Тахана а тезет хIоттоза ду нисса 20 шо хьалха Нохчийчохь шогIа тIом боьдуш Оьрсийчоьнан эскархоша шен хIусамера лаьцна нуьцкъала дIавигинчул т1аьхьа лар йоцуш вайначу Асхаров Юсупан кертахь. Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаш дIакхайкхийра шаьш "талорхойн кьуйгалхочуьнан Хаттабан уллера доттагI вийна" аьлла, амма цуьнан дакъа гина стаг вац. Цундела тахана а шен хIусамда дийна хиларе сатуьйсуш еха цуьнан хIусаманан Асхаров Лариса, хIора шарахь и сатийсам гIеллуш белахь а.
ХIара истори йолаелира нисса 20 ша хьлха. МогIарера нохчийн доьзал - да-нана, ши бер – тIаьхьий-хьалхий йина ши йоI. ХIусамда – кира лело йоккха машенлелорхо, нана - цӀийнан нана. Арахь боьду тIом. Шен хIусамда Юсуп машенахь ша цхьаъ дIасалелийта ца лаара Ларисина. Мел шена хала делахь а, ши бер шен кхинца а дуьтий, мелла а сиха цIадерза хьожуш ду шаьшшиъ олий, цхьацца хIума дIасахьуш рицкъ даккха иттаннаш тIеман блок-посташ лаьттачу некъа машенахь арадалара и шиъ…
Лариса а Юсуп а девзинера школехь. И шиъ дехачу жимачу юьртахь Сиржа-эвлахь, накъосташа царах олура Ромео а, Джульетта а ду и шиъ олий. 13 шо Сибрех депортацехь а даьккхина, нохчий цIабирзинчул тIаьхьа даймахкахь дуьненчу девллачу берех дара Юсуп а, Лариса а.
Шайн дайша-наноша махкахбаьхча хьегнарг ца гинера царна. Цундела, церан дегнашчохь дахар хаза дара, книжкаш тIехь язйина безаман поэмехь санна.
Школа чекхъяккхарца Лариса маре йигира Юсупа. Нана йоцуш кхиъна йолчу цуьнан, цхьа а юххера стаг вацара дагардийца. Да, хууш ма-хиллара, нохчийн доьзалшкахь цу тайпачу гIуллакхашна юкъагIерташ Iедал дац, тIкъа гергарнаш реза бара цо динначунна цунна "шен бен" карийчхьана. Кхин хIун оьшу-те ирсе дахарехь, бохуш ойланаш хьийзара йоIан коьрте - везачуьнца цхьаьна ирсе яха, тIаккха цхьана дийнахь цхьаьне бакъдуьнене дIадаха, дийцаршкахь яздеш ма хиллара…
Амма дерриг а хийцаделира 2001-чу шарахь Стигалкъекъа-беттан 18-хь. Сатоссуш чулилхинчу оьрсийн салтташа, кхин дуьйцуш хIума а доцуш, дIавигира Ларисин цIийнда Асхаров Юсуп.
Тахана, 20 шо даьлча а, шен бIаьргашна дьухьал хIуьтту оцу Iуьйранна хилла ирча сурт, бохуш дуьйцу Ларисас:
Айса хIун дийра ду ца хууш, иштта холчахь лелаш йолуш, Политковская Анница цхьаьнакхетар нисделира сан
"Iуьйранна пхи сахь долуш дара иза. Тхо дийшина а долуш, чIогIа неI тухуш а хезна, самадевлира тхо. НеI каг а йина, чулилхира тIеман барзакъ доьхна герзах боьттина нах. ХьалагIатта кхуьуш - цакхуьуш пенаца дIахIоттийра со, тIе герз а хьажийна. ТIакхха уьш дехьа чулилхира. Иза (Юсуп) цара, кхин хоттуш хIума а доцуш, "наручникаш" (гIоьмаш) а тоьхна, коьртах цхьа гали а доьллина, лаьтта охьавиллира. Фамили а, цIе а хаьттина (паспорта тIехь язйина ШаIрани яра цуьнан цIе, масара а Юсуп олуш хиллехь а), иза цара араваьккхира".
"Правовая Инициатива по России" бакъонашларъярхойн фондо дийцарехь, цу дийнахь Сиржа-эвлара дIавигнарг вара исс стаг. Царах ялх, йетта а йиттина, некъа йисте охьатеснера. Цхьаъ тIаьхьо велира. Юсуп а, цуьнца цхьаьна хилла 14 шо долу кхиазхо а лар йоцуш вайра. Салташа дIахецначу шина стага тоьшаллаш дира ШаIраница (Юсупца) цхьаьна БТР-ра чохь шаьшшиъ а вара аьлла.
"Правовая инициатива по России" (“SRJI”) тобан юристаша Европин адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле чуделлачу кехаташна юкъахь ю кхин а 4 де даьлча "Коммерсантъ" газето язйина артикл, "Вийна Хаттабан доттагI а, Дудаевн гIонча а" аьлла цIе а йолуш.
Асхаров ШаIрани (Юсуп) доьдоцуш варна Оьрсийчоь жоьпаллехь еш, цуьнан кхоллам къасто Iедалш декхарелахь деш сацам бира Европин адамийн баконашкахула йолчу кхело
«Нохчийн Республикан Шелан кIоштахь федералан эскарша леррина операци дIаяьхьна, "талорхойн тобанийн куьйгалхой" лоьцуш. Операци дIахьуш дахна кIира чекхдолуш Сиржа-Эвлахь вийна Асхаров ШаIрани. Таллам бича хиъна хилла, иза вевзаш волу эксперт-лелхарш дархо а, экстремистийн лидеран Хаттабан юххера доттагI а хилар", - яздина газето.
