархочо Гажаева Асета дIахьедина полицига, шена а, шен деа берана а тIаьхьаваьлла ву хилла хIусамда, ГIалгIайчуьра вахархо Льянов Мурад аьлла. Цо билгалдаьккхина, шена а, берашна а цо цхьаъ дарна кхоьру ша аьлла. Стохка гурахь Соьлжа-ГIалахь лаьцна Гажаева полицин декъерчу ларми чохь латтийра. Шен хиллачу майрчун дехарца дина хIума дара и аьлла, тешна ю иза. ХIетахь полисхоша йиттинера зудчунна, цо бераш стенгахь лачкъийна латтош ду схьадийцийта гIерташ.

Карарчу хенахь Гажаева кхелехь шен берийн дола дар къуьйсуш ю. Цуьнан интересаш йовзуьйтуш бу кхелахошна "Правовая инициатива" проектан юристаш.

"Бераш ша волчу дIадуьгур ду, ша цхьаммо бераш кхиош ду аьлла, ахча а хIоттадойтур ду, сан зудаберех чухIоьттинарш бийр бу

Шен хиллачу цIийндас юха а бераш шегара дIадахарна кхоьру Гажаева, Москва дIаяхна.
Цигахь а паргIат ца хета цунна ша: шозза цабевза нах баьхкинера цуьнан петаре, Льяновс телефон тоьхнера кхунна хIусам еллачуьнга а, белхан хьаькаме а.

"Сан хиллачу хIусамден гергарлонаш ду полисхошца. Со а , сан бераш а лачъон дагахь ву иза аьлла, хета суна, суна дуьхьал гIуллакх доладайта, я Умаева Мадина санна, со ейта - Кавказехь и дан хала ма дац. Бераш ша волчу дIадуьгур ду, тIера нана елла аьлла, кехаташ а кечдина, ахча оьцур ду, ялхой бийр бу сан йоьIарех, со бехъйийр ю нана а, зуда хиларе терра", - саготта ю Гажаева.

"Правовая инициатива" проекто Кавказ.Реалиига хаам барехь, шен хиллачу хIусамненан петар чу вала гIоьртина хилла Льянов
"НеIаре а веана, чу ван гIиртина иза, кхин а шен бевзарш цига тIе а кхайкхина.

Льянов Мурад
Льянов Мурад

Цул совнах, шен адвокатехула дIахьедар ма дина цо, иза Iаш йолчу хIусамера хьелаш зуьйш, социалан белхахошка таллам байта аьлла. Берийн дегара арз кхаьчча, социалан белхахойн бакъо яц и тесна дита", - кхетийна бакъоларъяран организацин пресс-секретаро Бабич Ксенияс.

"Тоьллачу хьелашкахь латтош ду цо уьш"

Гажаеван адвокато Зубенко Виталийс тIечIагIдина, берийн дола дечу хьукматера петарх хьоьвсинчул тIаьхьа кхеле жамIаш кхаьчна аьлла: "И акт а, гIуллакхан кхечу материалаш а санна, шина а агIонан бакъо ю довза. Кхелан бакъо яц шолгIачу агIонга и хаамаш дIа ца кхачон".

"Бераш доьшуш ду, нана а балха хIоьттина, чохь Iен хIусам а ю. Ткъа муха хир бу ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхелан сацам, тхуна хууш дац

Льяновс тоххара кегий бераш лачкъорах лаьцна юристо кхетийна иштта: "Нагахь санна, кхелан лерина цхьа сацам бацахь, дена-нанна шен бер дIадига ца магош низам дац вайн. Ненера пурба доцуш дас бер дIадигахь а, кхузахь низам хьаьшна меттиг бац, нанас юхадигча а санна"

Зубенкона хетарехь, кхел ненехьа хила езаш ю бераш ненаца а дуьтуш. Адвокато чIагIдарехь, бераш ненаца дита, дуккха а бахьанаш ду.

"Психолога деллачу кехато а, кхин долчу тоьшаллаша а тIечIагIдо, шен берашца яха а, уьш кхаба а Асетан таро хилар. Тоьллачу хьелашкахь латтош ду цо уьш. Бераш школехь ду, нана балха хIоьттина, чохь Iен хIусам а ю. Ткъа муха хир бу ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу кхелан сацам, тхуна хууш дац.
Оьрсийчоьнан кхелан практико иштачу къовсамехь гойту, кхелахой ненехьа бовлуш, нагахь санна, къаьркъа моьлуш, маьттаза и зуда лелаш яцахь. Ткъа Асетан гIуллакхехь, дерриг а цуьнгахьа ду", - аьлла, дIахьедина юристо Кавказ.Реалиин корреспонденте.

"Хьан бакъо яц уьш лечкъон!"

Доьзалехь ницкъ лайначу зударшна гIо дечу "Китеж" центран куьйгалхочо Ельцова Аленас билгалдоккху, тIаьхьабевлла лоьхучу, берашца йолчу зудчунна кхерамзалла латто Iаламат чолхе хилар.

Иштта меттигаш нислора: "Катоххий, схьадийца зудчун а, берийн а адрес, ца дийцахь оха полици дIахьедийр ду" олий 

"ТIаьххьарчу шарахь, суна а хууш, шозза меттиг нисбелла полисхоша зуда лечкъина адрес дIа ца дуьйцуш, иза лоьхучарна. Цкъа дIаделла меттиг а бу. И бохург хIун ду, ницкъахойн амале хьаьжжина хилар.
Схьагарехь, Асетан чIогIа тIаьхьабевлла, селхана ГIалгIайчуьрчу адвокатийн палатера телефон туьйхира соьга, иза хоьттуш. Телефонехула ас хIуммаъ ца дуьйцу, официалехь кехат даийта аьлла, жоп делира ас", - боху Ельцовас.

Къамел дечо дийцарехь, кхелан дIахьедарехь яздина хила тарло, шолгIачу агIонна зудчун адрес ма ло аьлла, амма суьдхой боцурш а, берашна тIехула иккхинчу къовсамехь социалан хьукматан векалш а хуьлу.

"Берийн гIуллакхаш лелочу пачхьалкхан органийн а бакъо ю царех лаьцна йолу информацина тIекхача. Бераш ган бакъо йолуш и да велахь, социалан хьукмате а вогIий, ша прокуратуре дIахьедар дийр ду бохуш, кхерамаш туьйсу цо. Царна ма ца оьшу хьовзамаш. Меттигаш нисло, берийн Iуналла дечу белхахоша телефон тухуш: "Катоххий, схьадийца зудчун а, берийн а адрес, ца дийцахь оха полици дIахьедийр ду, шун бакъо яц уьш лечкъон", олий. Доцца аьлча, дуккха а кхозлагIа агIонаш хьулу-кх цигахь, социалан белхахой боцурш, кхиазхойн гIуллакхаш луьсту полицин дакъа а цхьана", - дуьйцу Ельцовас.

Нана - экстремист ю?

Гажаеван балхатIерачу хьаькамашка телефон тоьхна хиллера Льяновн адвокаташа, иза балхахь йолчу меттигера делла кехат социалан белхахошкахь бен доццушехь, билгалдоккху "Китеж" центран урхалхочо.

"Льяновс полицига арз динера шен хиллачу зудчунна, экстремистийн ойланашца кхиош ду цо бераш аьлла


Цо дийцарехь, кхело бераш ненаца дитахь а, атта хир дац уьш юха а лачкъадарх лардан. Дукха хьолахь дена бакъо ло бер ган, и бохург ду, юха а шен доьзалхо лачкъон цуьнан аьто бериг хилар, низамаш дохош нислахь а.

Гажаевас лаьцначу петаран долахочо бакъ дина, оцу адресца кавказхойн хотIехь божарий бахкар а, Льяновс шега телефон еттарх а. Шен хилла хIусамнана цIахь ца карийча, Льянов гIоьртина хиллера петаран долахочуьнгахула иза йолу меттиг хаа.

Кавказ.Реалиин редакци хьаьжира Льяновца зIе таса. Амма корреспондент шега хеттарш дан воьлча, иза сийсазвина, телефон охьатесисра цо.

Оцу юкъанна къаьстина, шен цIартIехь хиллачу зудчунна Льяновс полицига арз дина хиларх. Цо латкъам бина, Гажаевас бераш экстремистийн ойланашца кхиош хиларх. Нанас ша бакъ ца до дохку бехкаш - пачхьалкхан школехь доьшуш ду цуьнан бераш.

Гажаевас а, Льяновс а берашна тIехь ден-ненан Iуналла дарх гIуллакхан кхел дIайоьдуш ю хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG