ШаIрани Хасаров
Дадин ан.
Дадийна хIоьттина ан.
ГIуллакхаш тIекхетта сан.
« Ан дац и, ду иза «Къан»!»-
Iиттарш йо бабас а тхан.
ДегIа тIехь дада нисло.
Бабийга къамел цо до :
«Къанъелла дIаяларх хьо,
ХIинца а жима ву со.
Данза ду хIинца а той,
Хахказа ду тойнехь дой.
Хьажал хьо,къан ло, ца ло
Кхин цхьаъ а ялоза со?!
Хьайн пеша хьалхха хьо Iер.
Къена ду елар хьан, лер.
Жима хир ду нускал тхан.
Эхь хетта додур ду ан.
ДIагIойла деана ан!
Ма лойла дада кхин къан!
Дахлойла бIешарал сов
Цаьршиннан и тайпа дов!
2001 ш.