ШаIрани Хасаров
Стигла-гIала*
Екхна стигла-сийна кехат,
СтиглагIала къолам бу.
ДоттагI ву сан цу чохь вехаш.
Со и волча воьдуш ву.
ДIакхечи со стиглагIала.
Орлами* чу вели со.
Мел лакхахь а йолчу гIате
ДIа цо сиха кхачаво.
Хьалалети терахь «40»*.
НеI а йилли дIа цо ша.
Хилла болх цо беш шен говза.
Лоруш хилла хьаша-да.
Хаза хIусам.Корал арахь
Сиэга сийна буту ша.
Хаьхки цу тIехь механ салаз
Суна юьххех мархаша.
Дехьахь-гIала, сехьахь-гIала,
Хьалха гуш а гIала ю.
Соьлжа урам* Соьлжа -ГIалахь
Царна юьккъехь ловзуш бу.
Лаьтташ ю уьш цунна дешан
Деш шайн чиркхийн йозанаш.
Церан лекхчу тхевнаш тIера
Чу эгаш ду денош-гIаш.
2019 ш.
_-___________
СтиглагIала*-небоскреб,высотка
Орлами-Лифт
«40»-сорок (шовзткъа)
Соьлжа урам-Грозный-сити