ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массо ханна дотацеш? Кадыровн режимна Iаткъам бийр буй санкциша


Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а
Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а, республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а

Оьрсийчоь тIамца Украине чугIортарна кхайкхийна санкциша саготта буьту Нохчийчуьра Iедалхой. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхеташонаш дIахьо оцу хьокъехь, тIедожадо бахархошна яа пайде йолчу ораматашца бошмаш дIаер, ткъа регионан экономикан кхиарехула волу министр волавелла мехашна "сихха тидам" бан. Эксперташ дийцина Кавказ.Реалиига Оьрсийчоьнан регионашлахь уггаре дотацеш хьежочех цхьаъ йолчу Нохчийчоьнан экономикех хиндолчух лаьцна.

Меттигерчу зорбанаша доьху бахархошка "сурсаташ кхачалуш ду", уьш чудохьучара сецаш ду, бохучу юьхьйоцу хаамашка ла ца дегIар. Делахь а, оцу дIасакхоьхьуьйтучу хаамашлахь ду Кадыров Рамзанан яа мега муьлхха а ораматаш дIаер хьоьхуш кхайкхамаш а, "вайна хIун хила далла ца хаьа" бохуш дуьйцу цу тIехь.

"ХIара юхь бен яц. Паччахьо боху массаьрга шайн бошмашкахь, латтанийн дакъошкахь орматаш дIае. Цхьа хIума яьсса ма йита, яалуш ерг муьлхха а дIайе. Тхуна ца хаьа хIара хьал муха доьрзур ду", - боху Нохчийчоьнан урхаллин куьйгалхочун гIовсас Усмаев Вахьида.

Кадыров Рамзанан иштта реакци къаьсташ ю хьалха хиллачарах. ХIинцалц регионан куьйгалхочо цавашарца комментариш йора Оьрсийчоьнна дуьхьала яьхначу а, шена дуьхьала яьхначу а санкцешна.

Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртичхьана Нохчийчуьрчу хьаькамаша вовше ца догIуш дIахьедарш дора республикера экономикан хьолах лаьцна.

Дуьххьара Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца хиллачу кхеташонехь правительстван хьалханчо Хучиев Муслима дIахьедира, санкцийн Iаткъам лаьтташехь, сурсатийн мехаш ца дистина ала мегар долуш ду. Цо бахарехь, иза Iедало дечу гIоьнца доьзна ду. Цо боху, санкцеш кхайкхийчахьана сурсатийн мах уггар дукха 1,5% тIекхетта.

ТIаьхьо ЧГТРК "Грозный" телеканалан эфирехь хаамбира мехаш дистина хилар, амма иза "бахархойн боьхна хьийзаро" хIоттийна хенаца доьзна хьал ду, элира цара. Пачхьалкхан телеканалан репортажехь йохк-эцархой бехкебира, цара шортта коьрта сурсаташ дIа а оьций, бух боцу мехаш хIиттош дIадохкарна. Кавказ.Реалиино къамел динчу Нохчийчуьрчу бахархоша дийцира Украинехь тIом баьллачул тIаьхьа цхьахъдолчу сурсатийн мехаш 1,5-за, йа 2-за дистина хилар.

Республикан урхаллехь 24 социалан мехалла йолу сурсатийн "мехаш сецорна хьажийна" барамаш дIакхайкхийра. Талламан жамIехь монополан дуьхьало латтон Федералан Урхаллехь дийцира шекаран, даьттан, даман а къоьлла гучуяларх лаьцна цхьацца меттигашкахь.

Регионийн социалан, экономикан и кхиамашкахула йолчу говзанчас, шен цIе йовзийта ца лиъначу профессоро Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, цхьана республикехь лелочу барамаша мехаш сецон аьтто бийра бац, - "эвсаре хила тарло йоллу Орьрсийчохь хIиттон барамаш".

Регион трансферташца ехаш ю, ехар йолуш а ю

"Санкциша Iаткъам бийр бу шеко йоцуш, амма Нохчийчоьнан бюджетехь хIумма а хийцалур дац – регион трансферташца ехаш ю, трансферташца ехар йолуш а ю. Инфляци хир ю, йоллу Оьрсийчохь санна, мехаш дестар ду, молханашца долу хьал кхин а чолхе хир ду, ерриг Оьрсийчохь санна. Иштта делахь а, бюджет дотацех юзуш ю - цунна хIумма а хир дац", - аьлла хета экспертана.

Нохчийчуьрчу бахархоша хIинца а дIа ца тесна шайн латтан декъашкахь тайп-тайпана ораматаш лелор, цундела Кадыровс бешахь кхачанна пайде ерг дIайе бохуш, тIедожор бух болуш ду, билгалдоккху къамелдечо. "Шен беш а лелош, сурсаташ эшар лагIдича бахархошна инфляцино кIезга зен до", - тIетоьхна эксперта.

Экономикан хьал тадархьама нохчийн Iедалхой мехкадаьттан сфера юхаметтахIоттон гIиртира. 2015 шарахь дуьйна мехкдаьтта шега даккхийта аьтто баккха жигара хьийза Кадыров Рамзан. "Чеченнефтехимпром" компанин активаш республикана схьаялар доьхуш президенте Путин Владимире ваьллера иза – церан долахо хилира Нохчийчоь 2018-чу шарахь.

Кадыровс билгадоккхура, мехкдаьтта даккхар Нохчийчохь "коьрта сфера хир ю". "Вайн аьтто хир бу мехкадаьтта даккха, завод йан, инвесторш карон а. ХIинцле а бала кхаьчна нах а, компанеш а йолуш ю", - билгалдаьккхира цо.

ТIаккха Iедалхоша дIахьедира, оцу гIуллакхан тIахьало ца хилар, Нохчийчоьнна хIора шарахь хьажон дотациш (375 млрд сом) мехкадаьттан сферах долучу ахчанца меттахIоттор – иза "туьйра ду" элира цара.

Экономистан, политологан Жаворонков Сергейна хетарехь, "регионаш-донорашца" юьстича, дотацех еха Нохчийчоьнна кхин башха чIогIа хаалур дац дехкарш: "Санкцеш арахьара бизнесна а, инвестицешна а зен до. И дерриг, вайна ма-хаъара, Нохчийчохь дац".

Мехаш сецор – иза уггаре вон гIулч ю, хила йиш йолучарна юккъехь

"Мехаш сецор – иза уггаре вон гIулч ю, хила йиш йолучарна юккъехь. Цо шеко йоцуш сурсатийн къоьлла хIоттор ю", - боху эксперта, иштта цо тIетуьйхира, еккъа цхьана республикехь хIитточу "мехаш сецоран барамийн" тIаьхьало йан а яц.

Эксперташа дуьйцучунна тIетов Кавказан къаьмнийн Ассамблейн президент Кутаев Руслан а.

"ТIаьхьалонаш хир ю Оьрсийчоьнан урхаллин бюджетан зен хилахь, ткъа Нохчийчоьнна хьежочу дотацийн барам лагIбан безахь. ХIинца долчу хьолаца оцу санкцеша цхьанне агIор Iаткъам бийра бац нохчийн бюджетана", - хета Кутаевна.

Амма оцо ларбийр бац Нохчийчуьра бахархой Оьрсийчохь беха наханна хуьлучу тIаьхьалонех: чIагIъелла ца лаьтта рынок а, сурсаташца а, молханашца а болу кхачамбацарш, банкан сферера дехкарш а, дагардо кхамелдечо.

Делахь а, йоллу Оьрсийчоьнан регионашлахь, Кутаевн хетарехь, иштта хьелаш уггара дика ловш йолу регион Кавказ хила мега.

"Географехь Iуьллу меттиго а аьтто бийр бу. Цул сов, дахарах тийсадаларан инстинкто а, чолхечу хьолехь дахар дIакхехьа хааро а аьтто бийр бу Кавказан къаьмнашна. Иштта схьадогIуш а ду иза тIаьххьарчу 400 шарахь. Шайтайпаналло а, дахаре болчу безамо а аьтто лора царна дахарах тийсадала, и къаьмнаш хIаллакхдархьама бечу Iаткъамна кIелахь шаьш лаьтташехь", - тIетуьйхира Кутаевс.

Дагестано и Нохчийчоьно хьалхара а, кхолгIа а меттигаш баьхна Оьрчийчоьнан регионашлахь федералан бюджете дотацеш хьежоран барамашкахь. Биллинчу хаамашца а догIуш, 2021-чу шарахь Дагестанна 77,5 млрд сом кхаьчна. Иза Оьрсийчоьнан регионашлахь уггар доккха терахь ду. Рейтинган шолгIачу меттехь Якутийн мохк бу (56 млрд), кхолгIа – Нохчийчоь 51,8 млрд соьмаца.

***

Зазадоккху-беттан 14-чу дийнахь ткъаесналгIа де-буьйса ду оьрсий Украинана чуогIоьртина. Оьрсийн тIемалоша гуо бина масех яккхийрачу Украинан гIаланашна, шайлахь Мариуполь, Чернигов а йолуш, амма уьш схьа ца яккхало цаьрга. Украинан арахьарчу гIуллакхийн министра бахарехь, Оьрсийчоь кIоштехь "референдум" хIоттон дагахь ю "Херсонан Къоман Республика" кхуллуш. Тийсадаларш а, кеманан тохарш а сацанза ду.

Оьрсийчоь шена дуьхьала санкцеш яьхначу мехкашлахь лидер ю аьлла Bloomberg хьостано. Дехкарийн барамашкахь махко тIаьхьакхоьсна ГIирма, Шема, Къилбаседа Корея а. Уггара дукха Оьрсийчоьнна дуьхьала санкциш яьхна Америко (I I94), Канадо (908), Швейцарино (824), Евроберто (766), Францино (760). Агенствано и дехкархш тардина "финансийн зарратан тIамца".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG