ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дастамаллица къийсам латтон Комитет" кхолла дагахь бу Нохчийчохь – цо боьхкур бу "хьакъ доцу" артисташ


Buzova
Buzova

Нохчийчохь "Дастамаллица къийсам латтон Комитет" кхолла Iалашо ю, цуьнан карахь хир ду, Къилбаседа Кавказехь муьлхачу иллиалархошна магор ду болх бан.

"Тхан хIусам – Соьлжа-ГIала" цIе йолчу юкъараллин организацин куьйгалхочо Гучигов Сайпуддис хаам барехь, бихкинчу артисташлахь хир ву Панин Алексей, Киркоров Филипп, Бузова Ольга, Моисеев Борис, Шура, Шнуров Сергей, Джигурда, Солнцев Гоген, иштта "божарийн, зударийн вовшашца йолчу юкъаметтигашна пропаганда йен телеканалаш а".

"Вайн экранашкахула дастамалла яржош цхьа тенденци ю. Къоначу тIаьхьенна вон Iаткъам бен и боьха нах бахьана долуш, вайна гуш бац, йоккхачу сцени тIе бовла гIерта, билггал похIма долу нах. Оцу ешапашца тIемаш бан а, йа Линчан кхелаш йелла а тхуна ца лаьа. Тхайн кегийрхой оьзда кхио лаьа тхуна", - аьллачу Гучиговн дешнаш далийна "Комсомольская правда" газето.

Цо бахарехь, нагахь санна, президентан Къилбаседа Кавказехула волу векал тIетахь, оцу комитета юкъабалор бу православин а, бусулба а гIуллакхдархой, жигархой. Гучиговн дегайовхо ю, оцу комиссин зеделларг Оьрсийчоьнан йисинчу регионашкахь а даьржар ду аьлла.

Кху деношкахь Ставрополан кIоштахь Киркоров Филиппан хила еза ши концерт юкъахъяьккхира. ГIишлон долахочо и сацам буьйзира "Оьрсийчоьнан культурин рекомендацица" а, Пятигорскан администрацин, бахархойн дехарца а, иштта "РПЦ-на хетачуьнца" а. Реза цахиларан бахьана хIоьттина артистан цхьахйолу номер, илли дIаолучу заманчохь Киркоровс жIарана тIе а хIуттий, цигара дIаолу «Мария Магдалена» иллин цхьа дакъа.

ХIетахь Iедална муьтIахь йолчу "Тхан хIусам – Соьлжа-ГIала" боламан хьалханчас Гучигов Сайпуддис дIахьедира Mash телеграм-канале, Киркоровн илли алар "христианийн символна тIехь" кхардар ду аьлла.

Russia Today телеканалан директор Симоньян Маргарита Пугачева Аллех а, цуьнан хIусамдех Галкин Максимах а лаьцна критика еш йистхиллачул тIаьхьа, цаьргахьа ша гIо даккхарца дузу артисто концерташ цахилийтар.

Лакхахь "бихкинчийн" тептарехь волчу масех артисто хьалхо дуьйцура, доттагIаллин уьйраш хиларх шайн Нохчийчоьнан урхаллица. Доккхачу декъана, 2017-чу шарахь Кадыров Рамзанан йоккхаха йолчу йоьIан Кадырова Iайшатан модин гайтаме а, цо юкъадаьккхинчу IатIарна презентацин бараме а еара иллиалархо Бузова Ольга. 2018-чу шарахь юха а кхечира иза Нохчийчу, мехкан куьйгалхо винчу денца декъалван.

Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан гергарнаш а - мехкан некъан инспекцин буьйранча Черхигов Идрис, кхиберш а Бузова Ольгас шен инстаграм-аккаунтехь машен къовсучу рекламе баьхнера. Къовсамехь дакъалоцучеран язбала дезара церан аккаунташка, сийначу басахь йолу BMW автомобиль яккхархьама. Мел мах белла Нохчийчоьнан Iедалхоша, Бузова Ольгин аккаунтехула шайн аккаунташ дебориг, хууш дац. Амма 2019-чу шарахь, хаамийн гIирсаша бахарехь, и санначу рекламин цхьана постах Бузовас доьхуш хилла лаххара а 500 эзар сом.

Цул хьалхо Оьрсийчохь вевзачу рэпера Моргенштерна дийцира, Кадыровн доьзало социалан машанашкарчу аккаунташка нах лехьабечу барамашкахь дакъалоьцуш хиларх. Нах шайн аккаунташка язбала кхайкхийта луучо дара охьадуьллуш 400 эзар сом. Оцу цхьана барамехь КадыровгIара делира реклама кхайкхийначу аккаунтан дена масех миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG