ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхошна ламазаш дай? Нохчийн Iеламчаша дуьйцу кадыровхошна бертаза ламазаш дайтарх


Соьлжа-ГIалара "Нохчийчоьнан дог" маьждиг
Соьлжа-ГIалара "Нохчийчоьнан дог" маьждиг

Зазадокху-беттан 21-чу буса Соьлжа-ГIаларчу доккхачу маьждигехь меттигера бахархой гулбеллера, Украинан дозанаш тIехь тIемаш бен кадыровхой "Iалашбайта, могуш-маьрша юхаберзийта" доIанаш дан. Цигахь цхьаьнакхетта ламазаш дан гулбеллачара дийцира, шаьш бертаза дигарх – мехкан кеп-кепарчу меттигашкара бюджетан белхахой вовшахбиттинера, ца дагIахь балхара дIадохур ду бохуш, кхерамаш а туьйсуш.

Кавказ.Реалиино хаьттира Нохчийчуьрчу динан дайшка, исламехь бертаза ламазаш дайтарх а, оккупацин эскарш доьхуш, дечу доIанех динехь муха кхетадо а.

ТахIаджуд ламаз – бусулбанаша буса ден ламаз ду. Иштта Деле дехар Iаламат деза лоруш ду. Дукха хьолахь ламазаш шен цIахь до – Нохчийчохь Зазадокху-беттан 21-чохь дина ламазаш-доIанаш тIаьххьарчу шерашкахь гина хIума дац.

Де билгалдоккхуш мессенджерашкахь хаамаш дIасакхоьхьуьйтура, пачхьалкхан хьукматашкахь а, урхаллашкахь а белхаш бечаьрга шайн кIошташкахь вовшахкхетар тIедожош, цигара дIа Соьлжа-ГIала кхаччалц машенаш яра цаьрга хьоьжуш.

"Куьйгалхой, (цIийндас, нанас, дас) ца могуьйту, йа кхин цхьа цаторийла йолу гIуллакхаш ду шайн, йа дIадуьйша деза бохучаьрга. Балхара дIадовлуш яздай кехат охьадилла, тIаккха цIа гIо", - аьлла ду баржийначу хаамехь яздина (авторан орфографи а, пунктуаци а ма-ярра йитина. – Редакцин билгалдаккхар.).

ГIалин юккъе балийна нах тIех дукха хилира- царех цхьа дакъа маьждига чу а ца тарбелира. Мехкан цхьаболчу бахархоша латкъамаш бира, тахIаджуд арахь дан дийзира шайн бохуш.

"Тхо маьждига чу а ца дитира. Божарий бара чохь ламазаш деш, тхо, зударий, милла арахь лаьттира, минус кхоъ градусехь, маьждига хьалха", - латкъамбира цхьахцйолчу Кавказ.Реалиица къамел динчо.

Зазадокху-беттан 21-чу буса Соьлжа-ГIаларчу маьждигна хьалха лаьтта зударий
Зазадокху-беттан 21-чу буса Соьлжа-ГIаларчу маьждигна хьалха лаьтта зударий

ШолгIачу дийнахь меттигерчу телеканалан инстаграмерчу аккаунтехь видео гучуелира, цхьаьнакхетта ламазаш деш. Маьждиган шолгIачу гIат тIехь (зударшна лерина ю иза) кхечу нахана юкъахь ламаз деш, КъорIан доьшуш бара Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоьIарий а, кхин болу гергара нах а.

Нохчийчоьнан Динан урхаллин пресс-гIуллакххоша хаамбира Кавказ.Реалиига, нах вовшахбетташ ламазаш дар махкахь кест-кеста хир долуш ду, "Дала пурба лахь" аьлла. Маьждигехь муьлхачу сферийн векалш бара вовшахкетта аьллачу а, кхин а цхьа могIа кхечу хеттаршна а жоьпаш дала урхаллехь реза ца хилира, телеграм-каналехь лаха аьлла. Оцу кепара информаци цигахь зорбане яьккхина яцара.

Шинарин дийнахь, Зазадокху-беттан 22-чохь, Кадыров Рамзана нохчийн маттахь бина кхайкхам зорбане баьккхира, Украинехь боьдучу тIамехь дакъалацар хIора бусулбачу стеган декхар ду, хIунда аьлча, мостагIчо "сийсазво АллахI а, дин а, пайхамар а". Оцу тIамехь кхалхар, цо чIагIдарехь, "иштта деза хир ду, Мохьмад пайхамаран агIончийн а санна".

Республикан бахархой буьйсанна дечу ламазашка кхайкхинера Кадыровс 1:30 хан яьллачу заманчохь, Украинехь тIемаш бечу махкахошна аьтто боьхуш. Цунна хетарехь, оцу кепарчу хаамо, дог иркарахIоттийнера тIемалойн, цара шаьш бохура– вайн доIанаш бахьана долуш дийна дуьсу шаьш, чевнаш ца еш, Дала лардеш" бохура.

