Юсупов Iилман
"ПОЭТ"
Нохчийчуьрчу цхьана кIоштахь дIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь цхьа гIеххьа хенара стаг хилла яздан буьйлалуш болчу поэтийн могIаршка хIотта сатуьйсуш, республикехь мел йолчу редакцешка шен йозанаш почтехула дIатуьйсуш.
Газетийн агIонашна тIехь масийтта стихотворени зорбане яьллачух «яздан волалуш волу поэт» олура оцу хенахь. Цхьаъ я шиъ киншка арахецначух «къона поэт» олура. Ткъа, тахана-м цхьа тайп-тайпанчу дешнех могIанийн цхьа гIучIа бинарг а «гIараваьлла поэт» лоруш берш а бу, стенна тIехь гIараваьлла ца дийцичахьана.
Делахь, хIета, вай вуьйцуш волчо шен стихаш тIехь а йолуш, редакце дахьийтинчу рогIерчу кехатана дуьхьал жоп деана цхьана дийнахь.
Цу тIехь яздина хилла: "Хьоме ГIуртаев Гарасиз*! Хьан стихаш редакце схьакхаьчна. Амма исбаьхьаллин агIонгахьара уьш дика ца хиларна, оха уьш зорбане къобал ца йо. Кхин дIа а болх бе царна тIехь. Къахьега, дош шардеш. Кехатийн отдело шен кхеташонехь сацам бина хьо цкъачунна ледара поэт лара. Маршаллица отделан заведующи МогIаниева Шекъа**".
И кехат а айдина, цхьана баттахь районехь мел йолчу юьртах бохург санна, чекхваьлла и вай вуьйцург.
ДIа мел кхаьчначохь олуш дерг цхьаъ хилла цуьнан: "Со ПОЭТ ву. Суна хаьара суо мацца а хьекъалечу адамаша къобалвийр вуй. Схьахьажал массо а хIоккхуза. ХIара кехат соьга яздинарг вайн республикехь нохчийн маттахь арадолуш долу «Ленинан некъ» цIе йолу коьрта газета ду шуна. Цу газетехь йолчу кехатийн отделан заведующис боху со шайн кхеташонехь шаьш ПОЭТ лерина. Цхьа со ца везачо ала там бу цу дашна хьалха «ледара» боху дош ма ду, аьлла. Хилча хIун ду и дош цигахь? Иза а суна баа санна дукхабезачу нохчийн меттан хаза дош ду-кха! Нохчийн меттан цхьа а дош а дац ледара! Цул совнаха, гIуллакхаш а ма ца хуьлу дерриш а дика. ХIетте а, уьш гIуллакхаш долчуьра дIа ма ца довлу! Cуна коьрта хеташ дерг суо ПОЭТ хилар ду! Со сайн Iалашоне дIакхаьчна! Сийна цIе ялахьара хIокху дуьненах-м хIинцачул тIаьхьа!".
И стаг оцу кIоштахь а, луларчу шина-кхаа кIоштахь а наха «поэт» аьлла бен кхин цIе а ца йоккхуш, вовза волавелла. Цуьнца цхьаьна яздан буьйлабелларш цхьаъ-шиъ киншка зорбанера арахецча а, башха адамашна бевзаш а ца хилла, хIара вайн хьаша санна.
Ярташкарчу жIаьлеша а, хIара шайна ган ма-гиннехь, "гIалх-гIалх" аларан метта, "поъ-поъ" олуш хилла, наха кхуьнан йоккхуш йолу цIе яккха гIерташ санна.
Эххар а, цхьаъ мукъане а хьайн стихотворени ешахьара ахь, аьлла, дехна цуьнга цхьана воккхачу стага. ХIокхо иштта стихотворени дIаешна:
"Цкъа а цкъа цо кIуж ца буьту, йоший, къагайо шен туьта. Хаттахь «Ахь и хIунда дин?», жоп ло: "Иштта ду вайн дин!". Лара деза къа а, эхь а. Бакъ лоь, хIун ду цуьнца къийса? Дера бу и корта нийса: хIума доцуш чохь а, тIехь а!".
И стихотворени бусулба динна дуьхьал ю аьлла, наха неIалт а кхайкхийна, кхин адамашна юккъе ца волуш, халбата хиъна хилла и стаг.
Цуьнан дахар кхин дIа муха нисделла ца хаьа суна. Амма и хIума бакъ а долуш, хилла хIума ду.
* оцу "поэтан" бакъйолу цIе ца язъян юкъаяьккхина ю хIара цIе.
** кехатийн отделан заведующин бакъйолу цIе ца язъян юкъаяьккхина ю хIара цIе.