Уильямс Элвин лаьцна Сиэтлан аэропортехь Каире ваха кеманна тIе хууш.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн юстицин министралло шинарин дийнахь хаам бина, 20 шо долу Сиэтлан вахархо бехке веш ву террорхо хиларна, "Исламан пачхьалкх" терроран лоручу тобанах дIакхета дагахь Мисара ваха новкъаваьллачех лаьцначул тIаьхьа аьлла. Цунах лаьцна яздо "Американ аз" интернет-портала.
Уильямс Хантер Бгорн Элвин лецира дIадаханчу пIераскан дийнахь Сиэтл-Такома дуьненаюкъарчу аэропортехь, Каире доьдучу кеманан рейсана регистраци еш, аьлла ду Сиэтлан гонан кхелехь бовзийтинчу бехктакхаман гIуллакх долош кечбинчу лехамехь (иск).
Маьждигехь сагIина гулдинчу рицкъаца гIо деш хилла жимачу стагана, радикалан ойланех иза ларван дагахь.
Оцу документехь дуьйцуш ма хиллара, Уильямс воьдуш хиллачу маьждиге лелаш болу нах нийсачу новкъа верзо гIиртина и жима стаг, цунах радикал хуьлуш хилар шайна хааделча. Цара хаам бина Федералан талламан бюрога (FBI) цунах экстремист хиларх лаьцна.
Шинарин дийнахь видео-зIенехула дуьххьара кхелана хьалха хIоьттира Уильямс. Цунна бехке диллина терроран вовшахтохараллана дахаран хьелашца гIо дар. Уильямса террорхо хила сацам бина шен лаамехь, дуьххьара цо шена тIе тидам бахийтира FBI-н агентийн шен 16 шо долуш, аьлла ду суьде хьажийначу лехамехь.
Уильямс доьшуш хиллачу школин администрацино хаам бина хилла иза "Исламан пачхьалкх" тобанан могIаршна юкъаваха лууш хиларх а, цо Ингалс-пачхьалкхехь Гранде Ариана концерт луш йолуш терроран тIелатар динчу нахана гIортор йина хиларх а лаьцна.
Цул тIаьхьа кIентан нанас хаам бинера Федералан талламан бюрон белхахошка, "Исламан пачхьалкхана" гIортор еш комментареш ярна, социалан машанашна чувалар дихкина ша цунна аьлла. Нанас иштта дIаяйъина хилла цIера интернет, экстремизман чулацам болчу веб-сайташка иза ца хьежийта, аьлла ду документехь.
Бусалбанийн юкъарлоно мах дIалуш хилла Уильмс вехачу хIусамах а, цо оьцучу кхачанах а, доьшучу колледжах а.
2020-чу шарахь Лахьан-баттахь маьждиге лела цхьа стага (цуьнан цIе йоккхуш яц) цхьаьнакхетта хилла Федералан талламан бюроца, Уильямс харцхьарчу новкъа ваьлла хилла хиларх кхоьруш ву ша аьлла. Маьждигехь сагIина гулдинчу рицкъаца гIо деш хилла жимачу стагана, радикалан ойланех иза ларван дагахь. Бусалбанийн юкъарлоно мах дIалуш хилла иза вехачу хIусамах а, цо оьцучу кхачанах а, доьшучу колледжах а.
Бехктакхаман гIуллакх долош кечдинчу кехата тIехь дуьйцуш ду, маьждиге лелачу наха сагIина мобилан телефон а, ноутбук а эцна хилла Уильямсна, оцу гIуллакхо болх каро аьтто бийр хиларе сатесна, амма кхетийна хилла иза, нагахь "Исламан пачхьалкхана" гIортор йо бохуш иза лелахь, цунна шаьш деш долу гIо сацор хиларх лаьцна.
Маьждигехь цхьана стагана хааделла хилла Уильямс телефонехула "Исламан пачхьалкхан" пропагандин видеошка хьожуш хилар а, экстремистийн чаташкахь дакъалоцуш хилла хилар а. Цо дIаяьккхина жимачу стагера телефон. Ткъа оцу чохь карийначу материалаша синтем байъина хилла маьждиге лелачу нехан, царна юкъахь ницкъбеш а, бомбанаш яр хьоьхуш а яьхна видеош хиларна.
Федералан талламан бюроно таллам болийна, "Исламан пачхьалкх" тобанах дIатоха кегийрхой лоьхуш ду шаьш аьлла, шайн нах цуьнца зIене а баьхна. Цаьрца динчу йозанашкахь Уильямс хаам бина ша шахIид хила кийча а, адамийн коьртеш даха лаам болуш а хиларх лаьцна, ткъа саготта хилла иза аэропортехь ша дIалацарна кхоьруш.
Кхушарахь новкъавала кечлуш болх беш а, ахча вовшахтухуш а яьккхина цо дукхаха йолу хан. Стигалкъекъа-беттан 6-хь паспорт даьккхина хилла Уильямса.
"Бехкевийриг вуно чIогIа ойла айелла гIоьртинера "Исламан пачхьакхах" дIакхета, Гергарчу Малхбалехь а, кхузахь шен даймахкахь а хуьлучу ирча цIий Iенорах лаьцна дуьйцуш. Суна баркалла ала лаьа вайн махкахошна, шайн юкъахь доьзал а, динан юкъаралла а йолуш, низамаш лардон органашца зIене бевлла, бехкевийриг радикал хуьлуш хиларна шаьш саготта хилар хаийтинчу", - дIахьедина Вашингтон шататан прокурор йолчу Горман Тессас.