Масийтта шарахь лийлира Лариса, шен хIусамден ларш лоьхуш. Юкъалелачу "гIуллакх хууш бу бохучу наха" хьехарш дора цунна латIкъамаш бан мегар дац, бохуш. Хьайн майрачунна кхин а вон дийр ду ахь, нагахь оьрсий оьгIазбахийтахь, бохуш ле йора цара иза. Амма, цхьана дийнахь, цара дуьйцучуьнга ладегIа къорда а дина, шен хIусамда лаха Iедале йелира Лариса.
И сацам ша беш, шена хьехар динарг яра шайн эвла еана "Новая газетан" журналист Политковская Анна, бохуш дийцира цо:
"Айса хIун дийра ду ца хууш, иштта холчахь лелаш йолуш, Политковская Анница цхьаьнакхетар нисделира сан. Хьайн бала ахьа а, хьо санначара а дIабалхабаре терра бен, гIуллакх хир дац хьуна, элира цо. Вуно адаман даге хьожуш а, адаман дог оьцуш а, адам девзаш а, цуьнга ала дезарг хууш а яра Аня. Пекъар, йен а йий иза. ЧIогIа халахийтира суна. ТIамо бIарздина лелачу адамна шайна а хIун дер ца хуучу хенахь, суна тIекхаьчна уггар суна хала деанчу дийнахь сан догэцна йолу Аня цкъа а йицлур яц суна!"- боху Ларисас.
Шен хIусамден кхоллам муха хилла хаа, Ларисин тIаьххьара сатийсам бара Страсбургехь туп тоьхна йолу Европин адамийн бакъонашкахула йолу кхел. Цуьнан дехарца мукъане а хуур дацар-те Юсупах хилларг, бохуш ойла йора цо. Нохчийчохь цхьацца истореш хилара лелаш, лецна лар йоцуш байна нах схьакарийна, бохуш. Наггахь оцу тайпа истори бакъ а хилар. Амма ша дерриг эрна хилира, Ларисас лелийнарг
Политковская Анна йийра Москва гIалин юккъахь Лесная урамехь долчу ша ехачу цIенна хьалха 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-хь. Уггар шена лан халадерг дара и зулам динарш нохчийн къомах хилар, зуламхой я къам а, я дин а, я сий а долуш бацахь а, боху Ларисас.
Шен ши йоI а эцна, хIусамден кхоллам къастош гIо хиларе сатесна 2007-чу шарахь Европин адамийн бакъоашкахула йолчу кхеле гIо деха Страсбурге яхара Лариса. ТIеман куьра юкъара схьаеъначу шена ша кхечу дуьнентIе яьлча санна хетара, оцу гIалан урамашкахула ша йолаелла лелаш, бохуш дагалоьцу цо.
Асхаров Юсуп доьдоцуш варна Оьрсийчоь жоьпаллехь еш а, цуьнан кхоллам къасто Iедалш декхарелахь деш кхел йира Европин адамийн баконашкахула йолчу кхело (ECHR) 2008-чу шарахь.
Суьдхоша цхьабартболуш сацам бира Асхаров лар йоцуш варца доьзначу г1уллкхехь талхийна хилар адаман ваха йолу бакъо (адамийн бакъонаш а, коьрта маьршонаш а ларъярх йолчу Европин конвенцин 2 артикл). Кхело бинчу сацамехь иштта аьлла ду Оьрсийчоьнан Iедалша эвсаре таллам бина ца хилар а, доьза вайнарг бахьана доцуш лаьцна хилар а, кхеле латкъам бинарг харцонашна низамца дуьхьал латта болчу аьттонех яьккхина хилар а.
Тахана Страсбургехь ехаш ю Лариса, кхин даймахка цIаерза лаам боцуш. Ханзамано артбина деган лазам а. Балха яхна ша, кхачанан х1усаме, адамашна юкъаяларо жима-тIама са дIахецна шен, болх хала белахь а, дика дамаш гонах хилар мехала лору ша, бохуш цо. Берийн бераш а догIу наггахь хьошалгIа, цара а Iехайо иза.
Официалан боцчу хаамашца, Нохчийчохь шолгIа тоIм боьдуш доьдоцуш вайна лоруш ву 5 эзар стаг
Делахь а, хIоразза а тIом боьдуш лаьцна чувоьллина хилла шен махкахойх цхьаъ набахтера цIавирзина аьлла хезча, сатесна хуьлу Лариса шен хIусамдех лаьцна а хабар кхочур дацара-те олий. "ТIех1отта каш мукъане а делира, иза хилар а бара къинхетам, кошан бIалха хилча а дог тен магара", - боху цо.
Амма иштта бохаме ерза кхоллам хилла-кх шаьшшимма язъян йолиначу ирсен дахаран поэмин боху ойла тахана а тIелаца хала ду цунна, сатийсам шен кIезиг биснехь а.
Нохчийчохь тIемаш боьлхуш билггал маса маьрша стаг вийна а, лар йоцуш вайна а хууш дац. "Мемориал" бакъонашларйон вовшахтохаралло 2004-чу шарахь бинчу хаамца, Нохчийчохь шолгIа тоIм боьдуш доьдоцуш вайна лоруш вара 5 эзар стаг.
2008-чу шарахь Нохчийчохь карийначу дайъина адамаш даIадоьхкинчу меттигийн терахь дара 57. Amnesty International дуьненаюкъарчу вовшахтохаралло дийцарехь, эзарнаш нах хила мегаш бу хIинца а карийна доцчу кешнашкахь, шайна юкъахь Нохчийчохь шолгIа тIом болабелчхьана лар йоцуш вайна 5 эзар гергга маьрша вахархо а волуш.