"Динан хьожа а яц оцу тIамехь"

Францерчу Ницца гIаларчу маьждиган имамо Магомадов Рамзана (Басхан) дийцира Кавказ.Реалиига, исламан бухерчу принципашца догIуш хила деза ламаз, царна юкъахь ду – мехкаш дIалоьцу тIемаш дехкар.

Магамадов Рамзан (Басхан)
Магамадов Рамзан (Басхан)

"Дозанаш дIадахар ду иза Оьрсийчоьно рогIера долийна. Хьанна ламазаш дан деза вай? МостагIашний? "Криминал" лелочу нехан аьтто боьхуший? Вайн декхар ду, Деле доьхур а ду, вай нийсачу новкъа дахар, Путинан а, ФСБ-н а, Оьрсийчоьнан а некъа тIе а ца дохуш.

Украинехь беха нохчий декхаре ду тIом бан, "арахьарчу агрессина дуьхьал латтон керстаца цхьана могIарехь" аьлла, хета Iеламчана. Кхечу мехкашкахь бехачу нохчашна маггане а мегар дац элира цо Украине тIаме баха.

"Оьрсийчохь вехачу бусулбачунна набахте гIоле ю, мехкаш дIадохучу тIемашка, бала боьлхучул а. Вай къасто беза цига баханарш: Iехийнарш бу цигахь, нуьцкъаша бахийтинарш бу, кхерамаш тийсина бахнарш а, галбевлла арабевлларш а. ХIуъа делахь а, машар ларбарехьа, маршонехьа доIанаш дан деза бусулбанаша, хIара деха ца деза", - аьлла Магомадовс.

Бусулбачун доIанца коьртаниг ду иза даггара хилар, цуьнан Iалашо, дуьйцу, шен цIе къайлаяьхьначу Iеламчас, Нохчийчуьрчу Курчалойн-кIоштарчу гIуллакхадархочо. Шен лаамца деш дацахь бусулбачо ламаз, бертаза дойтуш хилахь муххале а, "оцу кепара доIанаш Дала тIеоьцур дац", - боху къамел дечо.

"Нуьцкъаша аьтто боьхуьйтийла дац, тIемалошна [аьтто] дуьйцур дац. Жоп доцуш дуьсур долу доIанаш ду уьш. Нагахь санна, нах хьийзораш боьхуш, церан аьтто боьхуш наха доIа дахь а, Далла гергахь жоп дала дезар ду церан", - боху къамелдечо.

Цо бахарехь, и стаг ша дуьхьал а волуш, цуьнга ламаз дойтийла яц, хIунда аьлча, "доIа хезаш деш ца хуьлу, цхьанна а хуийла дац, цо хIун доьху"..

Iазап латторна а, харцонна а, стаг хьийзорна а дуьхьал ду дин

Оккупацин бухахь хьийзочу керстанехьа бусулбанаша деха мегаш ду аьлла хета Францехь вехачу кхечу Iеламчана.

"Iазап латторна а, харцонна а, нах хьийзорна а дуьхьал ду ислам. ДоIа – дехар ду, нагахь санна, доьхуш верг даггара лелаш вацахь, цуьнан доIа маьIне дац, и дIа а ца кхочу. Исламехь дуй баар а маьIне дац, нагахь санна нуьцкъаша иза тIехIоттийнехь. Далла дикох хаьа", - боху къамел дечо.

Нагахь санна, бусулбачун гергарчарна хууш делахь, шен гергара стаг оккупацин тIамехь шен лаамехь воцийла, тIаккха нийса хир ду, бехкбоцу нах байарх иза Деле ларвар дехар, аьлла хета Iеламчана.

Кавказ.Реалиица къамел динарш дуьхьал хилира оккупацин тIамехь беллачу бусулбанех а, динехь цаьргарчу хьолах а хеттаршна жоьпаш дала.

Кху деношкахь машанехь яржийра, республикера шайн лаамехь Украине боьлхучех видео – оцу тIехь хеза уьш новкъабохучу зударийн белхар. Го бинчу меттигна дехьа бу уьш, царна хьалха герзашца нах бу. Кадыров Рамзанан критикаша чIагIдо, меттигерчу бахархошка бертаза дакъалоцуьйтуш ду тIамехь, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, шаьш тIаьхьадевллачу нахе а цхьаьна.

Зазадокху-беттан 24-чохь нийса бутт кхечи Оьрсийчоь Украинана тIелетта. Бучин администрацино хаамбо, цигахь долу Оьрсийчоьнан эскарш юкъадерзорхьама ВСУ-но операци йолорах. ООН-н хаамашца, Украинехь 953 маьрша вахархо вийна, 1557 стагана чевнаш йина. 3,5 миллион ву мухIажир ваьлларг, ткъа мухIажарийн а, кхалхархойн дуьззина терахь ду Украинан бахархойн доьалгIа дакъа гергга.

Кавказ.Реалиино денна зорбане доху Къилбаседа Кавказера а, Къилбан федералан гонашкарчу республикашкара а беллачу тIемалойх тептар. Карарчу хенахь хууш ду веллачу 199 бIаьхочух церан цIераш Iедалхоша официалехь тIечIагIйина ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG