Хасаров ШаIрани
ЧIирдига керла шо дустар.
Тентиг ю. Ю йоккха тиллиг-
Хестийна Бабин и ЧIирдиг.
Керла шо дустан цо деъна
Гирдийца, бухкийца терза.
Цо муха дустур ду денош?
Массо а ву цо шех велош.
Церан ву шийтта кIант воккха.
Шийтте а шаро буьйв воккху,
Хаз-хаза туьйранаш дуьйцуш,
Беснашна ,аьзнашна хуьйцуш.
Iалам а уьш лардеш деха.
Адам а царах ца Iеба.
Ду маьлхан, ду беттан туьйра
ДIадоьдун хIора де-буьйса.
Ца болуш цуьрриг а хьарам,
Нисбина бу цуьнан барам.
ЧIирдигна бустан и лаьа,
Стенца и бусту ца хаьа.
Рузманна* тIевигна аьлла,
Висси и, цец-акъ а ваьлла.
Йийли хьо, цо ловзош овкъарш,
Йийли цо дешарх деш ловзарш.
Цундела есса ю, баба,
Хьан кIентан коьртан и кхаба.
Жимъе хьайн сискалаш, морзеш.
Цхьажимма Iамаве дов деш.
Вижий а ма вита веха.
Ловзийта беращца неха.
Бахийта: "Дезарна Iилма,
ЧIирдигах дика кIант хилла!"
1998 ш.
_____
Рузма*-календарь.