Кавказера бусалбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь
"Оьрсийчоьнан набахташкара Къилбаседа Кавказера бусалбанаш" цIе йолу доклад арахецна анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центро. Бакъонашларъярхошкахь болчу хаамашца, ислам дин лело тутмакхийн нийсонан бакъо яйар (дискриминаци яр) хуьлуш ду Оьрсийчоьнан колонешкахь. Царна тIехь кхечу тутмакхаша Iазап латтийна а, йиттина а, хьийзийна а меттигаш ю.