Бакъоларъяран Gulagu.net проект кхоьллинчу Осечкин Владимира ютьюб-каналехь кхин а керла видеотоьшаллаш зорбане даьхна, Саратоверчу набахтехь йолчу пехийн лзарийн дарбан цIийнехь чубоьхкинарш хьийзош гойту.
Осечкина чIагIдарехь, божаршна тIехь ницкъбечу акташкахь дакъалаьцна официалехь дарбан хIусамехь болх беш хиллачу санитараша а, завхозаша а, ткъа царна тIехь кураци лелош хилла кIоштан таIзар кхочушдаран федералан урхалла (УФСИН) а, Оьрсийчоьнан ФСИН-н директоран цхьахволу гIовс а. Видеона бухахь бакъоларъярхочо охьаязйина церан цIераш. Ерриг а 13 цIе ю билгалъяьккхина.
Тутмакхаш хьийзош дIаязйина видеош дIакхачош хилла туберкулезан лазартнен куьйгалле, цул тIаьхьа "къайле" аьллачу грифца файлаш ФСИН-е а, ФСБ а дIакхачош хилла, шаьш бинчу "лерринчу барамах" дIахоуьйтуш, боху Осечкина.
Цул тIаьхьа ФСИН-н а, ФСБ-н а оперативникаша вербовка еш хиллера цара бала хьегийтинчу тутмакхашна, агенташ санна царех пайдаоьцуш, нагахь санна, уьш дуьхьалбовлахь, дискредитаци еш хилла царна тутмакхашна юкъахь, уьш хьийзор даржор ду шаьш бохуш.
ГIадужу-баттахь бакъоларъяран Gulagu.net проектан куьйгалхочо, хьалхо Оьрсийчуьра дIавахначу Осечкин Владимира дIахьедира, оьрсийн набахтешкхаь Iазап латторах йоккха видеоархив кхаьчна шен кара аьлла. Хьалхо ФСИН-ца болх беш хиллачу программисто Савельев Сергейс кхачийнера иза цуьнга. Архиван цхьана декъана зорба туьйхира хаамийн гIирсашкахь, дIакхачийра Европерчу Iазапашна дуьхьалояран комитете а.
ЧIагIдо, оьрсийн къайлахчу сервисаша пайдаоьцуш хилла файлех компромат санна, тутмакхашна шантаж а еш, шайна оьшу цаьрга мукIарло а дойтуш.
Архив яьржинчул тIаьхьа Талламан комитето масех бехкзуламан гIуллакх диллира, шайгарчу даржех совбоьвлла меттигаш хиларца, ткъа Саратоверчу ФСИН-н куьйгалхо Федотов Алексей шен лаамехь балхара дIавелира.
Делахь а, тIаьхьо ФСБ-но а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а лехамашка велира Савельев Сергей, иза лаца а, цунна экстрадици ян а кехаташ вовшахтухуш ду шаьш аьлла, дIа а хьедеш.
Белхан къайле шеца йолу информаци нахала яьккхина цо, боху. Карарчу заманчохь Савельев Францехь ву, цигахь дийцаре деш ду, цунна политикан тховкIело яларх хаттар.