Бакъоларъярхочун, журналистан Эстемирова Натальин йоIа – 2009-чу шарахь иза йерца дуьненаюкъара резонанс хилира, иза йейтинчарна хIинца а таIзар данза ду - Эстемирова Лана Лондонехь ехаш ю. Бер дара иза Нохчийчохь тIом баьллачу хенахь, цундела Бучехь а, Мариуполехь а хилла эрчо, тIемашна эзар километрашкахь иза гена йоллушехь, хаало цунна.
Ши тIом бустучу Ланина хета: хIетахь, 1990-гIа шо довш, Малхбузенан реакци цахиларо а, Оьрсийчоьнан бахархой тапъаьлла Iарца а куьйгаш даьстира Путин Владимиран. Оьрсийн инарлашна езаелла тактика хийцаелла яц иттанаш шераш дIадевлча а - синош ца кхоор. Йа шайн салтийн а, йа мостагIчун а, йа маьршачу нехан а.
Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Эстемирова Ланас дуьйцу Украинехь кадыровцаш муха тIеоьцу а, Кремльна шайн Нюрнберг тIекхочур юй а.
– ТIом болабаларх хиъча, уггар а хьалха хьуна хеттарг?
– Чиллан-беттан 24-чу буса стенна дара а ца хаьа, наб яйнера сан, Iуьйранна пхи сахьт даьлча телефон чу хьаьжча, керла хаам гира суна. Дуьххьарлера реакци яра сан дегIана ницкъбеш – хIинцца Iеттайо-кх со аьлла, хийтира. Шок яра иза, оьгIазло а, глобалан трагеди ю-кх аьлла хетар а. Вайн массеран а цунна дуьхьалдовла ницкъ ца кхачаран ойла а. Сайн эгIазалла а.
– Бераллехь хьуна тIом гина. Уггар къегина цунах лаьцна хьуна дагахь бисина дагалецам? Ахь лайначух дийца йиш йолу сурт?
– Охьааьтта гIишлош йоцург а, коьрте оьху блокпосташ. Федералаш чохь Iаш хилла кегий тIеман базаш. Йоллу Соьлжа-ГIала, боллу мохк а санна, юьзнера автоматашца болчу салтех, айса нене хеттар: даим оцу базашкахь, блокпосташкахь стенна лечкъа федералаш, урамашкахь буьйлабелла а ца лелаш? Уьш автоматашца ма бу, ткъа вайгахь герз дац.
Цецъйолура оцу хьолан абсурде хиларх: герзех боьттина боллушехь оьрсий тхох кхоьруш санна. ДагадогIу, цхьаъ хаа лууш санна, оцу къоначу салташка сайн хьежар, гуттар а хьажар идадора цара.
– Украинера суьрташ а, видео а хьан Нохчийчоьнах болчу дагалецамашца догIуш дуй?
– ТIеман хьалхарчу деношкахь хала дара тIекхиа, мичахь ду хилларг, муьлха ду тахана дерг. Дуккхаъчара дустархьама йоьхначу Соьлжа-ГIалин суьрташ дохкура. Масех кIира даьллачул тIаьхьа аьтто хилира и ши тIом буста. Уггар а цецйоккхург, масех дийнахь кхечу пачхьалкхана оццул зен дан, эрчо гайта таро хилар эскаран. Бехкбоцу мел дуккха а нах байъа йиш ю. Оцу бохаман масштабо баккъал а Iадаво.
– Нохчийчохь динчу зуламех жоп делла дац хIинца а Кремло. Тахана Украинана тIелатаран цхьахдолчу бахьанех дуй таIзар доцуш дисар?
– Ша куьйгаллехь волчу массо а шерашкахь пачхьалкха чохь ша лелочу зуламех Малхбузена хетачуьнан тесташ йина ца Iаш, Путин Владимира Оьрсийчоьнан юкъараллана хетарг а цхьана зуьйра. Нохчийчохь дина зуламаш таIзар доцуш дисаро дукхачу хIуманашна тIехь куьйгаш даьстира цуьнан, Гуьржийчу гIорта а, ГIирмина аннекси ян а, Украинана тIелата а, кхин дIа дан а. ХIоразза а юха а хьоьжуш дора и Путина – Малхбузенера шога реакци хир юй-те, бохуш. ХIун дийр ду-те Оьрсийчоьнан бахархоша?
Хаьа, украинхоша оццул дуьхьало йийр ю ца моьттура Путинна. Вукху агIор аьлча, цунна ца хетара, шаьш саготта хилар дIа а хьедина, пIелг а ластийна ца Iаш, цхьа баккъал а гIулчаш йохур юйла: санкцеш дуьхьалъяьхна, Украинана герз латтор дуйла.
– Бучана а, Мариупольна а тIехула кхел хир ю аьлла, мел дегайовхо ю, СемаIашкахь а, Керла Алдыхь а динчунна таIзар дина ца хилча?
– Нагахь санна, Путин а, и тIом мел боллийнарш а кхела хьалха хIитточу далахь, цара жоп лур ду СемаIашкех а, Котар-Юьртах а, Соьлжа-ГIалех а. Мел байинчу оппозиционерех а. Сан нана ерах а. Бакъоларъярхой, юристаш, бозуш боцчу журналисташа а шерашкахь дукха лерина гулдина оцу зуламийн тоьшаллаш. Путин а, цуьнан го а бехкехилар тIечIагIден файлаш дукха ду, царех лам боттал. Со тешна ю, цкъа мацца а Кремлан оцу шайкано шаьш лелийначу зуламех жоп лур ду аьлла.
– 1990-чу а, 2000-чу шерийн юьххьехь а оьрсийн журналисташ а, бакъоларъярхой а маьршша боьлхура тIемаш бечу меттигашка, дуьйцура, федералаша лелочу зуламех а цхьана. Тхана Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсех пропагандин цхьа дакъа хилла. Хьуна хетарехь, хIунда хилла иштта? ХIун хийцаделла адамашлахь? Йа царна бакъдерг эша а ца оьшу?
– ХIетахь а хьал тайп-тайпана дара. ШолгIа тIом боьдучу заманчохь журналисташна, къаьсттина бозуш боцчарна, хала дара Нохчийчу кхача. Масала, Политковская Аннина. Дагадоуьйту, хьалхара тIом болуш а бара, тIеман министраллица юкъарлонаш лелош, хуьлучух шайна бIегIийла йолу верси хьалхайоккху пропагандисташ. Амма хIетахь Оьрсийчохь телехьожийла йозуш йоцуш йисира.
Империна марзъелла тактика ю иза – дуьххьара массо а цIийх вузий, тIаккха кегийчу къаьмнашна тIе бехкаш дохкуш
Тахана пачхьалкхехь хуьлург, - Путина леррина цхьана Iалашонца ткъех шерашкахь лелочу политикан жамI ду. Маьршачу прессица а, дешан маршонца а йист яьккхина цо. ХIинца вайна го, пачхьалкхан телеканалаша зомбеш бина, церан риторика юхаюьйцу бахархой. Цхьаболчу оьрсашца къамел деш, хета, хIара хьерабевллачийн пачхьалкх ю аьлла. Цо Iадаво баккъал а.
Амма Оьрсийчоьнан бахархой хIинца къизачу экстазехь бу. Дуккхаъболчарна хала ду, хьан пачхьалкх фашисташ санна лелаш хилар, бехк боцу нах цо бойъуш хилар тIелаца а, бакъдан а. Шайн сица кхета уьш цунах, амма корта гIамарла буллу. Бакъдерг аьлча, со билггал кхерайо пачхьалкхехь адамалла цахиларо. ХIокху доллу шерашкахь Оьрсийчоьнан бахархойн альтернативе хаамийн хьасташ ма яра, цундела олийла дац, царна бакъдерг хууш дацара. Церан харжам бара. Нохчий санна, автоматашна бухахь уьш бехаш цахиларна.
– ХIаъ, нохчех а, автомтийн чIижаргIех а. ХIокху тIеман коьртачех ньюсмейкер стенна вина Кремло Кадыровх?
– Кадыровн а, Путинан а герггара юкъаметтигаш ю, Кадыров дIахIоьттичхьана ю уьш иштта. Украинехь тIом болийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна Кадыров шен боллу ницкъаца дIагайта гIерта, шен са а кхоор доцу, Путинан коьрта "гIашсалти" ша хилар.
Тахана хаамаш кхочу, Украинерчу дуккхаъчу эвлашкахь кадыровхой хилла, цара харцонаш лелийна, зударий хьийзийна, бохуш. Кхечу агIор аьлча, дерриг а нохчашна а, буряташна а, дагестанхошна а тIедилла гIертар го суна. Империна марзъелла тактика ю иза – дуьххьара массо а цIийх вузий, тIаккха кегийчу къаьмнашна тIе бехкаш дохкуш. Нагахь санна, тIом церан планаца ца бодахь, тахана вайна гуш а ду, нохчий а, буряташ а бехке а болуш, боьрзур бу. Амма цара тIемаш бо Оьрсийчоьнан эскаран салташа санна, Украина ерриг дIахьакха гIерташ санна.
ЧIогIа коьрта ду, тIаьххьара а массо а жоьпе озор, муьлххачу динах, къомах белахь а. Дукхахболчу сан махкахоша кхайкхамаш бо, кадыровхой а, нохчий а къастош хила, кадыровца- нохчий бац, бохуш. Амма ишта дац и. Халахеташ делахь а, кадыровцаш а бу нохчий, нохчашлахь а бу нах бойъурш а, ницкъбийраш а.
– Украинхоша кхайкхамаш бо Оьрсийчоьнан бахархошка, урамашка довла бохуш. Уьш лоьцу, царна гIуданаш детта, амма хийцалуш хIумма а дац. Оцу тIамна дуьхьал болчу пачхьалкхехь бехачу наха хIун дича бакъахьа дара?
– Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал бевлларш бахархойн кIезиг процент ю. Дуьхьалболчийн доккхахадолу дакъа кхоьру, массарна а хезаш, шаьш дуьхьал хиларх дIахьедан. Уьш вовшахкхета а ца буьйлалахь, миллионашкахь резабоцурш урамашка а ца бовлахь, диктатура кхин дIа а латтор ю.
Дукхахболчу сан махкахоша кхайкхамаш бо, кадыровхой а, нохчий а къастош хила, кадыровца- нохчий бац, бохуш. Амма ишта дац и
Дуккха а хьакъ болу, шайн дахар бакъдерг лоьхуш дIадаьхьна нах бевза суна, пачхьалкхера хьал хийца гIиртира уьш. Сан боккха ларам бу цаьргахьа. Амма ца теша со, и кIезиг долу адамаш тоаме хир ду хьал хийца аьлча. Бакъйолчу журналисто, бакъоларъярхочо Деременчук Сашас гайтина масал товш ду суна: Оьрсийчоьнан бахархоша дуьхьалонан акцешкахь жигархой дIалехьочу полицига "дIахеца" бохуш, маьхьарий деттачу юкъанна, украинхоша тIекIалйохура автозакаш, шайн агIончаш цу чуьра схьа а бохий, юха а майдане схьабогIура. Оцу тIехь коьртера башхалла ю къаьмнашна юккъехь. Украинхой – уьш оьрсий бу бохуш, дуьйцу къамелаш - пропагандан аьшпаш бу.
– Йоллу Малхбалено тергамза дитира 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь федералаша лелийна зуламаш. Ткъа Украинерчу тIеман ен терго мел а адеквате а, каде а юй, хьуна хетарехь?
– Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Малхбузен Iаламат прагматике хьежам бара Оьрсийчоьне – кхузахь бизнес йоло лаьара, уьйраш дIатийса. Соьлжа-ГIалина йиттина бомбанаш товш доцу таммагIа дара демократин Оьрсийчоьнан васта тIехь, Блэр Тони (1997-2007-чу шерашкахь Британин премьер-министр. –Ред.билгалдаккхар) санна болчу Малхбузен политикаша дIахьедора, иза чоьхьара конфликт ю, и ца гуш санна Iан лиира. ЦIийх вуьзна хаспдийриг санна лелаш, Нохчийчохь бехк боцу эзарнаш нах а бойъучу хенахь Оьрсийчоь юхатоьхна яцара.
Оьрсийчоьнан агрессин керла масалш а – Гуьржийчохь, Шемахь, аннекси йинчу ГIирмехь, Украинан къилба-малхбалехь болийна тIом- ца хийтира Малхбузена триггер. Амма эхь доцуш, баккхийчу барамашкахь Украинана динчу тIелатаро Iадийра Малхбузе. ХIунда аьлча, Украина – цхьа юьстах йолу Нохчийчоь яц, Малхбузен Европан центр ю, баккъал а кхерам бара Евросоюзна а, НАТО-н пачхаьлкхашна а. Цхьанна а ца лаьа оьрсийн эткана буха нисвала, йа зарратан тохарца хIаллакхила.
Суна хетарехь, Оьрсийчоьнна дуьхьаъяьхна санкцеш тIеэцар гIиллакхца доьзна ца Iаш, прагаматикан кхетамца а цхьана дуьхьал йохуш ю. Ур-атталла яккхий корпорацеш а, йохка-эцаран машанаш а цхьана ю Оьрсийчуьра дIаоьхуш, оцу некъашца тIом сацон, машар кIелхьарбаккха лаамца.
– Стенца вовшийн къаьсташ бу хIара ши тIом? Стенца терабогIу?
– Дуьйцур дац ас тактикех а, арахьарчу политикан а, кхечу хиламашца а, билгалдоккхур ду уггар коьрта цхьанадогIург – оьрсийн инарлаша, нах буучу наха санна, синош ца кхоадо. Йа шайн салтийн а, йа мостагIчун а, йа маьршачу нехан а. Царна езаелла кеп ю – шайн салтий жижиг охьучу машена чу кхийсар, церан бала дIа бац цаьрца. Нохчийчохь а ма-хиллара, тахана вайна гуш ду дарбан хIусамашна а, роддомашна а, школашна а, бахархойн инсфраструктурашна а тIейетта бомбанаш.
Ша ма-ярра сийсазалла ю иза, оьрсийн эскаран а, Iедалхойн а modus operandi (лат. – хIума даран кеп. – Редакцин билгалдаккхар.) ю иза.
– Тахана дуккха а дуьйцу, арахьарчу кхерамна дуьхьал вовшахкхетаро адаман цхьа барт бо, иштта кхоллалуш ду къам. Изза го вайна Украинехь а. Москваца хиллачу шина тIамо нохчий хIунда ца туьйхира вовшах?
– И тIемаш боьлхучу юкъанна нохчий чекхбевлла чов дуьхьалхӀоттайойла ду 1994-чу шарахь хиллачу депортацина. Нохчий кагбина, вовшахбаьхна, бIеннашкахь эзарнаш нохчийн Европехь Iен дийзира, амма сатуьйсу цIа бахаре. Ткъа республикехь бисинарш, кхерийна бу.
Кадыровн гIоьнца Кремло Нохчийчоьнна тIехь динарг – иза, шен лаамехь лела "паччахь" ма вац, Оьрсийчоьнан империализман тайниг ю, - садистийн политикан эксперимент ю хIара. Даим а кхоьруш хан йоккху наха, шайх кхийрина ца Iаш, шайн гергарчех, йижарий, наной лачкъа а бина, хьийзон тарло, дайшна а, вежаршна а тоьпаш тоха. Хууш яц со, и дерриг а лайначул тIаьхьа метта муха вогIур ву.
Путинан а, Кадыровн а режимаш эгар ю. Тхо, нохчий, тхешан чалтачашца тхаьш дуьсур ду. Царех цхьаберш Кадыровна ялхолла лело бахна, хIунда аьлча, болх бацара, атта карадеана ахча а, еза машенаш а оьшура. Амма церан жоп дала дезар ду царех. Вайн массеран а кибарчиг кибарчига тIе а юьллуш, юкъараллин цхьаалла кхолла дезар ду. Со теша, нохчий ларор бу цуьнца. Махках дахар а, империн хиллачу тIемийн къизаллаш а лайча, хIара а ловр ду. Дахар гуттар а тоьла.
***
ДIайохийначу Бакъоларъяран "Мемориал" центран Соьлжа-ГIаларчу офисан белхало яра Эстемирова Наталья. 2009-чу шеран Товбеца-баттахь Соьлжа-ГIаларчу шен цIенна хьалхара лачкъийна, йигира иза, тIаьхьо цуьнан дакъа схьакарийра ГIалгIайчохь герзан чевнийн ларашца. Оьрсийчоьнан талламо цIе яьккхира Эстемирова йийнарг гIаттамхо Башаев Алхазур ву аьлла, тIаьхьо вийра иза. Бакъоларъярхоша чIагIдо, гIуллакх кхачам боллуш теллина дац бохуш.